Либерал-демократин парти Нохчийчохь цкъа а яцара наха я лоруш а, я цхьана а чоьте оьцуш а. Наггахьчунна бен ца хаьара цуьнан дакъа махкахь дуйла а. Цундела и дакъа дIакъовлуш ду шаьш, оцу партера а довлуш, аьлла, цуьнан куьйгалхочо Шамсадов Iадлана динчу дIахьедарах цецбевлларш а дукха бу.
Лоьма Соьлжа-гIалин вахархо ву. Жириновский Владимиран, аьлча а, цуьнан къамелан а, цуьнан политикан а мах вуно лахара хадабо цо. Дашна а доцуш, билгалдаккха мегар ду, цунна санна хеташ ву хIора а нохчо.
Лоьма: «ЧIогIа харц ву и стаг. Ас цуьнга хаам бахьийтина, гергахь ваьхна а, дешна а ву вайша, хьо сан школехь дешна цахилар халахета суна, ас хьалххе бина хир бара хьоьца къестамаш, аьлла. Кхо бутт хьалха бахьийтина ас и хаам. Цо тIаьххьара динчу
Къамелна дуьхьал кхин цхьаъ а бохуьйтур бу. Коган гола уллехь ю, амма, цунна ка ца тохало. И жириновскийг1ар шорта бу. Цара бохург деш вай схьадаьхкинехьара, вайх цхьа а вуьсур а вацара. Иза Думехь а воцуш, артистан Петросянан тобанехь жухургалла лелош хила догIура».
Жириновский Владимир Оьрсийчоьнан политикан жухург ву боху Лоьма дуьхьараниг вац. Амма вице-спикер ма хеттара кхетамчуьра ваьлла воцийла а кхетадо вай. Шех нах белахь а, дуьненан бахам гулбина цо, бохуш, кхидIа а дийцира Лоьмас.
Лоьма: «Цунна тIаьхьахIиттинчу нехан бIаьргаш гиний хьуна? Церан хьажаран терго ел ахь! Дукхаберш психитран пациенташ бу. Дудаев волчу хенахь кхуза а веана, хаза къамелаш а дина, юха шена кхузахь хIума ца йоьжча, дIа а вахана, Жириновскийс вайна тIехь дийцинарг дага ца догIу вайна? Цхьа ор бен хIумма ца юьтуш, тоьхна хIаллакъян еза Нохчийчоь, бохуш».
Либерал-демократин партино деххачу шерашкахь харжамашкахь 3-гIа, 4-гIа меттигаш бохуш схьайогIу . Оцо бахьана ло Жириновскийна нах ир-карахIоиттон, бохуш, кхин дIа а дуьйцу Лоьмас.
Лоьма: «Цо адамийн уггаре а вуочу амалшна тIехь ловзарш до. Маларчийн лаамаш бу-кх цо хьалхатоьттуш берш. Хьекъал долчу нахана дош хеташ ма дац цо бохург. КIохцал-сара тоьхна, шаьш Кавказна чу а бохкийтина, цо бохуш долу 2-3 бер а деш Iийр ма бац нохчий. Ма чIогIа гIийла хеташ хилла цунна нохчийн къам!».
Цхьана юкъанна нохчийн политика Аслаханов Асланбека Жириновскех лаьцна олуш, цуьнга къамел дира, иза говрах чекхбаьккхина сула бу аьлла.
Либерал-демократин парти Нохчийчохь хуьлийла а дац, елахь - иза дIа а къевлина, цуьнан декъашхой Жириновский волчу дIахьовсо беза, аьлла хета Соьлжа-гIаларчу вахархочунна Лоьмина.
Лоьма: «Кхузара цуьнан парти дIаяхийта еза. Халкъан мостагI ма ву иза. Цунна гIо деш вверг мила а ву халкъан мостагI».
Жириновский Владимиран политикан некъ болабелира доккхачу декъанна Кавказ бахьанехь. ХIара регион цуьнан коьрта хьевда ду. Цхьана юкъанна, шен даггара ши доттагI ву Дудаев ЖовхIаррий, Хуьйсайн Саддаммий, бохуш дийцира цо, амма дукха хан ца ийшира цушиннах а дIаверза.
ХIинцалц ког ца тасалуш, ша боххург чекхдоккхуш леллачу Жириновскийн Кавказерчу харжамхойн терахь лахдала тарло. Цхьаболчу эксперташна хетарехь, ша дIаваьлча, шеен воьIан кара гIон йолчу партина Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара агIончаш гулбеш ву иза, цхьана а тайпа хьанал-хьарам а ца къестош.