ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши эзар сов доьзал "цхьаьнатохарах" дIахьедина Нохчийчуьрчу  хьаькамаша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Йалх шарчохь шаьш 2417 доьзал "цхьаьнатохарах" дIахьедина Нохчийчуьрчу Iедалхоша, - тIаьхьарчу шерашкахь республикехь болх беш йу доьзалаш цхьаьнатохаран комиссеш. Цу комиссийн балхах чекхбевллачу меттигерчу бахархоша хьалхо Кавказ. Реалии сайте дийцира комиссеша шайна бинчу тIеIаткъамех.

"Цхьаьнатохаран" зераш даладо ЧГТРК "Грозный" телеканало. Охан-баттахь Iедалан хаамийн гIирсо дIахьедира 2395 доьзал цхьаьнатохарах. Цу кеппара, шина баттачохь комиссешкахула чекхбелира мел кIезга а 22 доьзал. Хаамехь билгалдаьккхина ду, и доьзалаш цхьа кегийрачу бахьанашца боьхна хилар.

2017-чу шарахь дуьйна республикан хIора кIоштахь болх беш йу и тайпа комисси. Царлахь бу: меттигера полисхо, префект, къеда (бусалбанийн кхелахо), социал-белхалой, къанойн кхеташойн декъахой, "Единая Россия" партин векалш.

Къилбаседа Кавказехь болх бинчу юристо Аветисян Григорийс дийцира, Нохчийчуьрчу Iедало бертаза доьзалаш "табарах", "цхьаьнатохaрах".

  • 2022-чу шарахь Нохчийчохь дIасакъаьстира официалехь кхоьллина 9070 доьзал. И терахь шо хьалха хилчул шозза ах сов ду. Проценташца дуьстича, Оьрсийчохь доьзалаш бохарехь регион хьалхарчу меттехь лаьтташ йу.
  • Доьзалш къестар тIекхетта аьлла, хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоьнца цхьаьна Дагестан а йара (+206 процент йара 2022-чу шарахь), ГIалгIайчоь а йара (+190 процент). Оцу йукъанна официалехь доьзал кхолларх регистрацин терахь лахделира Нохчийчохь: 2021-чу шарахь 7504 доьзал тIечIагIбира, ткъа 2022-чу шарахь – 4390.
  • Доьзалш къаьстинчул тIаьхьа берашна тIехь нене Iуналла дайтарца доьзна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбеш бац Къилбаседа Кавказехь. Оцу кепара хьесап дира Европан Кхеташонан министрийн Комитето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG