ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно "Ичкерина оккупаци йарх" Украинехь тIеэцна сацам тIелаьцна Европерчу нохчийн диаспоро


Оьрсийчоьно "Ичкерина йина оккупаци" билгалйоккхуш Украинан Лакхарчу радо бинчу сацамна лерина Страсбургера акци. 2022-чу шеран гIадужу-беттан 23-гIа де
Оьрсийчоьно "Ичкерина йина оккупаци" билгалйоккхуш Украинан Лакхарчу радо бинчу сацамна лерина Страсбургера акци. 2022-чу шеран гIадужу-беттан 23-гIа де

Нохчийн республика Ичкерина Оьрсийчоьно оккупаци йина хилар а, нохчийн къоманна тIехь геноцид латтор а билгалдоккхуш Украинан Лакхарчу радо бина сацам къобалбеш митингаш, пикеташ хилла Европерчу масех гIаланашкахь. Страсбургехь, Берлинехь, Варшавехь, Венехь, Стамбулехь хилла акцеш.

Барамийн декъашхоша – оцу мехкашкара нохчийн диаспорийн векалша – Лакхарчу радин депутаташна баркал олуш резолюци тIелецира.

Кавказ.Реалиига хаамбина ма-хиллара, Нохчийн республика Ичкерин арахьарчу Iедало гIо а латтош хIиттийнера акцеш, хIора гIалахь масех иттанаш нах гулбелира. Берриг барамашкахь Нохчийн республика Ичкерин байракхаш лелийра, иштта Ичкерин президентийн Дудаев Джовхаран а, Масхадов Асланан а суьрташ а.

"Сатуьйсу, Лакхарчу радо бинчу и сацамо кхечу пачхьалкхьийн парламентхошна масала лург хиларе, Нохчийн республика Ичкерина гIодан а, цуьнан йозуш цахилар къобалдан а", - дуьйцу Страсбургерчу бараман декъашхоша бинчу кхайкхамехь.

  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, нохчийн къомана йина геноцид емалъеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Кхин а 64 депутат кхажтаса ца хIоьттира. Долчух кхеточу кехата тIехь дIахьедо, 1991-чу шарахь СССР-н декъера Нохчийчоь ара а яьлла, Ичкерия аьлла, ша йозуш цахилар цо дIакхайкхийра. Текстехь чIагIдо, ООН-н уставехь билгалъяьхна цхьа бакъо хиларан а, къаьмнийн шаьш шайн кхоллам нисбан а принципаш йоллушехь, Оьрсийчоьно цунна дуьхьало йира.
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Нохчийчоьнан куьйгалхочо миллион доллар кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн буьйранчаш – Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG