Екатеринбургерчу Верх-Исетскан кIоштан кхело ладам боцчу ханна лецна "тутмакхийн эла" волчу Домбаев Ахьмадан (Ахмед Шалинский) гIоьнчий. Уьш берриш а бехке бина харцахьара леларна, яздо URA.RU хьостано, Свердловскерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-атташена Горелых Валерийна тIетевжаш.
Талламан версица а догIуш, кху беттан 11-чу дийнахь Домбаевн тобанера 12 стаг Екатеринбургерчу EatMeet цIе йолчу ресторане баьхкинера криминалан цхьанакхетаре.
Лоьцучу заманчохь цаьргара дIаяьхна тапчанаш, наркотикех тера гIирс а, хаамбо талламчаша.