Оппозицин политикан Закаев Ахьмадан воккхахволчу вешин Закаев Iелин Хьалх-МартантIерачу хIусаме ницкъахой баьхкина, цунах лаьцна хьолана уллорчу хьостано дийцина Кавказ.Реалиига.
Къамелдечо хаамбина, оппозиционеран гергарчун цIа ницкъахой операторца баьхкина хилар - Закаев видео тIе дIа а язвина, дIабахана хилла уьш иза шайн куьйгалле дIагайта, амма юхабаьхкина оцу жамIана шаьш реза ца хиларна. ТIаьхьо Закаев Iелас камерана хьалха дIабийшира цара кечйинчу текстан чулацам.
Билггал хууш дац хIун дийцийтина къобалъязчу Ичкерин I1едалан куьйгалхочун воккхахволчу вешига. Кавказ.Реалиин хьостанна хета, сарахь и видеокхайкхам Нохчийчуьрчу пачхьалкхан телехьожийлашкахь гойтур бу. Закаев Ахьмадан Киеве вахарца а, цо цигахь динчу зевнечу дIахьедаршца а доьзна хета иза къамелдечунна.
Къобалъязчу Ичкерин векалш, шен коьртехь арахьарчу урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад а волуш, хьалхо цхьанакхийтира Киевехь Украинан Лаккхарчу радан профилан дуьхьалонан комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, Оьрсийчохь магийна йоцчу ГIирмерчу гIезалойн боламан куьйгалхочуьнца Джемилев Мустафаца а, хьаькамашца а, иштта, Украинан ТIеман ницкъийн могIанашкара нохчийн тIемалошца а.
"Масех де хьалха баьхкина тхан векалш Киеве, чIогIа чулацаме программа яра – официалехь цхьанакхетарш а хилира, къайлаха а хилира уьш, царах лаьцна дийца йиш яц сан. Украинхойн Iедалшца а, къомаца а оцу тIамехь тхо цхьана хилар гайтарал сов, дуккхаъчу хеттарийн хьокъехь тхайн агIор гIо дан а даьхкина тхо кхуза. Дийцаредаран тIегIанехь ду и хеттарш", - дийцина Кавказ.Реалиига Закаев Ахьмада.
- Иза дуьххьара дац нохчийн ницкъахоша Закаев Ахьмадан гергара нах Iедалехьа йолчу видеош тIехь дIаязбала декхаре беш. Дайначу шеран ГIуран-баттахь Закаев Iелас къам дика деха бохуш, шен ваша Iедална критика ца яре кхойкхуш видео дIаязйира. Иштта цо бохура, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан цхьахдолу дехар кхорчушдина: "Суна гIо дина, суна кхузахь вайн паччахьо (Кадыров Рамзана. - ред.) гIо дина, вошалла дина, сан дехарна жоп делла. Делан пурбанца, [нохчийн] къам дика деха, къоманна хIумма ца оьшу. Дала диканиг дойла".
- 2021-чу шеран Гезгмашин-баттахь Закаевн гергарчара камерана хьалха наьIалташ элира цунна. Гезгмашин-беттан 22-хь Закаевн гергарнаш бевзаш боцчу герзаца болчу наха дIабигира. Гезгмашин-беттан 23-хь масех Кадыровгхьа йолчу инстаграмерчу агIонашкахь гучуелира цаьрца видео.
- Масхадов Анзор, тIе ца эцначу Ичкерин хиллачу президентан кIант Киеве веана ву. Масхадов – Норвегин вахархо ву, цо дIахьедо, Оьрсийчоьнна дуьхьала бечу тIамехь Украинана муьлхха а гIо латтон дагахь ву ша, иштта, украинхойн хьаькамашца а, жигархошца а цхьана Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь а, тахана Украинана динчу чугIортарехь а оьрсийн эскаро лелийначу зуламийн цхьа база а кхоьллина, юкъараллина дIагайта дагахь ву иза.