И бахьана долуш, леррина кхайкхам бина Дагестанан куьйгалхочуьнга Магомедов Мохьмад-Саламе Нохчийчурча омбудсмено Нухажиев Нурдис.
ГIалгIайн республикаца доза къасторан комисси а кхоьллина, нохчийн Iедалш дахкачу хенахь, изза проблема лаьттачух тера дац, вукху маьIIехь- малхбалерачу дозанехь йолчу Дагестанца. Нохчийн къам дIадуохийначулла тIаьхь, доккха латтан дакъош цу республикан юккъе дахийтина хиллехь а, доза дуьйцуш дац, амма, оцу дозанца йолчу Хасав-юрта кIоштехь долчо, гIеххь сагаттадойту нохчийн Iедалшка а, Iедалан бакъонашларъярхошка а.
ХIокху деношкахь, Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдис дIахьедар дина Дагестанерачу куьйгалхочуьнна Магомедов Мохьмадсалама цIарах, оцу кIоштехь къаьмнийн билгалонашца бакъонаш йохош ю аьлла. Оцу хIуманна терго яр доьхуш ду цуьнга, Къилбаседа Кавказерачу бахархойн бакъъонашкахула кхеташонна коьртехь а волчу Нухажиевс..
Оцу документ тIехь, цо, билгалбоху фамилеш а, цIераш а йохуш, бакъонаш хьаьшнарш а, хьошуш берш а. Ишшта, оцу Хасав-юрт гIалахь ехачу Чухаева Амната арз дина, ша ехаш йолу ков-керт схьадаккха хьийзош ю ша аьлла. Иза дан гIерташ берш, гIалийн Iедалхошца гергарло долу нах бу, аьллла дуьйцуш ду цу тIехь.
Цхьа бутт сов хьалха, оцу оцу Хасав-юрт гIалахь йиттинера шина нохчочуьнна, меттигерачу суьйлишца дов а даьлла. Леташ берш дIасакъасто баьхкинчу полисхоша, нохчашна кхиъ тIехь ницкъ бина, ларамаза цига тIенисбеллачу лоьраш уьш кIелхьарбаххалца.
Шайга деш долу аьрзанаш дукха хилар бахьанца, шаьш Дагестанерачу куьйгалхочуьнга царах лаьцна хаам бина, аьлла Маршо радиога дийцира Нухажиев Нурдийн хьехамча волчу Хадашев СаIида.
Хадашев СаIид: И аьрзанаш дукха хилар бахьанца, оха моссуьйтуза, федерала урхаллашка а, хьукматашка а, прокуратурига а, чоьххьарчу гIуллакхийн министраллига а, президенте а, кехаташ яздина. Адамийн и лазам болун дела, и дIахьедар гIара а доккхуш дина оха,имшшта дича мукъне а, терго йийра яцара теша аьлла.
Дагестанца дозанерачу нохчийн кIоштехь бехачу наха, шаьш шайна тIехь лайна бу, и цигахь хуьлуш болу и некъа хьовзамаш. Базар хIума эца, царна Хасав-юрт баха уллехь ду, Соьлжа-гIала боьлхучулла, амма, и боца некъ марах боккху, некъаца лаьттачу дагестанера полисхоша, бохуш дийцира Ишхой оьвлара вахархочо Амруддис.
Амрудди: Хасав-юрта йоьдучу автобус тIехь вара со. Тхо нийса сахьтехь латтийра полисхоша хIуьттаренна. Шоферо боху, ахь хIун до, «КТО» дIаяьккхина дика хан ма ю,хIун аьлла беш бу ахь тхуна талламаш. Мллаша кехаташ шегахь а латтийна, цул тIаьхь, тхо дIадахийтира. Кегий машенаш-м даиманна сецош ю цара.
Дукхахболчу тергамхоша, Хасав-юртахь полицийца хуьлуш йолу проблема, юзу, оцу гIалахь йолчу йоккхачу базарца. Некъа тIехь лаьтташ болчу полисхоша, нахера ахча доху. Ткъа, кхаьанаш эцар, иза ерриге Оьрсийчоьнан проблема ю, цхьана Дагестанехь изза дIаяьккхарх гIуллакх хира дац, боху цара.