ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Официалехь валарх хаийтина доцчу эскархочун цIе тиллина Нохчийчохь школана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинехь вийначу меттигерчу вахархочун Дебишев Казбекан цIарах ю аьлла, дIахьедина Дышни-Веданара номер 2 йолу школа- официалехь дIакхайкхийначарлахь вацара иза хIинццалц схьа.

Школана цIе тилларх хаамбина меттигерчу бахархоша Кавказ.Реалиига гезгамашин-беттан 1-чохь. Аьхкенан кхаа баттахь юха тойина школа схьайоьллуш цигахь дакъалецира дешаран министро Дааев Хож-Бауддис а, меттигерчу РОВД-н хьаькамо Борщигов Абубакара а, кхинболчу официалан наха а.

Дышни-Веданара Дебишев Казбек а, Мурадов Аслудди а кхалхарх хаамбира Кавказ.Реалиис мангал-беттан 1-чохь. Редакцин хьасташкара хиира, и шиъ стигалкъекъа-беттан 29-чохь вийна хиларх. Дебишевн 38 шо дара, цуьнан зуда а, ши кIант виссина. Мурадовн дара 37 шо, диъ бер ду цуьнан. Церан тезетахь хилира Дышни-Веданан администрацин куьйгалхо Абдурзаков Алихан, ткъа кIоштан официалан аккаунташкахь церан кхалхарх лаьцна бина хаам бацара.

Иштта Къилбаседа Кавказан мехкашкахь иэсан стендаш схьайиллира школашкахь, Украинехь байъинчу эскархойн сий деш. Масала, ГIалгIайчоьнан урхалхочун Калиматов Махьмуд-Iелин тIедилларца, регионерчу 19 дешаран организацихь дIахIиттор ю, Украинехь веллачу 20 эскархочунна лерина информацин табличкаш а, стендаш а.

  • Украинан тIеман министралло мангал-беттан 11 –чохь динчу лараршца, Оьрсийчоьнан эшамаш бу 43 эзар стаг. Оьрсийн Би-би-си сервисо хаамбира украинхойн агIоно вийна 5424 салтий а, эпсар а хиларх, церан цIераш хууш хиларх а. Оьрсийчоьнан тIеман министралло зазадокху-беттан 25-чохь тIаьххьара динчу дIахьедарехь элира: 1351 вийнарг а, 3823 лазийнарг а ву аьлла. Охан-беттан 20-чу дийнахь къаьстира, Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь эгначийн гергарчий цIераш къайлахьош, сацамбарх.
  • Стигалкъекъа-баттахь Дахадаевскан кIоштара Хуршни эвларчу школа, Украинехь кхелхинчу пилотан Раджабов Рабазанан цIе тиллира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG