Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вистхилла Оьрсийчуьрчу махкахошка Пачхьалкхан думан харжамашкахь дакъалацахьара аьллачу кхайкхамца, хаам бо Свобода Радионо. Путина аьлла, иза вуно ладаме хилам бу мехкан дахарехь.
Президента дийцарехь, оьрсийхой "лаам болуш бу парламенте жоьпалле, болх балуш болу а, лараме а, шаьш делла дош лардеш болу а нах бахкийта". Думехь болх барца йогIуш яц "популизм а, даьсса къамелаш дар а", цо доьхург ду вуно лакхара гIуллакх хууш хилар", аьлла президента.
Путинна хетарехь, оьшуш бу, Оьрсийчоьнан патриоташна санна тIетовжа мегар долу сиха а, юха ца хьоьжуш а, гIуллакх дан луурш къоман лаам кхочуш беш.
Путина билгалдаьккхина Пачхьалкхан думехь хилар коьрта роль "лаккхара юридикан ницкъ болу а, адаман бакъонаш ларйеш а, цуьнан лаам чекхбоккхуш долу низамаш тIеоьцуш", ткъа, депутаташа тIеоьцучу федералан бюджета "бух буьллу пачхьакхо шен социалан сферехь тIеэцнарг кхочуш деш".
Президента кхайкхина харжамхошка Гезгмашин-беттан 17-хь дуьйна "шайна бегIила долчу дийнахь" кхаж тасарехь дакъалаца аьлла. Харжамийн каппашка гIо, я электронан кепехь кхаж таса. "Кхузаманахьлерчу технологеш вал дуьллуш хиларна кхерамазалла а, тешаме и а иза хиларна", билгалдаьккхира Путин Владимира, оьрсийхошка ша бинчу кхайкхамехь.
- Ийначу кепехь дIахьура болчу Оьрсийчуьрчу парламентан харжамашкахь 225 депутат хоржур ву партийн тептарехула, кхин а 225 – цхьана мандатан харжаман гонашкахь. Пандеми хиларна до аьлла кхаж тасар хир ду кхаа дийнахь – Гезгмашин-беттан 17-19 деношкахь. 11 регионехь, шайна юкъахь Нохчийчоь а йолуш, хоржур бу куьйгалхой, 39 регионехь депутаташ хоржур бу низамаш дохучу гуламашка.