ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчура къаьмнаш цхьаьнакхетаран де даздина Нохчийчохь


Оьрсийчоь -- Нохчийчохь Оьрсийчура къаьмнаш цхьаьнакхетаран де даздеш, царна дуьхьал хьажийна маьхьарий а детташ, шайн акци дIахьош бара Москох оьрсийн националисташ, Лахь4, 2013
Оьрсийчоь -- Нохчийчохь Оьрсийчура къаьмнаш цхьаьнакхетаран де даздеш, царна дуьхьал хьажийна маьхьарий а детташ, шайн акци дIахьош бара Москох оьрсийн националисташ, Лахь4, 2013
Цхьааллин де Нохчийчохь, даиман санна, даккхийчу цхьаьнакхерашца а, хьелхаршца а, гайтамашца а дIадаьхьира. Уггаре а коьрта хилам бара Соьлжа-гIалан юккъехь, Къаьмнийн доттагIаллан майданехь.

Цигахь боккха гулам а бина, даарш а, хелхарш а гойтуш бара, махкахь дехачу къаьмнийн векалш. НогIий а, суьйлий а, гIумкий а, гIалгIазакхий а, ишшта кхиберш а, нека юккъехь стоьлаш а хIиттина, тIевогIучунна кхача луш лаьттара. Уггаре а дукха лаьттара, гIалгIайзкхийн даарш тIехь долчу шуьнан гонехь.

Цу тIехь дара цара шаьш даьккхина кемсийн чагIар. Иза стаканаш дуззий молуш лаьттара, божарий. И сурт гинчу цхьана даржхочо, вела а велла элира «и малар паргIат долчу хенахь яр-кх къоман цхьаалла» аьлла. Иштта, забарш а еш, чекхделира оцу меттехь и даздар.

Махкахь, хIора кIоштахь а дIадаьхьира цу тайпа цхьанакхетарш. Дийцаре дора, таханлерчу Оьрсийчохь, мел оьшуш хIума ду, къаьмнаш бертахь, вовшех лараман бух а болуш, цхьаьна дахар.

Нохчийчохь даиман иштта лекхачу тIегIан тIехь дIахьо, цу тайпа даздарш. Тидаме эца йиша яц, махкал арабевлча нохчашка мостагIашка санна хьоьжуш хилар а, царна оьрсийн регионашкахь Iаткъам беш хилар а. Iедалшна и хIуманаш ган лууш дацахь а, могIарерчу бахархошна дукха дика гуш ду иза.

Iела цIе йолчу Соьлжа-гIалара вахархочо, оцу дийнах лаьцна шена хетарг иштта довзийтира.

Iела: «Цхьаалла-м яцара. Я хуьлуьйтуш а яц. Иза муха хира ю, ахь мел боккхуш болу ког доьхьала бетташ хилча? Оцу денна, шен цхьа зIе ма ей. Хиллала хуьлуш хилча, дагалецаман де, я кхин цIе йолуш хила дезара. 1612 шарахь хилларг ду аьлла дIакхайкхадаллалца, цхьанна а хиина а ма дац и де. Цу хенахь, кегарш болчу хенахь, дукхах долчу къаьмнийн бала болуш , я зIе а йолуш де дац иза».

Къаьмнийн цхьааллийн де даздечу хенахь, Москохахь, «Оьрсийн марш», аьлла националистийн гулам дIахьош бу. Иза муха тида деза, хууш бац, Нохчийчохь. И шалхенаш бахьнехь, шена и де деза ца хета, элира, бакъонашларъярхо йолчу Саратова Хедас.

Саратова Хеда: «Тахан вай кхузахь и де дазщдеш бу, ткъа Москохахь, «Оьрсийн марш» дIахьош бу. Цхьааллийн де аьлла суна, деза де дац-кх хIара де».

Тахана Оьрсийчохь, къаьмнийн цхьаалла ца хиларалла сов, пачхьалкх цхьа бух боцучу берда йистехь лаьтташ санна хета шена, бохуш кхин дIа а дийцира Саратова Хедас.

Саратова Хеда: «Тахана, оцу Оьрсийчоьно хIора 50 шо мел долу, тIемаш беш схьадеъна ду. ТIаьххьара хилчу тIамехь 300 эзар стаг хIаллак вина. Москохахь, автобус чохь шен ненаца телефончухулла нохчийн маттахь вистхилла аьлла, лагах урс а хаькхна араваьлла и стаг. Иза лаца гIерташ а вац цхьа а. Вай нохчочо иза дина хиллехьарий кхечу агIора хира дара иза. Оьрсийчоьнна, вай массо а хенахь вахь а таьIан Iан дезаш ду. Цхьаалла, яц суна а, со санна болчу нахана а».

Масех шо хьалха, «Машук-2010» олучу кегирхой гуллучу цхьана форумехь, цхьаммо кхайкхам бинера, пачхьалкхехь массо а къаьмнийн векалш куьйгаш а лаьцна, бIаьра а хьаьжна, вовше кIинтIера довла деза аьлла. Ша верг реза хиллера, ама, оцу тобанна юкъара чергазо къомах ворлчу цхьана студенто, хаьла а гIаьттина, хаьттинера, шен къоманн тIехь динчунна, шаьш кIинтIера маца доккхура ду аьлла.

Цхьаалла, дашанна лелош ялахь, хIинца санна мегар йолуш ю, амма, баккъалла а пачхьалкхехь хьалха санна барт а, доттагIалла хилийта а лууш далахь, сихонца цхьаъ дан деза Iедалша, цхьа бохам хилале аьлла хета и гIуллакх шай тидамехь латточу тергамхошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG