ТIекхочийла долу линкаш

 
Хьийзор, ток йеттар: Подмосковьера полицехь шена тIехь гIело латторах дуьйцу дагестанхочо
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьийзор, ток йеттар: Подмосковьера полицехь шена тIехь гIело латторах дуьйцу дагестанхочо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанера бакъо йоцуш герз лелорна шеконашца лаьцна хилла волу Магомадов Магомеда арз дина, Москвахь Развилка кӀоштан полицин декъехь ток йетташ, шена тIехь Ӏазап латторах лаьцна. Цуьнан адвокаташа дийцарехь, ницкъаллин структурийн белхахоша кхаа дийнахь, адвокатех а, доьзалх а лачкъийнера Магомадов волу меттиг. Цунна экспертиза йан а, дарба дан а оьшушшехь, дечкен-беттан 27-чохь кхело Магомедов изоляторехь лаьцна латторан хан кхин а йахъйира. Подмосковьера полицин декъехь бала хьегийтийна хилар тергоне эцна Дагестанан Ӏедало, амма иза хьийзийна бохург бакъ ца до.

МогӀарера белхало

26 шо долу Магомадов Магомед дечкен-беттан 20-чохь Развилкехь шен хӀусамехь лаьцна, травматикан тапчанах тӀеман герз дарна шеко йолуш.

"Лаьцнарг вехачу хIусамехь карийна, хетарехь, йина тайп-тайпана тапчанаш а, церан конструкцин дакъош а, ткъа иштта патармаш, автоматашна а, карабинашна а, кхечу тайпана герзашна а", - аьлла, дӀахьедира Москван кӀоштан ГУ МВД-ен урхаллехь. Цара тӀетуьйхира, дагестанхочун терроризмаца зIе хиллий шаьш толлуш ду аьлла.

Адвокато Узденский Сергейс дийцарехь, полисхоша Магомадов волу меттиг къайлайаьккхинера, кхоалгӀачу дийнахь, дечкен-беттан 22-чохь бен иза лацар дӀайаздина ца хилла. Узденскийс шен клиент билгалвоккху, цхьа а динан радикалан хьежам а боцуш, "могӀарера къинхьегамхо" санна. Ницкъхойн Магомадовх шеконаш кхоллайелла хила мега, иза герз тоха тире лелаш хилар а, иштта цо шен социалан машанашкахь герзан суьрташ хIиттор бахьана.

Полицис лаьцначунна гӀело йина бохург "бакъ дац" аьлла дӀахьедар дина

Полицин декъехь Магомадовна ток йиттира, цул тӀаьхьа цара иза стоьла тӀе охьавиллина, бага кехатан тӀоьрмиг а биллина, швабраца сийсаз ваьккхира. Цул сов, лаьцнарг хьуьнах вигира "цуьнан тоьшаллаш тӀечӀагӀдан", йаздо "Осторожно,новости" тeлеграм канало, Узденскийна тӀе а тевжаш. И дерриг а видео тӀе дIайаздира ницкъхоша. Магомедовна шена тIехь ницкъ бинчу полисхойн йаххьаш дагайогIу, уьш бевзар а болуш.

Магомадовс дийцарехь, цунна тӀехь Ӏазап латторан бахьана- шен телефон схьа а йаьстина, "оьшу" тоьшаллаш дан реза ца хилар дара. Цо шена тӀехь Ӏазап латторна латкъам бича, Москван кIоштан полицехь таллам болийра: лаьцнарг волчу изоляторе Оьрсийчоьнан Талламан комитетера талламча веара. Цо дӀайазйира Магомедовн йина чевнаш а, цуьнан дегӀа тIехь карийна резинан Ӏаьржа каран пӀелгийн дакъа, дIахьедира адвокаташа.

"ОьгIазло чIогIа йара, цигахь дерриг а дохийна дакъош дан лаьара суна, процессуальни кепехь боху ас", - йаздира адвокато Узденовс, шен ойла лечкъа а ца йеш.

Магомедовца хиллачу инцидентана комментари йира Дагестанерчу адамийн бакъонашкахула векал волчу Алхасов Запира а, республикерчу Йкъараллин мониторинган комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шамила а, республикин Куьйгалхочо Меликов Сергейс а. ТӀаьххьарчо дийцарехь, дагестанхошна тIехь Ӏазап латторан бахьана "къоман а, динан а бух тӀехь" озабезаме хьежамаш хилар.

