Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира "Нана-турпалхо" цIе йелла Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадан хIусамнанна Даудова Асетана. Республикехь шолгIа зуда йу иза и цIе йолуш – стохка лахьан-баттахь орден йелира мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан хIусамнанна Меднина.
Омри тIехь билгалдаьккхина, Даудова Асетана и совгIат дина "доьзалан институт чIагIйарехь, доьзал кхиорехь доккха дакъалацарна" аьлла. И цIе йалар стохка марсхьокху-баттахь йуха долийра президенто, совгIат кхачош ду 10 сов бераш кхиийначарна. Нохчийчоьнан парламентан сайтехь йаздина ду, ДаудовгIеран 12 бер ду аьлла: 6 кIант а, 6 йоI а.
2014-чу шарера схьа дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ву, адамийн бакъонаш хьешарца доьзна. 2020-чу шарахь цуьнан хьокъехь дозанаш туьйхира Британино а – Нохчийчохь ЛГБТК+адамийн бакъонаш талхорна. Оьрсийчоь тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа Даудовна дуьхьал санкцеш йехира Польшин Iедалхоша а.
- Украинан кхерамзаллин сервисо кху бIаьста шеконаш кховдийра Даудовга, цо Оьрсийчоьнан тIелатарехь дакъалацарна. Урхаллин сайтехь билгалдаьккхина ма-хиллара, "Кадыровн уллорчу нахалахь ву, луьра тIом барехь цуьнан тIедакхарш кхочушдо" цо.
- Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабевлла лелачу хьаькамийн могIарехь а ву парламентан хьалханча. 2019-чу шарахь Даудовс чIир кхайкхийра цунна, Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо вара блогеро аларна.
- Кху шеран марсхьокху-баттахь Даудов Мохьмадна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн инарла-майор аьлла цIе йелира президенто Путин Владимира.
- Кавказ.Реалии редакцино вовшахтоьхна Кадыровн гергарчу 52 адаман цIераш. Уьш берриге мехкан Iедалан структурашкахь бу. Царлахь йу - куьйгалхочун йоI Iайшат (республикин культурин министр), Хадижат (Соьлжа-гIалин мэрин школазхойн департаментан куьйгалхо йу), ХутIмат (Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIоьнча), воккхах волчу кIантана, 17 шо долчу Ахьматна дарж карийна - иза Оьрсичуьра берийн, кегийрхойн боламан Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо ву.