ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен пропагандин телевизионера программин видеош Кадыровна совгIатна йелла Михалков Никитас


Михалков Никита а, Кадыров Рамзан а
Михалков Никита а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Соьлж-ГӀалахь цхьаьнакхетта кинорежиссерца Михалков Никитаца. Цу цхьанакхетарехь Михалковна республикан хьакъволу исбаьхьллин гIуллакхдархо аьлла, сийлахь цӀе йелла. Ткъа Михалковс Кадыровна совгIат дира шен пропагандистийн "Бесогон" программийн 40 эпизод тIехь йолуш флешка-ручка а луш.

Шен телеграм-каналехь и хаам бира Кадыровс. Цо билгалдаьккхира, Соьлжа-ГӀалахь Михалковс шен "12" цӀе йолчу кинон буха тӀехь кхоьллинчу спектаклан премьера йовзуьйтуш хилар, къоман театрийн V-чу Йерриг Оьричоьнан "Федераци" фестивалан гурашкахь.

На встрече чиновник и режиссер обсудили съемки дебютного фильма Михалкова "Свой среди чужих, чужой среди своих" (1974), которые проходили в основном в Чечне, а прощаясь, согласились, что "у нас враг один".

Цу цхьаьнакхетарехь куйгалхочо а, режиссеро а дийцаре дира, коьртачу декъана Нохчийчохь съемкаш йинчу Михалковн "Хийрачу нахана йуккъера шениг, шен нахана йукъара хийраниг" дебютан фильм йаккхарх лаьцна.

"I2" (2007) кино йу — Американ режиссеран Сидни Луметан "12 оьгӀазвахана стаг" (1957) гӀарайаьллачу кинон римейк, цуьнан дийцаран чулацам - шен да верна нохчийн жимчу стагера бехк баккхар бу.

Дечкан-баттахь видеош дӀасайаржочу YouTube—агIонера дӀайаьккхира Михалков Никитинан "Бесогон" телеканал, "дискриминацин къамелашца доьзна низамаш дохийна аьлла". Оцу гайтарехь Михалковс йух-йуха а йаржийра конспирацин теореш.

  • Товбеца-баттахь "Дождь" каналан журналисто Таратута Юлияс хаам бира, режиссер Беркович Женя а, драматург Петрийчук Светлана а терроризм бакъйарна бехке йинера, Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре Михалковс дIахаийтар бахьана долуш аьлла. Iедал тIаьхьадаларан бахьана дара "Финист ясный сокол" спектакль. Цу тIехь Оьрсийчуьра зударий радикалан исламхошка маре баха Шема дӀабахарх лаьцна дуьйцура. Михалковс харцдира шен дохку бехкаш.
  • Стигалкъега -баттахь политолого, профессоро Сунгуров Александра шен дарж дитира Лакхарчу экономикан школин Петарбухерчу филиалера, Михалковс мотт бар бахьана долуш – "Бесогон" программехь цо бехкевира Сунгуров Оьрсичоьнна дуьхьал жигаралла лелорна.
  • Дечкан-баттахь Михалковс йехха интервью йелира ТАСС агенсталлина, цо дийцинарг социалан машанашкахь шуьйра цитаташкахь дIасадаржийра. Кинорежиссеро мостагI аьлла цIе тиллира "пхоьалгӀа дакъана" – цунна хетарехь, цора дӀахьош бу "диверсин болх", и бахьана долуш Оьрсийчоьнан тӀамехь толам баккха йиш йац.
  • 2022-чу шеран дечкан-баттахь Евросоюзо санкцеш кхайкхийра Михалков Никитана дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG