ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогерийн гIуллакхехула тешашка куьйгашъяздайтина шаьш кечдинчу кехаташна


ГIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевечу шина вешин Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакхехула тешаш болчара дIахьедина, материалех дIатоьхна кийтарлонаш шаьшиммо йина яц, талламхочо деллачу кехаташна куьйгаш яздайтира шайга аьлла. Дахначу кхаарин дийнахь кхелан кхеташонехь дина цара оцу кепара дIахьедар.

The Insider (Оьрсийчохь СМИ-арахьара агент лерина, амма интернет-гIирс цунна реза ца хилла) ресурсан информацица, и тешаш - талламан барамашкахь Сальмурзаев фамили йолчуьнца юкъабалийна хилла тешхIоттийнарш бу. Талламан версица, цуьнгахула дIабелла Магамадовс а, Исаевс а тIемалошна сурсаташ чохь йолу тIоьрмиг.

Тешаша аьлла кхелехь, оцу талламан барамашкахь бехкебийраш бара аьлла, амма адвокаташа тергойина ша цхьа Сальмурзаев бен цигахь хила везаш цахиларна. ТIаккха къаьстина ду, полицин декъехь итт минот ца кхоччуш хан яьккхина, билггал хьалххе кечдина хиллачу кехаташна тешаш хIиттийначара куьйгаш яздинийла.

  • 20 шо долу Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а ши ваша ву. Дуьххьара лецира и шиъ 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.
  • Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь юха а лаьцна, Нохчийчу дIавигира Исаев а, Магамадов а. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн карахь хиларх.
  • Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а бехке вира низамашца йоцучу тIеман тобанна гIо дарна. Нохчийчурчу "Грозный" телеканахула вистхуьлуш Кадыров Рамзанан гIоьнчо Дудаев Ахьмада дIахьедира, лаьцна волчу шимма "гIо дина Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-хь вийна волчу Бютукаев Асланан терроран тобанна юкъахь волчу низамца йогIуш йоцучу тобанан декаъшхочунна Борчишвили Рустамана" аьлла.
  • Марсхьокху-беттахь вежарша дIахьедира, шаьшинна еттарх, бехк тIелаца бохуш. Амма Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йира, "шаьшшинна ницкъ бина, бохуш латкъамаш а беш, Магомадов а, Исаев а шайн гIуллакх Оьрсийчоьнан кхечу субъекте дехьадаккхийта гIерташ ву, Къилбаседа Кавказана юкъайогIуш йоцчу кхечу регионе дехьаваккхийта дагахь, шаьшшинан ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш" аьлла.
  • "Мемориал" бакъонашларъяран центро (арахьара агентийн реестрна юкъахь ю иза, организаци реза ца хилла цунна) политикан тутмакхаш лерина Магомадов Салехь а, Исаев ИсмаьIил а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG