Украинерчу тIамехь 125 сов Нохчийчуьра вахархо вийна – беллачийн "консервативе" мах хадорца кхаьчначу хаамех уьш уггаре кIезга ду. Цунах лаьцна дуьйцу "Полный ПЦ" телеграмерчу канало, кхелан сацамца йохийна йолчу Бакъоларъяран "Мемориал" центран тобано лелош ю иза.
Мах хадош бакъоларъярхой тIе тевжина нохчийн юристо Янгулбаев Абубакара дIахьочу статистикана, иштта Украинан ТIеман министраллин талларан Коьртачу урхаллин хаамашна а. 123 вийначу Нохчийчуьра вахархочух дуьйцу Янгулбаевс, ткъа Стигалкъекъа-бутт юкъабаьлча украинхойн талларо кадыровхойн а, Нохчийчухула тIаме хьийсийначу Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу "лаамхойн" а цIерш тIехь йолу тептар арахиийцира. Леринчу сервисо бахарехь, 2 425 стагах велларг баьI гергга ву, царах 68 – республикан вахархо (церан цIерш Янгулбаевн тептарехь а ю).
Оцу хаамашна тIе а тевжаш, бакъоларъярхоша Нохчийчуьра 16 юьртан бахархошка хеттарш дина, цигахь вехаш хиллера 27 тептарехь хьахийнарг. Ерриг цIерш меттигерчу наха тIечIагIйира, цул сов, Гуьмсехь хаам бира, Пашаев Асхьабан кхалхарх, Ойтрахь – Убиев Раджабан. Кхин а шина юьртахь бакхоларъярхошка дийцира, тептарехь воцу кхин а виъ стеган кхалхарх, амма церан бакъйолу цIерш ца алаелира цаьрга.
Иштта "Полный ПЦ-н" белхахоша биллинчу хаамех пайда а оьцуш, Нохчийчуьра байъинчу нехан терахьан ⅖ дакъа тIечIагIдира – оцу бух тIехь бакъоларъярхоша сацам бира, цигара хаамаш бакъхилар, ткъа беллачийн консервативан мах хадорца, церан уггара кIезга терахь – 125 сов стаг хилар.
Къилбера а, Къилбаседа Кавказера байъиначу нехан шен тептар ду Кавказ.Реалиино хIоттош – зорбанашкарчу хаамашна, Iедалан дIахьедаршна, церан хьостанийн хаамашна тIе а тевжаш хIоттийна иза. Карарчу хенахь цигахь хьахийна 113 вийначу Нохчийчуьрчу вахархочун цIерш ю – Убиевн, Пашаевн, иштта Олхазар-КӀотарара вийначу Чупалаев Хизаран цIерш яц цигахь хьахийна.
Нохчийчохь официалехь тIелаьцна Украинерчу тIамехь исс стеган кхалхар. Зазадоккху-беттан I-хь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира шина стеган кхалхар: Тарамов Iабдулбекан а, Исаев Тимирланан а. Охан-беттан 7-чохь "Чечня Сегодня" агенталло яздира, регионера кхин а ворхI бIаьхочун кхалхарх: лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев Шахрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек а, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам.
- Нохчийчуьрчу Веданан кIоштара Дишни-Веданахь дIавоьллина меттигера ши вахархо, Украинана дуьхьал бечу тIамехь вийна волу. Дебишев Казбек а, Мурадов Аслудди а ву и шиъ.
- Baza телеграм-канало дийцина, Мангал-беттан 1-чохь Украинехь веллачу Кадыровн цIарахчу лерринчу полкан 4-чу батальонан куьйгалхочух Димаев Заурах. Димаев воцург а, вийна кхин а нохчийн полицин кхо белхахо, чевнаш йина веанна. Церан цIераш Кавказ.Реалиина цкъачунна къаьстина яц.
- Мангал-беттан 10-чу дийнахь Кавказ.Реалиина евза Къилбера а, Къилбаседа Кавказера байъиначу нехан 702 цIе.
- "Оьрсийн Би-би-си сервисо" динчу зерашца, Стигалкъекъа-беттан 30-хь долчу хьолаца, Украинехь кхелхинчу 3052 оьрсийн эскархочух хиина, царах 152 стаг – лакхара эпсарш бу. Журналистийн хаамашца, меттигерчу администрацийн а, зорбанийн а хаамаш кешнашкахь дIабоьхкинчу нахаца буьстича, билггал хууш долчу эшамашкахь 40-60% кIезга беллачийн цIерш хила тарло, баккъала а Оьрсийчохь дIабоьхкиначул а.
- Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIаръяккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а дукха ду. Охан-беттан 20-хь хиира, Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь кхелхинчу эскархойн гергарчу нахах лаьцна хаамаш къайладахьа сацам бина хилар.