ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"СовгIат ца догIу, йогIу трибунал". Кадыров-воккханиг вазварх лаьцна


Ичкерица тIом латтийначу Оьрсийчоьнехьа дехьабевллачу гIаттамхошца лаьтта Кадыров Ахьмад
Ичкерица тIом латтийначу Оьрсийчоьнехьа дехьабевллачу гIаттамхошца лаьтта Кадыров Ахьмад

Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхочун дена Кадыров Ахьмадна Нобелан преми йогIу иза ша дийна волуш экстремизманна дуьхьал латтарна, дIахьедина Мисарарчу Iилманчас-Iеламчас Iабдуррахьим Iусмана. Кадыровн некъах лаьцна ша язйина книга йовзуьйтучу Эмираташкарчу барамехь Марсхьокху-беттан 5-чохь аьлла цо иза. Ца догIу вуьйцучунна цхьа а совгIат, тамаше хир дара иштаниг нисделча, тешна бу эксперташ.

Дубайхь цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг яра Дуьненаюкъара бусалба умматан кхеташо. Цуьнан официалерчу сайто бахарехь, барам лерина бара Iабдуррахьима "Кадыров Ахьмад-Хьаьжа: динан кхетам а, нийса некъ а" цIе а йолуш арахецначу книгина. Мужалта тIехь Кадыров Рамзанан сурт ду шен деца даьккхина.

"ХIара дуьххьара книга ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна арахецна. Цо шен некъ къасторан къайленаш йовзуьйту кхо. Эктремизм, терроризм эшорехьа яьккхина йоккха гIулч ю хIара книга", – аьлла Iабдуррахьима Эмираташкарчу "Ал-Iайн" телеканалехь.

Хьехориг ду Кадыров-воккхахчо Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнехьа вала сацам тIеэцар. Сепаратистийн Ичкерин муфтий федералан ницкъашкахьа велира, 2020-чу шарахь Москвана муьтIахь йолу администраци шен караийцира цо. Иза цо нийса хаьржина некъ бара, иштта терроризмах мукъадаьккхира цо шен къам, ша "шахIид хилла вуьйжира" 2004-чу шарахь, бохуш, хестийра Кадыров Ахьмад Эмираташкахь гулбеллачу Iаьрбийн эксперташа.

Дехьавелира, амма тIом ца сацийра

Кавказ.Реалиица къамел динчу нохчийн политологна Кутаев Русланна хетарехь, яздархо а, Дубайрчу симпозиумехь хастамаш кхайкхош лелла кхиболу нах а "шайна деллачу ахчан дуьхьа" хьийзина деза къамелаш деш. Иза къера ву Кадыров Ахьмад Кремлехьа валарца дуккха а нохчий хIаллакьхулучуьра кIелхьарбаьхна бохучунна.

КадыровгIар (да а, кIант а) Iедале бахкарца даьржина тоьлла нах, майра нах, цIена нах байъар, идор

"Делахь а дац цуьнга юхадаккхаделла цхьа а хIума. КадыровгIар (да а, кIант а) Iедале бахкарца даьржина тоьлла нах, майра нах, цIена нах байъар, идор. Оццул яьржина цкъа а лелла яц нохчашлахь харцо. Нобелан преми цунна ца йогIу алар хIумма а цаалар ду. Иза дийна хилча, цунна шеко а йоцуш тIеман трибунал йогIура маьршачу наханна дуьхьал зуламаш дарна", - боху Кутаевс.

Таханлерчу Нохчийчохь вуно дукха идош бу нах. Iедална критика мел йийриг кхача тарло таIзарна буха, и таIзар халкъана а гуш дойла ду: масала, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь шишанна тIехаийтира блогер Тепсуркаев Салман, ша оппозицехь хилар шегга емал а дойтуш. ХIинца а ца хаьа гергарчарна дийна ву иза я вац. Ток етта мега зударшна а тIехь, Соьлжа-ГIалин мэр лаьттинчу Кадыров Ислама (Кадыров Рамзанан цIийнан стаг) иза деш ма-хилла. И зуламаш цо деш яьхна видео нахалъяьллехь а, ца дина цунна таIзар.

Билгалдаккхар. Оппозицин 1ADAT телеграм-каналан хаамашца, 2021-чу шеран бIаьста къайлахчу метте дIавигира 92 вахархо, 2021-чу шеран хьалхарчу шина баттахь –лаххара а 83 вигира, ткъа стохка гурахь-Iай лачъкъийнарг вара 132 стаг. Иштта тIепаза бовш бу Европера ницкъаша цIахьийсина нохчий а.

Кадыров Ахьмад Оьрсийчоьнан президентца тIекара хиларо чекх ца баьккхина тIом. Оьрсийчоьнан эскарша, кхиболчу ницкъаша кхин а ворхI шарахь бина Нохчийчохь тIемаш. 2007-гIа шо ларало тIом чекхбаьлла шо, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица къамел деш бакъоларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал, амма иза реза яц и тIеэца. – Ред.).

Иштта лаьтта хьал шайн караийцира Ахьмадан кIентан Кадыров Рамзанан карахь долчу ницкъахойн декъо. 1999-чу шарахь йолийна контртерроран операци юхаяьккхира Нохчийчохь 2009-чу шарахь – иза ду официалехь махкара шолгIа тIом бирзина шо.

Оцу итт шера чохь Нохчийчохь байъинчу бахархойн статистика лелийна яц Iедало, федералан эскаршкараниг бен. Пачхьалкхан Думехь кхушеран Стигалкъекъа-баттахь дIакхайкхийначу терахьо бахарехь, 1999-2002-чу шерашкахь тIамехь велла 6000 сов федералан эскархо. Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчу тIемалойн а, маьршачу бахархойн а баларш дагардеш Iийна "Мемориал" – цуьнан информацица, 15-25 эзар Нохчийчоьнан вахархо вийна шолгIачу тIамехь. Оцу нахалахь ву доьза вайна 3-5 эзар стаг а – тIемалой бу я тIемалойх лаьцна хуург доккху цаьргара бохуш идийна уьш, байъина цул тIаьхьа. 2000-2015-чу шерашкахь, "РИА Новости" агенталлин хаамца, 100 сов стаг вийна Къилбаседа Кавказехь, уьш "тIемалойн баьччанаш" бу баьхна Iедало.

Кадыров Ахьмад Оьрсийчоьнехьа ца ваьллехь, Кутаевна хетарехь, маьрша бахархой хIаллак ца хила тарлора Нохчийчохь.

"Оьрсийчоьнна барт оьшура, амма и барт кхин бара. Кадыров Ахьмадан метта администрацин коьрте кхин стаг хIоьттинехь, хуьлда иза оьрси я нохчо, могIарчу бахархошна тIехь террор хIоттор яцара, яхь а, шайца тIом бечарна дуьхьал хIоттор яра иза. Ас ца боху тIом бина нохчий харц бара: уьш шайн даймохк ларбеш лелла. ШамановгIара, БудановгIара цхьа шайнначул кийсак-м йоккхур яра бахархойх, амма оццул дукха хIаллакбийр бацара. 20 шо ду тIом лаьтта а, маьршачу наханна гIелонаш ен а", – боху эксперта.

Билгалдаккхар. Нохчийчуьрчу хьалхарчу а, шолгIачу а тIеман юьххьехь а федералан эскарийн буьйранча лаьттира инарла Шаманов Владимир. ТIеман зуламаш дарна бехкево иза бакъоларъярхоша. 2000-чу шарахь цо хаийтира ша полковникехьа Буданов Юрийгахьа вуйла – нохчийн йоI Кунгаева Эльза ядорна а, ерна а бехкевеш набахте хьажош вара иза хIетахь. Тоьхначу хенал хьалха набахтера араваьккхира Буданов, амма вийра 2011-чу шарахь.

Дубайрчу симпозиумехь хиллачарна гарехь, Кадыров Ахьмад турпалхо санна летта исламан радикалашна дуьхьал – иштта го царна Нохчийчоь Оьрсийчоьнах маьршаяккха гIиртина нах. ТIемалошлахь дара террорхойн лоручу цхьаьнакхетараллашкахьа долу дакъа, амма дукхахболу тIемалой республиках йозуш йоцу пачхьалкх хилийтархьама летта.

"Динан дуьхьа воьжначу президента Кадыровс бусалба йоцчу пачхьалкхашкахь бусалба дин а, бусалбанаш а доккха дакъа дуйла гайтина. Цо 20 шо хьалха кхоьллина шен некъ, вай тахана кхето гIерташ долу легар", – аьлла довзуьйту барамехь Дуьненаюкъарчу бусалба уммин кхеташонан президента Ал-Нуайми Iали Рашида дина къамел оцу цхьаьнакхетараллин сайто.

Ал-Нуаймис билгалдаккхарца, "Кадыров Ахмадан легар " кхочушдар ду Нохчийчоь "Оьрсийчоьнна кхочу дакъа" хилла дIахIоттар а, махкарчу нахана шаьш оцу некъо "кхерамзалле а, мохк деборе а кхачийна" аьлла хетар.

Билгалдаккхар. Дуьненаюкъара бусалба умматан кхеташо Iедалх йозуш йоцу цхьаьнакхетаралла ю, куп тоьхна ю иза Абу-Даби гIалахь (Цхьаьнатоьхна Iаьрбийн Эмираташ). Официалерчу сайто бахарехь, цунна юкъайогIу 142 пачхьалкхера 600 бусалба юкъаралла. Iалашо ю бусалба йоцчу пачхьалкхара бусалбанийн юкъараллаш цхьаьнатохар.

"Кадыров Ахьмада кхиийначу стоьмашка хьаьжча, цунна шеко а йоцуш догIу Нобелан машаран совгIат, терроризманна муха дуьхьалхIотта веза гайтина цо", – аьлла даладо "Чечня сегодня" агенталло книгин автора Iабдуррахьим Iусманан дешнаш.

"Супер-кхайкхам" бац Дубайхь бинарг

Кхеташ ду, лур дац Кадыров Ахьмадна Нобелан совгIат. 1974-чу шарахь Нобелан фондо дихкина веллачунна иза далар. Кхелхинчул тIаьхьа иза кхайкхийна вац цхьа стаг бен – 1961-чу шарахь, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин инарла секретар Хаммаршельд Даг, кеманца валар нисделира цуьнан.

Кхин бахьанаш а ду Ичкерехь муфтий лаьттинчунна и совгIат ца дан. Царех лаьцна элира Кавказ.Реалиига Америкерчу The Jamestown Foundation-ан Къилбаседа Кавказехула тергамча волчу Дзуцати Валерийс.

"Цхьаъ делахь, даржехь хьала ца кхиина иза, шен некъ хийцинарг Масхадов Аслан (1997-2005-чу шерашкахь Ичкерин президент - ред.) хиллехь, ала тарлора, дала мега и совгIат. Амма Ичкерин куьйгалхо вацара Кадыров Ахьмад, вацар я вице-президент а, я парламентан куьйгалхо а. Дукха бу Оьрсийчоьнехьа бевлларш, луш делахь, стенна ца луш ду совгIат, масала, кIоштийн куьйгалхошна? Хилла иза муфтий, амма иза Iедалан могIаршкахь вацара цкьа а.

Оьрсийчохь иза "супер-хилам" бу бахахь а, турпаллалла яц Ахьмад-Хьаьжера яьлларг

ШолгIа делахь, цо дехьаволуш бухадиллинарг. Ша и гIулч йоккхуш, баккъал йиний цо халкъах ойла. Я ша а, шен тайп а даьккха воьлла кIелхьара? Иза куьйгалхо хилла вацаре терра, цо бина дехьавала сацам шеггара, шен доьзалшна бина бу. Оцу бахьаница Нобелан совгIат дийр ду олийла дац.

КхоалгIаниг, феномен яьржина хилар. Нах шайна дуьхьал лаьттачу ницкъашкахьа бийлар баьржина лела могIара хилам бу, масална схьаоьцур вай желтойн Афины а, Спарта мехкашна юкъахь лаьттина тIемаш. Доцца аьлча, керла хIума дац динарг, Оьрсийчохь иза "супер-хилам" бу бахахь а. Турпаллалла яц Ахьмад-Хьаьжера яьлларг", - аьлла хета Дзуцатина.

Кадыров Ахьмада яьккхина гIулч язйина йийца ца кIордадо Нохчийчуьрчу Iедална, дуьйцу оцу хьокъехь Оьрсийчохь а, цул арахьа а. Кадыров Ахьмад винчу денна лерина барам кхушара цхьанатухуш бу Оьрсийчоьнан байракхан денца, дIахьор бу Гезгмашин-беттан 22-23-чу деношкахь. Цунна хьажийна бюджетера 7 миллион сом. Ун даьржина лелахь а, шуьрра даздарш хир ду Соьлжа-ГIалахь дIахьош.

Кавказ.Реалиино дуккхаза а яздина Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан цIе урамашна, гIишлошна, ярташна тохкуш хилар. Кхушара оцу могIара хIоттийна аэропорт а, пачхьалкхан университет а. Амма цуьнан цIе лелайо, "Новая газето" бохург бакъ делахь, Iедална хьашт боцу нах шен хIусамашка дIакхачочу тIеман декъо а. Изза цIе ю махкарчу футболан а, латархойн а клубийн – ткъа уьш ю адамийн бакъонаш талхорца доьзна Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташа юкъаяьхначу санкцийн декъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG