Украинан ТIеман ницкъех дIакхетаре а, оьрсийн чугIортарна дуьхьало а йеш, шайн йозуш цахилар къийсаре кхайкхина Нохчийчуьра а, ГIербарта-Балкхаройчуьра а жигархоша шайн махкахой. Киевехь оцу кхайкхамашна комментари ца йо, дуккха хан йоцуш кхоьллина йолчу "Гражданский совет" боламан ресурсашкахь арахецна бу хаам.
Музаев Сайхан вистхилла нохчашка, хьалхо зорбанашкахь вуьйцура и 2019-чу шарахь Берлинехь вийначу Ичкерин аренан буьйранчан хилла волчу Хангошвили Зеламхан доттагI а, Гуьржийчуьра мухIажар а санна.
"ТIом бирзича тхан коьрта бехкам бу къаьмнийн харжамбан бакъо хилийта, шаьш шайна куьйгалла дан бакъо хилийта. Тхо, нохчий, йозуш йоцчу, таханлерчу дийнан, кхуьуш йолчу Ичкеригахьа ду. И хилийта дуьххьара вайна эвсаре тIеман ницкъаш оьшу… Украинехь хIинца Ичкерин къоман эскар кхуллуш ду ", - дIахьедина Музаевс.
"Хасэ" олучу юкъараллин боламан куьйгалхо санна вевзаш волу Яганов ИбрахIим вистхилла чергзашка. ГIебарта-Балкхарайчоьнан Талламан комитетан урхалло кху шарахь жигархочунна дуьхьал бехкмакхаман гIуллакх долийра, гуш-хезаш терроризм къобалйарна бехкевора и. Нохчийчоьнан дозанаш къуьйсучу муьрехь ГIалгIайчохь дуьхьалонан акцешкахь болчу бахархошкхьа вара иза.
"Чергзийн лаамхойн тоба кхолларе кхойкху ас. Маьршачу Чергзийчоьнан хила безаш болчу тIеман ницкъийн бух хир бу иза", - дIахьедина Ягановс. Цо иштта билгалдаьккхина, "къаьмнийн харжамбан бакъо хилар", Оьрсийчоьнан президентан Iедал эшийначул тIаьхьа "чергзийн, нохчийн, бурятхойн, оьрсийн коьрта Iалашо йу и" аьлла цо.
"Маьршачу Чергзийчоьнан" векал санна Ягановс чIагIдо, Украинан ТIеман ницкъаша гIо а латтош, "мобилизацин центр" кхоьллина. Iамораш чекхдаха мега цигахь, "вайн бераш маьрша нах байъа, Iожална кIел а кхуьйсуш йолчу ражца къийсам латториг хила йиш йу" аьлла цо. ВСУ-н официалерчу сайтехь "мобилизацин центрах" лаьцна хаамаш бац.
Керла лаамхойн батальонаш кхолларан платформа, Музаевс, Ягановс бахарехь, "Гражданский совет" йу. Оцу цхьанатохараллин цIарх бистхуьлучех ву Free Russia Foundation-н эксперт Соколов Денис (Оьрсийчоьхь "ца оьшу" организаци лаьрра йу и). "Гражданский совет" цхьанатохаран секретара Сергеева Анастасияс "Холод" гIирсана йеллачу интервьюхь дийцинера, организацина латтош долу ахча сагIийна луш ду наха шайн лаамехь. "Амма тхуна гIо муха латтадо гуш-хезаш дийца со хIуттур йац", - тIетоьхна Сергеевас.
- Украинан агIо лаьцна тIомбеш Нохчийчн республика Ичкерин агIончех лаьтташ йолу масех лаамхойн тIеман тобанаш йу, царах цхьайолу тобанаш официалехь Украинан эскаршна юкъайогIуш йу.
- ГIадужу-баттахь Украинан Лаккхарчу радо Нохчийн республика Ичкерина Оьрсийчоьно оккупаци йина хилар а, нохчийн къоманна геноцид йар а тIелоцуш сацамбина.
- ТIаьхьо Украинехь дагестанхойн лаамхойн тоба кхолларх дIахьедира, цуьнан буьйранча республика Оьрсийчоьнах дIахадорехьа вистхилира.