ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Руссо Авраам вен гӀортарна бехкевинчу нохчийн латархочунна кхел йийр йу кхин а нах байарна а


Черкизан базаран долахо хилла Исмаилов Тельман
Черкизан базаран долахо хилла Исмаилов Тельман

Эстрадан иллиалархо Руссо Авраам лачкъорна а, иза вен гIортарна а бехкевинчу Нохчийчуьра латтархочунна Эльдукаев Тарханна дуьхьал керла бехтакхаман гIуллакх долийна. Иза бехкевина ГуршумовгIеран вежаршна Тельманна а, Таирна а, и шиъ вен Iалашонца кIело йарна. ТӀаьххьарниг вийра 1996-чу шеран гIуран-баттахь. Талламна хетарехь, Черногорехь лечкъаш волу Исмаилов Тельман лору цу тӀелатарийн коьртехь хилларг. Эдулькаевс харцдо, ша Черкизан базаран хиллачу долахочочуьнца уьйрашкахь хилар, йаздо "Коммерсант" зорбано.

Талламчийн версица, "Зар" компанин куьйгалхочун Гуршумов Таиран дов даьлла Исмаиловца, шайна хилла пайда дӀасабекъарна тIехула – цу хенахь цу шиммо а ханна аренде эцна хилла Черкизан базарара дакъош. Бехккъасторхоша Эльдукаев лору Исмаиловн кхерамазаллин урхаллан куьйгалхо, цо шен конкурент дӀаваккха аьлла дехардина Эльдукаевга. 1996 шеран гIуран- беттан 23-чохь киллеро вийра Гуршумов Таир, иза Iаш волчу цIийнан чу воьддучохь, цуьнан вешина Тельманна чолхе чевнаш йира, амма дийна висира иза.

Нохчийчуьра орамаш долу спортхо- латархо хилла волу Эльдукаев Тархан лаьцна 2023-чу шарахь гIадужу-баттахь Москвахь Басманан кхелан сацамца. Иза бехкевинера Исмаилов Тельманан омраца 2008-чу шарахь иллиалархо Руссо Авраам лачкъорна а, вен гӀортарна. Ткъа товбеца баттахь стаг лачкъорна бехказа ваьккхира иза, цу гӀуллакхан талламбен хан тIехйаьлла хилар бахьана долуш, ткъа ша Эльдукаев гӀоьртира талламехула тӀеман министраллица контракт йан, Украинерчу тӀаме вахархьама. Амма иза дIахеца реза ца хилира Iедал.

Руссоца хиллачу бехктакхаман гIуллакхан а жоьпе озон хан чекхъйаьлла, иза хууш, талламо Эльдукаев кхин а "даккхийчу" зуламашна бехкеван ца веза, бохуш чӀагӀдо цуьнан адвокаташа. Шега хеттарш дечу хенахь, цо ша дӀахьединера, ша цкъа а Исмаилов Тельманан хадархойн тобанан декъашхо хилла вац, цуьнца юкъахь гIуллакхаш а ца хилла шен аьлла.

Черкизан базаран долахо хилла волу Исмаилов Тельман Оьрсийчуьра дӀавахана, амма 2016 -чу шарахь лаца кхайкхина вара, бизнесхой Савкин Владимир а, Брылев Юрий а вен барт беш дакъа лаьцна аьлла. Черногори реза ца хилира 2021-чу шарахь Исмаилов Оьрсийчоьне дӀавала. Керлачу зуламийн эпизодаша аьтто бийр бу, юха а дехар дахьийта, билгалдаьккхина "Коммерсанто". Зорбано дийцарехь, цкъачунна Исмаилов бехкевина вац вен дагахь ГуршумовгӀеран шина вешина кIело йарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG