Лахьан-беттан 30-чуьра гIуран-беттан 12-чу дийне кхаччалц Дубайхь дIайоьдучу СОР 28 климатан саммитехь дакъалоцучу Оьрсийчоьнан делегатийн тептаре йаздина Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан бераш. Цуьнан тергойина "Медуза" гIирсо.
Буьйцурш бу КадыровгIеран 18 шо долу Ахьмад а, 23 шо долу Хадижат а. Саммитехь Хадижата дакъалоцург хиларх хаийтира иштта нохчийн хаамийн гIирсаша а, цо куьйгалла дечу Соьлжа-ГIаларчу школазхойн дешаран департаменто а. Шина а агIор цхьаьнакхетарш дIадахьа а, рапорташца йистхила а Iалашо йу Хадижатан кеп-кепаочу секцишкахь, билгалдаьккхира департаменто.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоI хIинцале а цхьанакхетта Палестинехь гонахара Iалам Iалашдечу Урхаллин куьйгалхочуьнца Тамими Нисринца а, гонахарчу Iаламан министраллин хьалханчаца Махьлуф Хьусейнаца а. Цаьрца цо дийцина "гуманитаран болх коьрта хиларх".
"Регионера Йерриг Оьрсийчоьнан йукъараллин а, пачхьалкхан а боламан куьйгалхо санна" билгалваьккхина ву Кадыров Ахьмад тептарехь. И хIун болам бу, къаьсташ дийцина дац.
2023-гIа шо карадеачхьана – Кадыров Рамзан чIогIа цомгаш ву бохуш, дийцадаьккхинчу йукъанна – цуьнан йоьIарша а, кIентарша а Нохчийчоьнан политикан дахарехь жигара дакъалоцуш гойтура, йаздира Кавказ.Реалии сайто.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун бераш "цхьа тамашийна кхеташ","хьекъале", "хIуманца бала болуш", "нохчийн къоман дикачу ламасташца кхиош ду",- бохуш дуьйцу куьйгалхочун накъосташа. Иштта, дешнаш ца кхоош, вовшашца къийсалуш, шайн официал аккаунташкахь йаздо республикера баккхийчу хьаькамаша. Официалехь Кадыров Рамзанан I4 бер ду. Школа йаьккхина бовллушехь, республикерчу лаккхарчу даржашка дIахIуьтту уьш.
- Пачхьалкхан даржаш кхочу цуьнан берашка, йижаршка, невцаршка, вешин, йишин берашка. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан 52 гергарчух тептар.
- Шен деца цхьаьна лахьан-бутт йуккъе баьллачу хенахь Кадырова Хадижат йара ГIазза секторе гуманитаран гIо эцна доьду МЧС-н кема новкъадоккхуш. Цо дIахьедира, "республикера кIоштийн дешаран йоллу урхаллаша" накъосталла дира гIо вовшахтухуш аьлла. ХIара дуьххьара дац, Кадыровн бераша Палестинана гIо дечу акцихь дакъалоцу: хьалхо Соьлжа-ГIалара мохь дIабохьуьйтуш улло ваьлла вара регионера "Хьалхарчийн болам" организацин куьйгалхо, 18 шо долу Кадыров Ахьмад.