ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъешца бен тIом сацо воллу Путин?!


Оьрсийчоь -- Селигере баьхкинчу кегийрахойн хаттаршна жоьпаш луш ву Путин Владимир.
Оьрсийчоь -- Селигере баьхкинчу кегийрахойн хаттаршна жоьпаш луш ву Путин Владимир.

Тахана Къилбаседа Кавказехь, Нохчийчуьра шозлогIа тIом дIасабаржинчул тIаьхьа, билгала маса тIемало вийна хууш дац. И терахь цхьана официалан хьукмато лоруш хила там бу, амма билгала цуьнах лаьцнарг гIардоккхуш дац юкъараллехь.


Цхьа хIума ду лачкъийна доцуш, официала хаамийн гIирсаша дуьйцург тидаме эцча. Иттанаш эзарнаш бу байина тIемалой. Церан декъий, хIара шозлогIа тIом боьдучу хенахь дуьйна, гергарчаьрга дIалуш дац. Оьрсийчоьнан низамашца догIуш ма-хиллара, цIераш йоцучу оьрнаш чохь дIадухкуш ду уьш.

И хаттар айдинера Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца Селигер Iома йистехь шайца хиллачу цхьанакхетарехь, оцу кегирхойх цхьаммо. И декъи дIа хIунда ца ло аьлла, хаьттира цо. Оьрсийчоьнан президента, тамашийна жоп деллера.

Цо дийцарехь, иза цо бина сацам а бац, ша оцу хIуманна генахь ву аьлла, тидам бира цо. Дика ду ахьа иза дагадаийтина аьлча санна, Пктина дIахьедар дира, ша низамхойн куьйгалхошца а, прокуратурица а дага а ваьлла, и дехкарш дIадахийта мега аьлла.

Тахана Нохчийчохь дукха доьзалш бу, шай чуьра ваьлла тIемало вийча, цуьнан дакъа мичахь ду ца хууш. Царна билгала хууш ду, масала, иза вийна хилар. Амма мичахь дIавоьллина ву и т1емало бохург къайладаьккхина ду. ТIахIир цIе йолчу ТIехьа-МартантIерачу вахархочо, къобал деш, тIеоьцу Путина дина долу и дIахьедар. Амма ша и хIума юкъдаьккхича а, нохчаша иза лелорна цецваьлла хилар а хаийтира цо.

ТIахIир: «Цо бохуш дерг хаза къамел а ма дара. Вайнахан юккъахь дIавер-схьавер даиман а лаьттина ду. ЧIираш хилла. Чуьра стаг вийча, оцу мостагIчо цуьнан дакъа, ас вийна хьуна хIара, ас хIара болх бина хьуна, олуш хилла. Вовшах, ларам а болуш, дакъа дIалуш хилла.

Меттигаш хилла, ша вийначу стеган дакъа, цуьнан неIарга дIахьуш. Ишшта хIума нисделча, зе хиллачу агIоно гIиллакх лелош а хилла. И декъий дIаделча вайна сийлахь а долуш хир ду-кх».

Оьрсийчоьнан Iедалша тIемалойн декъий дIа ца дала сацам тIеэцар шегара дац аьлла, президента Путин Владимира динчу дIахьедарх цатешаш берш а кIезга бац Нохчийчохь. Амма дукха нах ца хуьтту цуьнах лаьцна, комментари яр хьов, иза телефон чухула дийца а. Ильяс цIе йолчу Хьалха-МартантIерачу вахархочунна хетарехь, Оьрсийчоьнан президенто оцу дIахьедарца шен шалхалла гучуяьккхина.

Ильяс: «Тахана шегара дац бохуш, волу иза харц луьш ву. Муха дац иза цуьнгара? Дера ду-кх. Иза Iедале веанчу хенахь дуьйна лелош ма ду иза. Цул хьалха хиллачара, барт бой а, машаран дийцарш дой а хIума леладора. ХIара гуттар а ша чIогIа стаг ву, шен амал чIогIа буьрса ю бохуш, массо а хIуманна Iаткъам беш, декъий дIа ца луш, хьуьнхахь берш шайна кхин а дуьхьал бохуш, хIума лелийра.

Декъий дIаделча дика хир дара. Шен вийначу стагана ПIераскан дийнахь кошан тIе хIотта аьтто бера бара-кх цуьнан гергарчеран. Путинна цьунах тIекхета хIума а дац. Оцу декъехь цо бахам а буьллура бац. Хьалххе дага а деана, дIаделлехь дика хир дара».

Нохчийн гIарваьлла волу тIемалойн баьчча Гелаев Руслан вийначул тIаьхьа, цуьнан дакъа схьалур ду аьлла, дийцина хиллера Дагестанерачу Iедалша. Оцу мехкан прокуроро, иза дIадахьа баьхкинчу цуьнан гергарчаьрга аьллера, и санна болу къонахий Кавказехь бIе шарахь цкъа бен дуьненчу ца бовла аьлла.

Амма машен керта а теттина, цу чу дакъа дилла гIертачу хенахь, къайлахчу сервисера омра а кхаьчна, иза дIадаькхкинера цаьргара. ТIаьхьо хиинера иза билгала Гелаев ву аьлла, даре дайтархьамма цара лелош хIума иза хиллий.

Оцу хенахь республикан коьрте хоттина волу Кадыров Ахьмад а гIоьртинера оцу тIемалочуьнан дакъа гергарчаьрга дIадалийта. Амма Путинан доттагI лоручу цуьнга а да ца делира иза.

Вийначу Ичкерийн президентан Масхадов Асланан, Кремлехь хIета хиллачу куьйгалхоша тIом кхин хира бац аьлла, барт бинчуьнан дакъа а, тахана а дIаделла дац. Цуьнан доьзало маситтаза, кхайкхамаш бинера, дакъа догIуш ма-хиллара, шайга дIадолла схьало аьлла. Амма тахана а царна жоп делла дац, тIемалойн эзарнаш гергарчаьрга санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG