ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн диаспорера студент бехкевина Францехь теракт ян гIортарна


Францера полисхо
Францера полисхо

Парижера берийн гIуллакхашкахула йолчу кхелехь листа долор ду, 2018-чу шарахь шен 16 шо долуш лаьцначу Нохчийчуьра вахархочун гIуллакх. Меттигерчу колледжан дешархо, цуьнан цIе йоккхуш яц, бехкево берийн бешахь теракт ян дагахь хиларна а, террорхойн ДаIиш организацих дIакхетарна а, хаамбина "La Depeche" гIирсо.

Талламан версица, бехкевийриг зIенехь хилла Безьера а, Страсбургера а нохчийн диаспоран шина векалца телеграман къайлахчу чаташкахь. Царех цхьаъ – 17 шо долу Алсан ву, Парижехь 2018-чу шарахь тIехбуьйлучу нахана тIелатарна бехкевинчу Анаев Iабдул-Хьаькиман ваша. ШолгIаниг И. Адам ву, цо даредина, ша студентаца дийцарш дина Шемарчу а, Иракъерчу а, Афганистанерчу а даIишхошца зIене валарх аьлла. Оцу ханахь Адаман ваша лаьцна вара Марселехь, тIелетарша дан Iалашонца лоьлхуьйтурш ярна.

Журналисташа бечу хаамашца, Францин къайлахчу сервисийн аьтто хиллера кегийчу нехан къамелашка ладегIа – цара дийцарехь, ДаIишах дIакхета лаам хилла церан. Кхиазхошна юкъавахна хилла цхьахволу белхахо, ша Шемахь тIемаш бен гIаттамхо волуш санна, цуьнца динчу йозанашкахь лаьцначу студенто хоьттуш хилла, берийн бешана тIелатар дар бекхам бар санна лара тарлой бохуш, Францин дозанаш тIехь тIелетарш дан ша дагахь хилар хоуьйтуш. И къамел дина ши кIира даьллачу хенахь къайлахчу сервисашка видеоролик кхаьчнера ДаIишна ваIда деш, цу тIера ши кхиазхо вевзинера- цул тIаьхьа лецарш долийра.

"La Depeche" ресурсо 2018-чу шарахь ма-яздарра, Нохчийчуьра вахархочун цIахь талламаш бинера ницкъахоша схьаяьккхира компьютеран техника, ткъа иза ша лаьцна витира.

  • 2018-чу шеран стигалкъекъа-беттан 12-чохь Парижан 2-чу гонашкарчу Монсиньи урамехь зуламхочо арсаш диттинера некъаца кара веъ-веъначунна, "АллахIа Акбар" бохуш, мохь а бетташ. ТIелеттарг лаца гIоьртинера полисхой электрошокерца, делахь а церан кара ца ваханера иза. Цул тIаьхьа оцу стагана тапча тоьхнера. Терактах жоьпалла даIишхоша шайна тIелецира. ТIелатарна бехкевира Азимов Хьасан, тIаьхьа Францехь лецира кхин а масех стаг, цуьнца юкъахь хилла вара аьлла.
  • Францехь терроризмех долчу гIуллакхашкахула болчу талламан суьдхоша дерзийра нохчочо Анзоров IабдуллахIа Парижана гергарчу Конфлан-Сент-Онорин меттигехь 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь 47 шо долу хьехархо Пати Сэмюэль верца доьзна гIуллакх.
  • Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ. Нагахь санна, цаьрга хьовса лууш дацахь, цо пурба деллера бусулбачу къомах болчу дешархошна классера арадовла.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" центре кхечира, политикан тховкIело йоьхуш хиллачу, Оьрсийчоьне дIавеллачу Нохчийчуьрчу Мурадов Дауда шайга кхачийна конфиденциалан информаци Оьрсийчоьнан официалан органашка Францин Iедалхоша дIакхачорах тоьшаллаш. Иштта дIакхачийнера Мурадовс шен гергарчех а, шена гIо динчу бакъоларъяран организацех а шайга мел дийцинарг. 2020-чу шеран гIуран-беттан 11-чохь Францира араваьккхира Мурадов, Оьрсийчу дIа ма кхаччара лецира иза, цунна тIехь ницкъ бинера, велира иза чиллан-беттан 6-чохь, Нохчийчохь лаьцна латточу заманчохь. 19 шо дара цуьнан лечу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG