Оьрсийчоьнан президентан Шемарчу лерринчу векало Лаврентьев Александра дIахьедина оьрсийн тIеман авиацин тохаршкахь нохчийн тIеман командир Шишани Муслим вийна аьлла.
"Дукха хан йоцуш ВКС-н (тIеман-космосан ницкъаш.-Редакцин билгалдакхар.) аьтто хилла "Джунуд аш-Шам"* тобанан цхьахволу хьалханча аш-Шишани Маргошвили вен", - Новости агенталло далийна Лаврентьевн дешнаш.
Оьрсийчоьнан векалан дешнаш доцург, хаам тIечIагIбеш кхечу хьастийн тоьшаллаш цкъачунна дац. Йозуш йоцчу хьасташа тIе ца чIагIдина Шишани вер.
Хьалхо дийца даьккхира, Шемахь кеман тохаршкахь Шишани Муслиман хIусамнана а, бераш а лазийна аьлла. Твиттерехь бира и хаам "Идлиб провинцин ингалсан маттарчу официалан аккаунто". Шишанина хIетахь чевнаш йина яц аьлла, яздора.
Шишани Муслим вевзаш ву иштта Маргошвили Мурад санна, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто террорхойн тептаре ваьккхинера иза 2014-чу шарахь санкцеш дуьхьал а йохуш.
- Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазахь вина нохчо ву Шишани Муслим. Цо дакъалаьцна Нохчийчохь Оьрсийчоьнца хиллачу шолгIачу тIамехь. Иза командир ву "Джунуд аш-Шам" тIемалойн тобанан. И тоба а йихкина ю Оьрсийчохь.
- "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобан декъашхоша ГIадужу-бутт болалуш дIалецира Шишанин Идлибера штаб-хIусам. Амма цхьа де далале цо маьрша яьккхира иза.
- 2018-чу шарахь Шишанис кхайкхам бинера Шемарчу оппозице, цхьаьнакхета деза вай аьлла. Цу кепара цо юхатоьхнера ша Туркойчоьнна гIо деш Шамарчу курдашна дуьхьал хиллачу операцехь дакъалаьцна бохург. Болчу хаамашца, Шишанин тобанехь нохчий боцурш дуккха а бу курдийн къомах болу тIемалой.