ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзана чIир кхайкхийна Керимов Сулейманна


Кадыров Рамзан а, миллиардер Керимов Сулейман а ву Оьрсичоьнан футболан кубок къовсучехь, 2011-чу шеран зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь
Кадыров Рамзан а, миллиардер Керимов Сулейман а ву Оьрсичоьнан футболан кубок къовсучехь, 2011-чу шеран зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь

Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхочунна, миллиардерна Керимов Сулейманна чIир кхайкхийна Кадыров Рамзана, нагахь санна Нохчийчоьнан куьйгалхо вен омра дала гӀортарца ша гунахь вац аьлла, тоьшаллаш цо ца дахь. Изза кхерам бу ГӀалгӀайчуьрчу Пачхьалкхан Думин депутаташна Барахоев Бекханна а, Дагестанера схьаваьллачу Курбанов Ризванна а.

"Тешаш бу, цара стаг вен тIедиллина нах, цаьрга хиттина мел ахчанах дийр дара аша бохуш", - дIахьедира Кадыровс Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн векалшца хиллачу кхеташонехь.

Цу кепара республикан куьйгалхочо дуьххьара комментари йира гезгмашан-беттан 18-чохь Оьрсийчоьнан уггаре а йоккхачу Вайлдберрис маркетплейсан Москварчу офисехь хиллачу герзаш деттарх лаьцна. Кадыровс хиллачух "денна хуьлуш долчу бахьанашца, нах вовшашна дуьхьал латийта гӀертар ду" элира. Ткъа герзаш деттарехь дакъалоцуш хиллачу кадыровхошна дуьхьал долу бехкаш, шега схьакховдо деза аьлла, дIахьедар дира цо.

Цул сов, нохчийн политико дӀакхайкхийна, Москварчу офисехь вийначу ГӀалгӀайчуьрчу шина хадархойн гергарчара социалан машанашкахь, шена дуьхьал чIир кхайкхийна бохуш. Цо иштта дIахьедира беллачийн гергарчу нахе, Iадатехь ма хиллара, шен девешица зӀене бовлар а, цул тӀаьхьа ша "ойла йийр йу" оцу нахаца хӀун дан деза аьлла.

Керимов Сулейман а, Барахоев Бекхан а масийттаза хаавеллера Вайлдберрис а, арахь реклама йеш йолу "Русс" компанеш цхьаьнатоха луучу нахана юкъахь. И барт бахьана долуш Кадыров Рамзан йукъагӀоьртира Вайлдберрис маркетплейс кхоьллинчу Бакальчук Татьянин а, Владиславан а девна. Кадыров Рамзана дош деллера бизнесхочун Бакальчук Владиславан хӀусамненаца, Вайлдберрис компанин долахочуьнца Бакальчук Татьяница "йист йаккхаза Iийр вац" ша аьлла. ХӀун йукъаметтиг йу депутатан Курбанов Ризванан оцу гIулкхца, хууш дац.

  • Товбеца-беттан 18-чохь Бакалчукца цхьаьна Вайлдберриc-ан офисе кхаьчначарна юкъахь вара Нохчийчуьра экс-прокурор Эльмурзаев Анас, хӀинца ша бизнесхочун адвокат ву олу цо. "Агентство" хьостано дийцарехь, Эльмурзаевс девнехь дакъалацаро гойтуш хила тарло, Кадыров Рамзан тIелатарна тIехьа лаьтташ хилар. Цул совнаха, цу гӀуллакхехула лецначарна юкъахь бу Нохчийчуьра кхерамазаллин структурийн белхахой хилла а, хӀинца белхан беш болу а нах.
  • Бакальчукца цхьаьна хиллачарна йукъахь хилла Нохчийчохь прокурор лаьттина Эльмурзаев Анас, хӀинца шех совдегаран адвокат олу цо. "Агенталла" хьостан журналисташна хетарехь, Эльмурзаевс цу конфликтехь дакъалацаро тоьшалла деш хила тарло Кадыров Рамзан Wildberries компанина штурм йан гӀортарца воьзна хилар.
  • Wildberries-хь герзаш деттачу хенахь вийна компанин офисан ши хадархо, и ший а ГIалгIайчуьра вахархо вара; масех эзарнашкахь нах дуьхьалбаьхкинера даймахкара аэропорте церан декъий цIа кхочучу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG