Туркойчохь эмиграцехь волчу Нохчийчуьрчу Iедалшна оппозицехь волчу блогере Халитов Хьасане сурт кхаьчна цуьнан доьзалца доьзна долу (цхьаболчу хаамашца йишин). Иза интернетехь даржо цалаахь республикан куьйгаллана критика яр сацаде, боху цуьнга, яздо Кавказ.Реалиино.
Цо яздарехь, иштта сурт даийтина хиларх лаьцна дуьххьара хаам бина "Вайфонд" боламан телеграмм-канала. И хаам тIечIагIбина шен видеокхайкхамехь нохчийн блогера Абдурахманов Тумсос. Цул сов шантажах лаьцна хаам бакъбина IADAT боламан векалша а.
Дийцарехь, сьурта тIехь ю,шен доьзал а болуш, еха зуда.
Стохка ГIуран-беттан 24-хь Халитов Хьасана дийцира "Дождь" телеканале (Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьара агент" лерина. Редакци реза яц оцу сацамца.) махкахь бисинчу шен вежаршца а, деца а зIене ца валало ша аьлла. Хьалхо шен нахана тIеIаткъам бина хиларна, царна ша сагатдеш хилар хаийтина Халитовс.
Доккхачу декъанна, блогеран гергарчаьрга видео дIаязъяйтинера "сийсазвеш, дов деш" кхунна. Цул совнах, телефонехула динчу къамелехь Халитовн вашас дийцинераа, нагахь санна, блогер "ца сацахь", шаьш дойур ду, бохуш, кхерамаш тийсинера шайна аьлла.
Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада, Халитовн дIахьедарх дуьйцуш аьлла, республикан Iедалхойн "гIуллакх дац дозанал а арахьа бехачу клоунашца" аьлла.
Истанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийнера ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт.
Талламхошна хета уьш тIелатар кечдеш хиллера аьлла, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционершна, шайна юкъахь Халитов Хьасан а волуш.
ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.
- Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.
- Дечкен-беттан 7-хь Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла. Кремло тергал ца дина иза.
- Нохчийчохь оппозиционерийн гергара нах лецарна, набахтешкахь Iазап латторна дуьхьал Дечкен-беттан 8-чохь митинг хIоттийра Францерчу Страсбургехь. Иза кечйинчу юкъараллех цхьаъ яра Европерчу нохчийн ассоциаци – исс пачхьалкхехьбеха цуьнан декъашхой.
- Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а.
- Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.