Дечкен-беттан 27-чохь Москван, Видновск-кIоштан кхело йуха а листира талламхочо Магомадов лаца везаш хилар дина дехар. Адвокаташа дIахьедар дира, лаьцначунна реабилитаци а, йозуш йоцу, кхин а кӀорггера медицинан экспертиза йан йезаш йу, иза набахтехь дан йиш йолуш дац аьлла, амма кхело Магомедов лаьцна витира.

"Кхеле дӀакхачийра полицин хаам, ФСБ-га информаци кхаьчна, Магомедан цхьаболу гергарнаш лехамашкахь хилар, уьш ИГИЛ-ехь дакъалоцуш бу, ткъа иза ша а цаьрца зӀенехь ву аьлла. И хаам тӀечӀагӀбан цхьа а тоьшалла ца делира кхеле. Цхьаъ а дац", - йаздира адвокато Узденский Сергейс, кхел чекхъйаьллачул тӀаьхьа.

Оццу дийнахь подмоскован кӀоштан полицехь отчет йира талламан жамӀ деш: гӀело йарх лаьцна дина дӀахьедар "бакъ дац" аьлла, "пачхьалкхан медицинан учрежденин лоьро динчу жамӀана" тӀе а тевжаш, амма, цкъачунна, талламаш чекхбевлла бац аьлла.

Шайна тIехь къизалла лайна, массо а вац тап аьлла Iан дагахь

Кавказ.Реалиин редакцин анониман комментарий луш волу Къилбаседа Кавказера бакъонашларъйархочо чӀагӀдо: Дагестанан куьйгалхойн иштта ирча хIума тидаме ца оьцуш, дита йиш йацара аьлла.

"Меликов Сергей кхета, Магомедовн дегӀа тӀехь Ӏазап латторан лараш йолу суьрташ а, видеош а зорбане йаьхначул тӀаьхьа, цуьнан комментарига республика сатуьйсуш йуьйла. ХӀунда аьлча, вай дуьйцург ду кавказхошна а, бусулбачарна а йукъахь къаьсттина реза цахилар кхуллуш долу сексуальны ницкъбар. Цуьнца цхьаьна, иза цхьа а гаранти йац (Талламан комитетан куьйгалхочуьнга) Бастрыкине йукъараллин кхайкхам бинчул тӀаьхьа, массо а бехке верг? баккъалла а жоьпе озор ву бохург. Дагадаийта, Ярославехь а, Саратовехь а колонешкахь хилла гӀелонаш, массо а бехке болу ФСИН-ан белхахошна ца йина кхел. Оцу колонешкахь, кIизалла, сексуалан а ницкъ бина дагестанхошна а, кхечу республикашкара бехкебинчу нахана тIехь ", - дагадоуьйту къамелхочо.

Оперативникашна хаьа, лаьцначунна тӀехь сексуалан ницкъ барна шаьш таӀзарх кӀелхьарадовлур дуйла

Политолога Айсин Руслана редакцица хиллачу къамелехь чӀагӀдора, Меликовс шен охьайоьжна рейтинг, хьалайаккха хьожур ву, и гIулкх шен тидамехь ду, бохуш кеп хIиттош, амма, цуьнан "дакъалацаро" баккъалла а бехке полисхой жоьпе озор бу бохург, щеконе ду.

"Ӏедал, вай кхеташ ма-хиллара, шайн агӀор луьстур ду, хӀунда аьлча, карарчу хенахь ницкъхойн ресурс царна коьрта мехалла йолуш йу. Кремло тӀом дӀахьош бу, муьлхха а реза боцурш, оццу ницкъаллин структураша сацор ву – и бохург ду, царех (ницкъхошах) хьакхавала мегар дац. Мелхо а, ларъбан, мотт хьакха, хьесто а безаш бу, цхьацца царна хазахетар дан хIума а луш", -боху Айсина.

Дагестанерчу йукъараллин жигархочо а, журналисто а (Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана цуьнан цӀе ца йоккху) билгалдоккху: хиллачунна ира реакци уггаре а хьалха ша Магомадов, ца кхоьруш зорбане валарна кхоллайелла йара. Дукхахдолчу хьолашкахь сексуалан ницкъ бина, Къилбаседа Кавказера наха, ишттачу хIуманах, ца дуьйцу.

"Муьлххачу а оперативникана хаьа, лаьцначунна шишаца, йа кхечу хӀуманца ницкъ барна ша таӀзарх кӀелхьара вер вуйла. Зулам динарш кийча бу, бист ца хуьлуш Ӏийна а, хӀуъа а дан, шайна динчух информаци ца йаржийтархьама. Царна эхь долуш хIума хета иза, цундела и видео дIа-са ца йаржийта "Цара куьйгаш йаздийр ду муьлххачу а тоьшаллашна, мукӀарло дийр ду муьлххачу а зуламна", - бохуш, кхетадо журналисто.

Цуьнца цхьаьна спикеро сингаттаме хаам лору, чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло Магомадов терроризмехь дакъалаьцна шеконех, таллам дIахьош бу аьлла дина дӀахьедар.

"Оьрсийчоьхь, таханлерчу низаме хьаьжча, йа лакхара Ӏедал а, йа прокуратура бакъдолчунга хьовсур бац, нагахь санна хьуна "террорхо" аьлла цӀе тиллинехь, низамхоша жигара пайда оьцу цунах, терроризмна бехке а вина, нахана тIехь шаьш къизалла лелор хьулдеш", - аьлла, дерзийра шен къамел дагестанерчу жигархочо.

Дагестанерчу бакъонашларйархочо Анохина Светланас дӀахьедира, боьрша стаг хьийзор, инзаре хIума ду аьлла – Къилбаседа Кавказехь иза провокаци санна тӀеийцира. И хIума ду, республикан йукъаралла а меттигера блогерш оьгӀаза бахийтинарг.

"Кхел йира йуй, Iазап динчарна массарна а? Со пессимист йу цу хьокъехь. ГӀуллакх толлуш дикка хан йала мегаш йу, бехкевечо "СВО" (иштта олу Оьрсийчохь официалехь Украинина дина тӀелатарх- Ред.) хьажор доьхур ду, кхел йале хьалхо, йуха, эха шарахь цӀа вогӀур ву", - аьлла, тӀетуьйхира Анохинас.

"Шераш дIаоьхар ду, ницкъахошна кхел ца кхайкхош"

Хьалхо Къилбаседа Кавказехь "терроран" гӀуллакхаш толлуш болх бина а, Оьрсийчохь Iаш йолу бакъонашларъйархочо дагадоуьйту Кавказ.Реалии редакцица хиллачу къамелехь: Дагестанехь полицехь къизалла лелийна дуккха а гӀуллакхаш хилла, царех цхьадерш, кхел кхайкхийна ду. Бакъду, йа таханлерчу республикан куьйгалхочо Меликовс а, йа цул хьалха хиллачара, цкъа а тидаме эцна дац уьш.

"Хетарехь, вай дуьйцу гIуллакхехь, коьртаниг -Москван полицино гӀело йар, бехк церан хилар. Дерриге дӀахьедарш Москван чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Коьртачу урхаллина дуьхьал ду, Дагестанан полицина дуьхьал дац. Вукху агӀор, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзанс а, цуьнан гоно а гуш-хезаш дӀакхайкхош ду Оьрсийчоьнан йукъараллехь нохчашца ксенофобин хьежамаш хилар, оцу бахьанца Нохчийчоьнан куьйгалхочо дукха хан йоццуш нахана хьалха критика йира Бастрыкинан. Меликов из-за дIахьедар деш ву", – билгалдоккху къамелхочо.

Бакъонашларъйархо шек ву, Дагестанан куьйгалхо дӀахьочу талламна терго йина аьлла, къизалло лелош дакъалаьцначу массо а полисхошна баккъалла а таӀзар дийр ду бохучух. Цунна хетарехь, и гӀуллакх дӀакъовла мега талламхоша, Магомадовна уггаре а дикачу хьолехь, цо гӀовгӀа ца йахь, цунна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх долор дац аьлла, дош а луш.

"Адвокаташ а, лаьцначу а, шаьш а къастор ду иза. Амма, уьш реза хилахь, иза гӀалате тактика йу – хIунда аьлча, мухха а делахь а, иза вуьсур ву "къолам тIехь", цара иза маьрша ваха вуьтур вац, иштта резонанс хиллачул тӀаьхьа , кхерамазаллин ницкъашна боккъал а ца тов шайн ирча гӀуллакхаш нахала дохуш", - дерзийра эксперто шен къамел.

Дагадоуьйтур вай Дагестанехь лецначарна ницкъбарехь дакъалаьцначу белхахошна кӀеда таӀзарш а деш чекхдаьлла массех гIулкх, цу хенахь республикан куьйгалхоша цхьана а кепара тидаме аьцна хилла дац уьш.

2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь полисхоша шозза йиттина Дербентерчу вахархочунна Амаханов Темирханна. ШозлагӀа, дуккха йиттина Iонжар дIахадош вуно чIогIа могушалллина зен дина хилла цуьнна. Талламан комитет йуьхьанца реза ца хилла гӀуллакх схьаделла. 2024-чу шеран, аьхка кхело набахтехь даккха кхо шо хан туьйхира, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан хиллачу белхахошна Адалов Гасанна а, Юнусов Магомедна а.

2024-чу шеран гIура-бутт чекхболуш хиира Кизилйуьртан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан гӀаролхойн белхахошна Рамазанов Шамилна а, Тимиров Магомедна а лаьцначунна йиттина аьлла, 4- а, 3 -а шераш хан тоьхна хилар – цара лаьцна зудчунна, кабель, божарийн мачаш а, къархаш биттина хилла, цкъа хьалха "24 сахьт" туьканахь, тӀаккха полисхойн декъехь а. Экспертизано гайтина зудчунна коьрта тӀехь, дегӀан тайп-тайпанчу меженаш тIехь йиттина ларш хилар.

Диъ шо ду Хасав-Юьртарчу аптекан белхахочо Курашова Юлдуза полисхошна Алиев Шамилна а, Сайпулаев Рамазанна а кхел йар доьхуш йолу. 2020-чу шарахь цара цунна йиттина, йен кхерамаш а туьйсуш, – дерриг а доьзна хилла наркотикаш лелорна бехктакхаман гӀуллакхца, тӀаьхьо и гIуллакх дIакъевлина. 2024-чу шеран бIаьстенан йуьххьехь кхерамазаллин белхахошна хан тоьхна. ТIахьо, кхел йуха а йаьккхина, прокуратуре йухадерзийна гӀуллакх кхин дӀа а таллам бан.

Масех шо ду Муцалаул йуьртарчу вахархочо Алиев Мусас нийсо лоьху, Хасавюртан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн декъехь полицин белхахоша йатташ, дIавихкина цхьана сахьтехь сов латтийна иза, 13 шо долу цуьнан лулара йоIа хьийзийна, мукӀарло ден бохуш. Экспертиза йича гучудаьлла, цуьнан дог лазийна хилар а, дуккха а лазарш хилар а. Алиевна тӀехь гӀело йинчу полисхошна дуьхьал долийна бехктакхаман гӀуллакх сацийра, уьш Украинина дуьхьал тӀаме бахана, ткъа кхелан уьш мичахь бу къасто аьтто бац аьлла.

Къилбаседа-Кавказан регионашкахь полицехь лаьцначарна тIехь Ӏазап латторна, бехктакхаман гIуллакх атта схьадоьллуш дац, массо а бина латкъамех - 28% бен, дисина 72% гIуллакх, тергал ца деш дуьту талламохоша. Краснодар-махкахь 65% зен хиллачара дина дӀахьедарш, гӀуллакх долоран тӀегӀане ца кхочу. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Команда против пыток" бакъонашларъйаран боламо "Арифметика пыток" цӀе йолчу докладехь.

  • Кест-кеста хуьлу ницкъаллин структурийн белхахоша лецначарна а, тутмакхашна а тӀехь гӀело йеш хиларх лаьцна хаамаш. Гезгамашан-баттахь Москварчу полисхоша "Маяковскийн йешаршкахь" дакъалаьцна стаг гантелашца сийсаза ваьккхира, ткъа цуьнан йоӀана а кхерамаш тийсира, шаьш хьизор йоккхура йу бохуш, цуьнан месаш ийзош схьайахнера – цунах лаьцна хаам бира шаьш зен хиллачара. Оццу хенахь Тюменехь дӀалаьцначу антифашисто дӀахьедира, шена коьртах цилофанан тӀоьрмиг а бихкина, ток а йетташ, хьийзийра ша аьлла.
  • "Команда против пыток" боламо Къилбаседа Кавказехь лаххара а 45 вахархочун бакъонаш талхоран факташ билгалъйаьхна. Амма, кхеле кхачийнарг цхьаъ бен дац -Курашова Юлдузан гӀуллакх, цунна бехке деш дара наркотикаш йохкар. ГӀуллакх толлучу муьрехь гучуделира, полицин белхахой хиллачу Сайпулаев Рамазанс а, Алиев Шамилс и гIуллакх шаьш фальсификаци йина долийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG