Нохчийн эскархой украинхошкахьа дехьабевлла, Москвахь леттачу нохчашна хенаш тоьхна, Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх лаьцна йаздинчул тIаьхьа "Новая газетана"кхерамаш тийсарна бина латкъам Европерчу кхело къобалбина – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 105-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Нохчийчуьра тIемалой украинхойн эскаре дехьабевлла
Оьрсийчоьнан тIеман дакъошкара нохчийн шиъ эскархо ведда, украинхойн агIор дехьаваьлла. Цунах лаьцна дIахьедина ВСУ-н талламхоша. И бакъ хилар тхан редакцина тIечIагIдира Ичкерин Шейх Мансуран цIарахчу батальонехь.
38 шо долу контрактхо СайфуллахI иччархо хилла Волгоградерчу 242-чу полкехь. Ша дехьавалале Сайфуллас шен накъосташна йоху а бохуш, Оьрсийчоьнан эскарш лаьттачу меттигех дIайазйина видеош кхоьхьуьйтуш хилла Украинан тIеман ницкъашка. Оцу кепара тIемалочо, цо ша дийцарехь, бекхам беш хилла Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь шен байъинчу гергарчу нахана дуьхьал. Украинхойн телеканалана йеллачу интервьюхь цо иштта дийцина Оьрсийчоьнан агIор тIемаш бечу кавказхошлахь беллачех а, кхайкхам бина кегийчу къаьмнашка тIаме ма гIерта аьлла.
45 шо долу Iабдуллас контрактана куьгйаздина хиллера, нохчийн ницкъахоша шена тIехь Iазапаш лелийначул тIаьхьа. Каравахначо бахарехь, иза Iеха а вина, полицин декъе валийнера, цигахь цунна ларми чохь "кхетамчуьра валлалц" йиттинера, контрактана куьгйазде бохуш.
Оьрсийчуьра вадархьама цу шина эскархочун дезна минех йуьзначу аренашкахула дехьавала украинхойн дронна тIаьххье, дийцина Украинан ТСН телеканалан журналисташа. ТIаьхьо цу шиммо сацам бира Шайх Мансуран цIарахчу батальонехь тIемаш а беш виса, хаамбира тхан редакцига оцу декъан пресс-секретарь волчу Исаев СаьIида.
Цо дийцарехь, нохчий тIемаш бечу вукху агIор дехьабовлуш, хIара дуьххьара нисделла хIума дац. Цуьнан дешнаш тIечIагIдира ишта Европера нохчийн политикан "Цхьааллин ницкъ" йукъараллин куьйгалхочо
Сулейманов Джамбулата а.
"ХIара дуьххьара хилла хIума дац, нохчийн эскархой Украинеха дехьабевлла, - ас ишта боху, цхьана гIуллакхан теш суо а хиларна. Хьелаш чолхе дацахьара, оцу кепара дехьабийларш кхин а дуккха а хир дара аьлла, тешна ву со. ТIеман гонаш минех дуьзна ду, царна тIехула даим а лелаш дронаш йу, дуккха а меттигашкахь аьтто боцуш бисина уьш – цунах лаьцна а информаци йу соьгахь. Нисделла хIума ду, нохчийн кIентий тIамтIера бовдуш, уьш карабоьлхуш, йа тийсадаларш нислуш, цигахь байъина. Ткъех шераш ду Нохчийчохь шайн са лар ца ден, шайн гергарчарна цхьаъ дарна кхоьру даим а. И бахьана долуш а кхоьру уьш, тIеман вукху агIор дехьабовла", - дийцира цо.
Маршо Радионо кест-кеста дуьйцу Нохчийчоьнан Ӏедалша меттигера бахархой Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалаца декхаребарх лаьцна. И кеп лелайо цара оппозиционерийн гергарчарна таIзар деш, йа наркотикаш лелош хаабеллачарна, йа машенахь боьлхуш некъан низамаш дохош лаьцначу нахана бекхам беш.
ТӀом бан дуьхьал болчарна кхерамаш туьйсу, масала, социалан пособеш дIахедор ду бохуш, ткъа контрактана куьйг йаздайтархьама нах лечкъош, царна тIехь гIело хьоьгуш хиларх лаьцна хаамаш гӀарабевлира, тIом болийначул тӀаьхьа масех кӀира даьлча дуьйна.
Москвахь леттачу нохчашна хенаш тоьхна
Москвара Щербинан кIоштан кхело бехкелаьрра Къилбаседа Кавказера 13 вахархо харцахьа леларна. Дуьйцург ду, 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Таджикистанера бахархошца хилла летарш. Кхеле хIиттийначу дукхахболчарна шишша шой, исс-исс буттий хенаш йиттина набахтехь йаккха.
ТаIзар дира Даглаев Мохьмадна а, совдегарна Юсубов Тапдыгна, Алиев Элгюннна а, Асатрян Арсенна а, Абдулкадыров Рамзанна а, Iамирханна а, Абдурашидов Мовсарна а, Бадаев Абу-Бакарна а, Визаев Хьамзатна а, Жабраилов Юнусна а, Мачигов Заурна а, Хизриев Iелина а, Тасатаев Сайд-Мохьмадна а. Харцахьа леларна бехкеавина ца Iаш, Даглаевна кхел йира вандализм лелорна а, могушаллина вон зенаш дарна а.
Талламан версица, 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цара йиттина хиллера Таджикистанера Шарипов, Шарифзоде фамилеш йолчу бахархошна машенаш йуьлучу меттигехь, аьлла ду кхелан материалашкахь. Цул совнах, Даглаевс хьалхарчунна урс тоьхнера хонан маьIге, шолгIачунна – некха тIе. Шарифзодена йайн чов йинера, лазийнера цуьнан диафрагма а, Iонжар а, цхьа литар сов цIий дIаихна а хиллера цуьнан. Дов даьлалчу заманчохь тIелеттачара масийттаза герз диттина а бохура.
Кхелехь бехкана къера хилира бехкебийраш, амма мукIарло дан дуьхьал хилира. Цул а хьалха таллам бечу хенахь цара дийцира, мессенджерехула хаам кхаьчнера шайга, шайн махкахочунна Тасатаев Сайд-Мохьмадна йиттина "азиаташа", орцах довларахьара аьлла, дехар деш.
ТаIзар тIех луьра цахиларан бахьана лерира кхело "бехкебечийн а, церан доьзалхойн а могушалла ледара хилар" а, цара бехкана къаро йар а, "СВО-н декъашхошна гIо латтор" (Оьрсийчохь официалехь СВО олу Украинана дуьхьал бечу тIамах) а. Ишта тидаме ийцира Даглаевн лакхара доьшийла чекхйаьккхина диплом хилар а. Эххар а цунна диъ шо туьйхира колонихь даккха, 10 эзар сом гIуда а тIедожийра. Тасатаевна а, Юсуповна а – шишша шой, исс-исс бутт а кхайкхийра набахтехь такха, биссинчарна – цхьа бутт кIезиг хан йелира.
Терроризмана ахча латторна кхеле йо Соьлжа-ГIалара вахархочунна
Москвара Останкинан кIоштан кхело лаьцна витина 37 шо долу Маргошвили Беслан, иза бехкево терроризмана гIортор йарна. Лахьан-бутт бовш лаьцнера Соьлжа-ГIалара вахархо, шена дохку бехкаш тIе ца дуьту цо.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан коьрта урхалло луьстуш ду Маргошвилина дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх. Ткъа иза лаьцнарг къайлаха сервисаш йу, аьлла ду кхелан сацам тIехь йаздина.
Йоьдучу кхелехь адвокаташа билгалдаьккхира, гIуллакхан материалашкахь Маргошвили зулмна бехкехиларх тоьшаллаш дац аьлла. Бехктакхаман гIуллакх хIинца а теллина даланза ду, йа иза цхьанхьа болх беш ву аьлла, цуьнан тоьшаллин кехат а дац, цундела иза талламах къайлавала тарло аьлла, кхело лаьцнарг СИЗО-хь витина. Нагахь санна, бехк тIечIагIбахь, бархI шарера пхийтта шарна тIе кхаччалц чохь йаккха хан кхачайо цунна.
Стохка гIуран-баттахь бехкзулаиман гIуллакх дуьхьал даьккхина дукха хан а йалале, Росфинмониторинган террорхойн а, экстремистийн а реестре йазвираМаргошвили Беслан. ХIетахь хууш дацара цуьнан бехктакхаман гIуллакхах а, йа цунна дохкучу бехкех а лаьцна кIорггера.
"Новая газетан" латкъам къобалбина ЕСПЧ-хь
2017-чу шарахь журналисто Милашина Еленас махкахь кхел йоцуш дуккха а нах байарх лаьцна бина таллам зорбане баьккхинчул тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалло кхерамаш тийсарца доьзна чукхачийна латкъам Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тӀечӀагӀбина.
ДIахьединарш бара "Новая газетан" журналист Милашина Елена а, иштта хьостан куьйгалхой Нобелан лауреат Муратов Дмитрий а, Кожеуров Сергей а.
Милашинин таллам зорбане баьккхинчул тӀаьхьа, билгалдоккху Европан кхелан сацамо, цунна а, "Новая газетан" куьйгалхошна а критика йинера нохчийн куьйгаллин а, динан урхаллин а векалша, шайна йукъахь республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, муфтий Межиев Салахь а волуш. Шайн дӀахьедаршкахь духхьалдIа кхерамаш тийсина хиллера цара. Иштта, социалан машанашкахь а дукхазза кхерамаш тийсинера Милашина Еенина, иза йуьйр йу шаьш бохуш а, цундела цхьана ханна махкара дӀайаха дезнера цуьнан.
Журналисташа ницкъаллин структурашка дIахьедарш дарх а гIуллакх ца хилира.Европан кхело къастийна, латкъам бинчийн хьокъехь адамийн бакъонаш а, коьрта маршонаш ларъйарх долу Европан конвенцин низамаш талхийна хилар.
Кхело компенсаци хIотттийна латкъамхошна: "Новая газетана" – 7500 евро, ткъа Милашинина а, Муратовна а, Кожеуровна а – 9800 евро хӀоранна а.
Украинехь тIом болийна дукха хан йалале Оьрсийчоь арайелира Европан Кхеташонна йукъара, дуьхьал хилира ишта Евроран адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан а.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: