ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена совгIатна йелла хилла Cybertruck электромобиль болх бечуьра геннара сацийна аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзанан Tesla Cybertruck, Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналера видео йуккъера йина скриншот
Кадыров Рамзанан Tesla Cybertruck, Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналера видео йуккъера йина скриншот

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина, бизнесхочо Маск Илона дистанцихь дӀаяйъарх Tesla Cybertruck цӀе йолу электромобиль, и шена цо хьалхо совгIатна йелла бохура цо. Маска бакъ ца дира, ша цкъа а и тайпа совгӀат дина хилар.

"Товш доцург дина Маск Илона. Даггара деза совгIаташ до цкъа, цул тIаьхьа геннара дIакъовлу церан болхбар", -йаздина Кадыровс шен телеграм-каналехь. – Борша стага лелон хIума дац хIара. И тайпаниг муха мегар ду, Илон? Ишта хIума деш хуьлу?".

Цо чIагIдо, машенах Украинехь тIеман хьашташ кхочушдеш пайдаоьцура, "Iаламат дика шен тIеман Iалашонашца ларош а йара иза" аьлла.

ХIара хаам зорбане боккхучу хенахь Маск Илона а, Tesla компанино а хаийтина дацара Кадыровн долахь нисйелла электромашен дӀакъовларх лаьцна, йа цуьнан дӀахьедарна комментарий а ца йина цара. Tesla машенаш йечу компанино дистанцихь машенан болх сацон мегаш хиларх лаьцна официалан дӀахьедарш дац, амма автомобилийн зорбанашна хетарехь, иза дан мегаш ду, социалан машанашкахь хьахош ду и тайпа гӀуллакхаш.

Марсхьокху-баттахь Кадыровс дӀахьедира, шена Tesla Cybertruck электромашина кхаьчна "лерамечу Маск Илонера", цо дош делира и машен Украинерчу тӀаме хьажо. Зорбане даьхначу суьрташ тӀехь электромобильна тӀе хIоттийна пулемет а йолуш, гойтуш ву Кадыров.

Ши де даьлча Маска харцдира Кадыровн дӀахьедар, New York Times газетан журналисто Абрамсон Сетас Нохчийчуьра Cybertruck хьахош динчу йозана шогачу кепехь жоп а луш. "Боккъал а вуй хьо оццул Ӏовдал, ас Оьрсийчоьнан инарлана Cybertruck йелла моттал? ХIара кхин а цхьаъ масал ду коьрта хаамийн гӀирсаш мел хӀиллане бу дIагойту", - йаздинера Маска шен твиттерехь.

Кадыровс а жоп делира Маска динчу оцу къамелана – цо баркалла элира цуьнан кхиамашна, дӀахьедира, Оьрсийчоьнан эскарша а лелайо боху Маскан компанино кечйина Starlink спутникан системаш аьлла.

  • Tesla компанино цкъа а дуьххьалдIа Оьрсийчохь машенаш йоьхкина йацахь а, цуьнан продукци махка йогӀу, кӀезиг йелахь а. "Система" талламан проектана гучуделира 2023-чу шарахь Китайра чуйалийна кхоъ Tesla Model 3 машен дозанал арахьа йоккхучу тӀера ял оьцучу организацин складашкахь хилар. Ши машен Благовещенскехь нисйеллера, ткъа кхоалгӀаниг Смоленскана гергарчу, масех иттаннашкахь нах бехачу Стабна олучу юьртахь. И машен эцна хиллера Воронежерчу автосалоно. Кадыров Рамзанан санна, интернте-базашкахь Tesla Cybertruck моделаш ца карийна, делахь а оцу базашкахь гойтуш йац массо а чуяйаийначу машенех лаьцна информаци.
  • 2022-чу шеран охан-баттахь Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу Мелитополера 1,5 миллион евро мах болу юьртабахаман гӀирс арабаьккхира. ТӀаьхьо, GPS-трекерех пайда а оьцуш, уьш карийнера Нохчийчохь. Тракторш а, комбайнаш а дӀайолаяла йиш йацара – царна а геннара блок тоьхна хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG