ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополерчу ГИБДД-н хьаькамо шен дац боху исбаьхьа цIа


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ставрополан кIоштарчу некъан полицин (ГИБДД) пхи белхахо лаьцна ву коррупцина тIехула. Урхаллан хьаькам Сафонов Алексей воцург а, ву царлахь ГИБДД-н хилла хьаькам Аржанухин Александр а, инспектор Мельчиков Виталий а, Сотников а, Парахин а цIераш йолу ши стаг а.

ЦIера дIасавалар а дихкина, хIусамехь витина шеконашкахь хилла кхин ши белхахао, хаам бо "Интерфаксо", Ставрополь гIалин кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина.

19 миллион сом кхаьънаш эцна аьлла, бехкаш дехкина дахначу шинарин дийнахь лецначарна. Къаьсттина эргIадбахийтинера интернетехь "бандитийн барокко" хотIехь, Сафоновн ду бохуш, хаамийн гIирсашкахь даржийначу хIусаман суьрташа.

Оперативан съемкица гайтина дашон варкъ диллина, кечдина цIа, Сафоновс бехказаволуш дIахьедарехь, цуьнан дац.

"И цIа пхи шо хьалха дина ду, иштта кечдина дара иза, со цу чу вогIуш а. Ас дола яккхазчу, со вехачу сан зудчун цIа ду иза. Со цу чу веача, и дерриг а долуш дара", - аьлла цо журналисташка.

Талламчаша бахарехь, масийтта шерашкахь вовшахтоьхначу тобанехь бакъо йоцуш кехаташ кечдеш, царна дуьхьал, Ставрополан дозана тIехь дIасалелачу кир кхоьхьучу машенийн долахошкара кхаьънаш а оьцуш, белхаш бина цара. Цара дохучу документашца, бакъо йоцуш административан низамаш дохийна машенлелорхоша.

Хьалхо депутато Хинштейн Александра дийцира, Сафоновца цхьаьна Росгвардин а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а белхахоша лаьцна хилла верриг а 35 некъан полицин хьукматан белхахо аьлла. Ишта цо зорбане дехира исбаьхьчу интерьерехь кечйинчу, цо чIагIдарехь, Сафоновн доларчу хIусамийн суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG