ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан къилбан мехкашкахь машенаш эца таро йолу нах кIезиг бу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Керла машен эцна, цунна оьшург а латтош иза лелон таро йолу доьзалаш пачхьалкхан къилбехь уггар а кIезиг хилла.Цунах лаьцна дуьйцу РИА "Новости" пачхьалкхан агенталло бинчу керлачу талламехь. Рейтингаца а догIуш, тIаьххьара меттигаш дIалецна Къилбаседа ХIирийчоьно, Кхарачой-Чергазийчоьно, ГIалмакхойчоьно, Дагестано, ГIебарта-Балкхаройчоьно, Нохчийчоьно, ГIалгIайчоьно.

Талламаш бечу заманчохь бухе эцна, миллион доьху машен оьцуш даьккхина кредит хIора баттахь дIатакха а, машен латтон а таро йолчу нехан терахь.

И дакъа леринера 2023-чу а, 2022-чу а шерашкахь хIора регионехь болх бечийн алапа лакхадаларан буха тIехь, ткъа кредитан барам - машенан механ 20 процент хьалхара ахча дIалуш, цуьнан кхаа шарна хан а. И доцург а тидаме эцна кхечу хьашташна йен харж: машенан страховка, бензинан мах машенна оьшург латтор, йасакх, мехах йолу парковкаш, иштта цхьа могIа кхиндерг а.

Рейтинган тIаьххьарчу могIарехь дIатарйелла ГIалгIайчоь, кхузахь 2,6% доьзалийн таро йу миллион сом доьху керла машен эца. 84-гIа позици дIалаьцна Нохчийчоьно, цигахь 3,1 доьзалан йиш йу машен эца, 83-гIа могIарехь ГIебарта-Балкхаройчоь (4,3%), 82-гIа а, 81-ра а меттигаш дIалецна Дагестано (4,7), ГIалмакхойчоь (4,8%), 79-чу меттигехь – Къилбаседа ХIирийчоь – 6,1%, 80-чу меттигехь – Кхарачой-Чергазийчоь 5,5%. Ставрополь-мехкан бу 69-гIа меттиг – 9,4%. Оцу регионийн лахарчу позицешкахь коьрта дакъа лоцу официалехь лахара алапаш хиларо, билгалдаьккхина рейтинг хIоттийначара.

Оьрсийчоьнан къилбера регионашлахь миллион сом доьху керла машен эца таро йолуш къасттина дукха доьзалш бу – Астрахань-махкхаь. Регион 41-чу меттигехь йу, кхузахь 14 процент доьзалийн таро йу миллион сом мах болу машен эца. Ростовн кIошт 52-чу меттигехь йу – 12,7%, Краснодар-мохк 54-чу меттигехь – кхузахь 12,1%. Волгоградан кIошто дIалаьцна рейтингехь 55 позици – 12,1%, Адыгей 73-чу меттигехь (8,7%).

Ма-дарра аьлча, доьдучу шеран дечкен-беттан-лахьан-беттан жамIашца, 1,5-зза лакхадаьлла пачхьалкхехь дIайоьхкинчу машенийн терахь стохкалерачу шарца дуьстича, билгалдоккху талламан авторша.

* Статистика йукъа догIу аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а хьал – Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Украинан Донецкан а, Луганскан а, Запорожьен а, Херсонан а дозанашкара хьал теллина дац.

  • Оьрсийчохь йуккъерчу барамехь оьцучул а лахара алапа эцарца рейтингехь тIаьххьарчу меттигашкхаь нисйелла Нохчийчоь. Рейтинган чакхенехь нисйелла йоллу Къилбаседа Кавказан республикаш а. РИА "Рейтинган" аналитикийн лараршца тIаьххьарчу 12 баттахь Оьрсийчохь йуккъерчу барамехь аьлча алапа ду 52 эзар сом. Оццул ахча официалехь оьцу белхаш бечу 31 процент бахархоша.
  • Регионашкара къечу нахах хIоттийначу рейтингехь ГIалгIайчоь хьалха нисйелла. 2022-чу шеран Росстатан зерашца, къоьлла хьоьгуш бу 30 процент махкара бахархой. Миска нах совбовларца йоьалгIачу меттигехь дIатарйелла Адыгей – цигара гайтам бу 11,6%. Оьрсийчуьра йуккъерчу барамел а дикка лахара гайтам бу таро йоцу нах алсам хиларца ГIалмакхойчохь, Кхарачой-Чергазийчоь, Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG