Цхьана кIиранахь сов бен ца лаьттира Карабулак гIалана йистехь «Промжилбаза» олучу кертахь бехачу нохчийн мухIажарш дIакхайкхина йолу мацалла. Шаьш бохучуьнна тIетан, Iедалша аьттехь дагахь доцийла хиъча и акци ерзо сацам хилла церан.
Масех де хьалха, уьш болчу веънера, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а. Цо рогIера уза даре дина, Iедалша, нохчийн мухIажаршна кхин дIа гIо дан дагахь дац аьлла. Маршо радиога, шай цуьнца хиллачу цхьанакхетарах, дийцира мухIажар йолчу Джабраилова Маликас.
Джабраилова Малика: « Тахана, мехка куьйгалхо схьа а веана, и мацалла сацийна.Иза сацора хIун бахьан ду? ГIулалкх дийра ду аьлла сацийна яц иза. Нохчийн шай президентигар шай ахча а деха, шайна бахам а беха, боху цо. Федерала Iедалша делла ахча ма ду иза, тхуна хIунда ца догIу иза, тIом баьлча дуьйна кхузахь ма ду тхо, аьлча, шай имза дала декхарийлахь вац боху цо.
ТIаккха ахь тхо къаьмнашна доькъуш ду-кх тхо аьлча, дац боху цо. Лаахь, шен махкхаь керт-ков а эций вахьховша боху. Амма, чамда буйна а йоьллина, шуна ахча доьхуш шен лела аьтто бац, элира Евкуровс».
Мархийн бутт дIабаьлча, диолгIачу дийнахь, мухIажарш бехаш йолу и меттиг, дIа а шаръйина, цу меттехь, ишкола ян дагахь ду Iедалша. Ша иза тIаьххьара, шуьга доьхуш ду, дIа цIа гIо, аьлла, гIалгIайн куьйгалхочо дIахьедар дича, мухIажарш, юха а арз дина, цуьнан дIахьедарш низамашца мел догIуш ду, хьесап де аьлла, талламан комитете а, прокуратуре а , ишшта кхин дIа а.
Джабраилова Малика: «Тахана Гитлеран а, Сталинан а заманахь ца хилларг ду Евкуровс лелош дерг. ХIунда лелош ду цо иза, оха, Талламан комитете а, прокуратуре а, экономикан кхиоран министралле а кехаташ чуделла. Оьрсийчоьнан президенте дахьийтинчу кехатан доьхьал жоп деана тхоьга, тхан гIуллакх тIебогIучу баттахь тидаме оьцура ду аьлла. Кхин хIум ду аьлла, хIума дац иза, кехат цига дIакхачар бен».
«Промжилбаза» олучу кертара нохчийн мухIажарш, Нохчийчу цIа бирзича, дIакъовла мегар ду,цара ГIалгIайн махкахь даьккхинчу I2 шеран баланийн агIо. Уьш тIамах боьвда луларчу махка дIабоьлхуш, дина долу бераш, даккхий хилла. Кхузахь Нохчийчохь а, царна тховкIело яла сатессина а бац.
Шу цIа хIунда ца доьлху аьлла хаьттича, иза бахьан ду боху цара, коьрта. Ян нехачарна юккъахь шай а боцуш, шайчарна юккъахь, неха а хеташ, шина дуьненна юккъахь бисича санна бу, кхолламан къера ца хилла болу и нах.