47 шо долчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна дуьхьал берашна еттарна тIехула бехктакхаман гIуллакх долийна, 2016-2021 шерашкахь шен кIантана а, йоьIанна а етташ хилла цо ненаца зIе латторна. Iазапхочунна уггара кIезга хан тоха мега.
Талламо билгал ма-даккхара, зудчуьнца дIасакхаьстиначул тIаьхьа бехкевечо ехачу хена чохь етташ хилла кхианза долчу берашна, ненаца къамеле дийларна. Шайна тIехь таIзарш дан долалуш йоьIан 16 шо хилла, ткъа кIентан – 10, амма йоьIа Iазап хьегна 18 шарера яьлча а, хаам бо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллехь.
ХIинца йиша-ваша шайн ненаца Iаш ду, царна психологан гIо оьшу. Церан дена кхоъанна тIера ворхI шаре кхачалц хан тоха мега.
Нохчийчуьрчу Iедалхоша къобала до бер "ден доьзалехь хила деза" боху ламаст, ткъа ненаца ур-атталла телефонехула зIе латтор а магощ дац, дийцина Кавказ.Реалиига "Бакъонан инициатива" проектан адвоката Гнездилова Ольгас. Цо бахарехь, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь и проблема уьнах таръелла йогIу.
"Бераш – уьш зударел а чIогIа Iаьткъа чкъор ду. ЦIахь латтон Iазап ца магочу низаман дуьхьалончаш "бишкан низам" олу цуьнах, пачхьалкхо берашна тIехь ницкъбар сацдархьама йохучу гIулчашна а, берашна гIо деха аьтто баларна а дуьхьала бовлу уьш, царна хетарехь иза оьшуш дац", - билгалдоккху Гнездиловас.
Юриста тIечIагIдо, Оьрсийчуьрчу берийн орца дехаран механизм яц болх беш, ткъа бехктакхаман гIуллак доладо Iазап гуттара чолхечу хьоле даьлча.
- 2021 шеран ГIадужу-бутт юкъабаьллачу хенахь Сайгидгусейнова Iайшат а, Сайгитова ПатIимат ядийна йигира Казанерчу кризисан петар чуьра. Царах цхьаъ карахь жима бер долуш яра. Цара дийцарехь, цIера еддера и шиъ, даим а шаьшинна гергарчара Iаткъамбарна: етташ хиллера цу шинна, балха йохуьйтуш ца хиллера, бертаза марехь сецош хиллера.
- Москван Донской кIоштан полицино толлуш ду ткъа шо долчу Хирамагомедова Iайшатан а, цуьнан жимачу стеган а, шаьш лачкъо гIортарна чуделла арз. Дагестанан яхархочо дIахьедина, доьзалехь етташ Iазапехь латтош яра ша. Чиллан-беттан 4-хь цуьнан дас Хирамагомедов Ахьмад а, ваша Хьаьжи а гIиртира иза бертаза дIайига, юьйра ю бохуш кхерамаш а тийсира.
- Махачкалахь полисхо лаьттинчу Велагаев ТIахIира, мелла а волуш, къиза йийра шен зуда, дакъа дIалачкъийра. Ткъа ГIалгIайчуьрчу Могушков Мохьмад-Бешара шен йишина Евлоева Лизина урс хьаькхира, иза маьттаза лелаш яьккхина видео социалан машанехула яьржича. Шина зуламхочунна кIеда таIзарш дира: шишша шераш туьйхира цIахь-чохь такха.