ТIекхочийла долу линкаш

 
ТӀемалой йа бехкбоцу нах? Дагестанехь дIайаьхьна леррина операци
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТӀемалой йа бехкбоцу нах? Дагестанехь дIайаьхьна леррина операци


Дагестана, ХIинжа-ГIала
Дагестана, ХIинжа-ГIала

Зазадокху-беттан 5-чу буса ХӀинжа-ГӀалин йистехь вийра виъ стаг. Ӏедалхоша дийцарехь, цара герзаца тIелатар дина хиллера некъан полицин белхахошна. ТӀеман тийсадаларш дIахьочу хенахь контртерроран операци кхайкхийра. ТӀаьххьара иза йукъайаьккхира 2024-чу шеран аьхка Дербентехь а, ХӀинжа-ГӀалахь а килсашна а, синагогашна а тӀелатарш динчул тӀаьхьа. ТӀаьхьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь контртерроран операцеш кест-кеста хуьлуш йу, ткъа Ӏедалан дӀахьедарш дукха хьолахь ледара хуьлу, цхьадерг къайла а хьош. Цу хьоло дуккха а хеттарш кхуллу иза бакъ хиларх лаьцна, бохура редакцица къамел динчу эксперташа.

ТӀаьххьара хиллачу тIелатарх лаьцна хаам бира Къоман антитерроран комитето. Цуьнан зерашца, ву бохучу веа тIемалочун, террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу тобано куьйгалла а деш, Iалашо хилла Каспийскерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан гӀишлонна тӀелатар дан. Меттигерчу хаамийн зорбанаш хаам бора, ницкъахой уьш лаца гӀоьртира ХIинжа-ГIалахь, амма "тIемалой" дуьхьало а йина, дӀабаха гӀоьртира аьлла. Семендер цIе йолчу йуьртахь герз диттина байира уьш, полисхошна а, меттигерчу бахархошна а йукъахь лазийна-вийна стаг вацара. ТӀаьхьо НАК-о хаам бира, дIалачкъийна гранатометаш а, лелха гӀирсаш а, пулеметаш а, тапча а, патармаш а карийнера аьлла.

Оцу хиламех лаьцна дийца хала ду, хӀунда аьлча, цхьана а кепара бакъйолу информаци йац оцу тӀемалой бу бохучарех лаьцна, билгалдоккху Дагестанера йукъараллин жигархочо шен цӀе а ца йовзуьйтуш: "Нахана вуно дика дагадогӀу 2000-чу шерашкахь хилла КТО-н операцеш а, уьш муха дӀайаьхьира а.

Байъинарш тӀемалой хиллий-те? Дагестанехь вуно дика дагадогӀу ГасангусеновгӀеран вежарийн гIуллакх – царна а террорхой бара аьлла цIе кхолла гIоьртира

Къамел дечо дагадоуьйту, тоххара ницкъахоша байинчу нахах лаьцна йуьззина информаци йовзуьйтура, уьш мичара бу а хоуьйтуш: "Ткъа хӀинца, цхьа а хаам бац хиллачух, хууш дац муха и нисделла а. Йуьхьанца дуьйцура, байъинарш кехаташка хьовса дагахь совцийнера, амма уьш къайлабовла гӀоьртира, цул тӀаьхьа дуьйцура, цхьанхьа дIалачкъийна герз хиллера бохуш. Байъинарш тӀемалой барий-те? Дагестанехь вуно дика дагадогӀу ГасангусеновгӀеран вежарийн гIуллакх –миска жаӀуй а байина, уьш террорхой бу аьлла, царна цIе тилла гӀоьртира Iедал".

ТӀемалой бу бохучу нахах лаьцна цхьа а информаци ца хиларо шеконаш кхуллу, уьш Кизлярехь полицин декъе тӀелатар дан кечлуш хилла бохучух, кхин-дlа а дуьйцу йукъараллин жигархочо: "И тайпа КТО-ш кест-кеста хуьлаш йу, ницкъхошан шайн белхан кхиамаш дIагайта хан тIекхаьчча. Масала, ХIинжа-гIалахь КТО хилира, МВД-ехь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар дӀахьочу дийнахь. Уьш низамхоша, шайн болх дIагайта лууш, кечйеш рапорташ йу. Нагахь санна йуьйцург билггал йолу радикалан тоба йелахь а, цхьана дийне хьежош хуьлу иза, шайна оьшучу хенахь хIаллак йан, шайн кхиамаш дIагайта".

Вайгахь тоъал информаци йац, и бакъйолу террорхойн тоба йара, йа ницкъахоша харцонца кхоьллина гӀуллакх ду аьлла, жамӀаш дан, боху Джордж Вашингтонан университетан (США) Ӏилманан белхахочо Ильясов Марата.

"Цхьа а шеко йоцуш ала йиш йу, контртерроран операцин хенаш регионе йуха йоьрзуш хилар. Хетарехь, иза доьзна долчух тера ду, бахархой шайна муьтIахь бу аьлла Ӏедалан а, ницкъаллин структурийн а шеконаш хиларца. Цуьнца цхьаьна террорна дуьхьал дӀахьочу операцеша а аьтто бо, нахана керла дехкарш йукъадаха", - боху эксперто.

Ильясовс билгалдоккху – уьш "Исламан пачхьалкх" олучу тобан декъашхой хиллехь а, йа ницкъхоша шайн интересаш йолуш шайггара кхоьллинехь а-политикан рожо цунах пайдаоьцу шайн бакъонаш чIагIйан а, адамийн бакъонашна доза тоха а.

Хьал синтеме дац йуха а

2024-чу шеран чиллин-беттан 14-чохь Нохчийчохь, ТIехьа-МартантIехь кхаа стага полисхочунна герз диттина чевнаш йинера, ткъа ницкъахоша тӀелатар динарш дуьхьал герз тоьхна байина аьлла, дӀахьедира. Зазадокху-беттан йуьххьехь ГӀалгӀайчуьрчу Карабулакехь контртерроран операци йоьдучу хенахь Ӏедалхоша хаам бира, ИГИЛ-ан декъашхой хиларх шеконашца йалх стаг вийна аьлла, амма уьш бевзачу наха байинарш радикалаш бацара аьлла дIахьедира. Охан-баттахь Нальчикан йистехь ФСБ-но герзаш диттина вийра тӀемало ву аьлла шеко йолу шиъ стаг. Оццу хенахь полицин белхахошна шозза тӀелатар дира Кхарачой-Чергазийчохь.

2024-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь уггар шуьйра дийцинчех хилира ХӀинжа-ГӀалара а, Дербентера а килсашна а, синагогашна а, ГИБДД-н постана а, цигахь 22 стаг а вуьйш, дина хилла тIелатар. Дербентерчу Келе-Нумаз синагогехь герзаца тIелатар деш вийра 4 стаг – тӀехволуш хилла ши стаг а, цхьа гӀаролхо а, цхьа полисхо а, керстан килсан ректор хилла 66 шо долу мозгIар Котельников Николай а. Цул тӀаьхьа 30 минот йаьлча кхин а цхьа тоба тӀелетира керстан Успенскийн килс ларъеш болчу полисхошна, Ермошкинан урамерчу синагогана цӀе таса а гӀоьртира уьш. Килс чохь хилла нах, неIарш дIакъоьвлина дIалачкъар бахьана длуш кIелхьара бевлира. ТӀелатар динчарна йукъахь хиллера Сергокалинскан кӀоштан куьйгалхо лаьттинчу стеган кӀант а, вешин бераш а.

Гезгамашин-баттахь ГӀалгӀайчохь ницкъхоша вийра меттигера вахархо – цо сетал тоьхна полисхочунна чевнаш йина аьлла. Циггахь гIадужу-беттан 11-чохь полисхойн машенна герз диттира. ГIадужу-баттахь шиъ тӀелатар дира ишта Нохчийчохь а – Гуьмсерчу ДПС-ан постана а, Соьлжа-ГӀалин йистехь Росгвардин машенна а, Тюменан кӀоштара полисхо Верещенко Дмитрий а вуьйш. Регионан Ӏедалша комментари ца йира цхьана а инцидентах лаьцна.

Къоман антитерроран комитето бинчу хаамца, 2024-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь йалх теракт йира, цу тайпа 23 зуламна дуьхьало йира. "Кавказский узел" сайтан статистикера схьадолу цу тIелатаршкахь 55 стаг вийна хилар; ницкъаллин структурийн белхахой а, маьрша бахархой а, иштта тӀемалой бу аьлла шеко йолу нах а. Иштта цу гIирсан хьесапашца, 2023-чу шарахь вийна II стаг, 2022-чу шарахь - 6 стаг, 202I-чу шарахь -I9 а.

Белхан жигаралла гайтархьама хIаллак бина?

Дагестанерчу йукъараллин жигархочо (цуьнан цӀе ца йоккху Оьрсийчоьнан репрессин низамаш бахьана долуш) коментари йо, тӀемалой бу аьлла шеконаш йолу нах, наггахь бен ницкъахоша дийна лоцуш бац.

"ТӀаьхьара хиллачух дагадогIу 2024-чу шарахь зазадоккху-баттахь хилла КТО, хIетахь "Крокусехь" йинчу терактехь дакъалаьцна бу аьлла Таджикистанан бахархой лецар. Ткъа кхузахь а хаттар кхоллало - нагахь санна уьш тӀемалой бара аьлла, шайгахь оперативан информаци хиллехь, низамхоша уьш хIаллак а ца беш, дийна боллушехь хIунда ца лийцира? Церан таро ма йара и дан", - цецвуьйла къамел деш верг.

Дагестанехь иттанашкахь адамийн дийцарш ду, шайна полисхоша герз а, патармаш а, наркотикаш а тийсарх лаьцна


Цо ишта дагадоуьйту ГасангусеновгӀеран вежаршна хилларг а, спортан комментатор Рабаданов Рамазан герзаца ХIинжа-ГIали йуккъехь лацар а – цо дийцарехь, оцу хиламаша шеконаш кхуллу талламан версих.

"Дагестанехь иттанашкахь адамийн дийцарш ду, шайна полисхоша герз а, патармаш а, наркотикаш а тийсарх лаьцна. Цара дIахьедо, низамхоша шайна тӀехь "результат" йеш хиларх. Москвара Iедална кест-кеста хаамаш бан беза церан, террорхой хIаллакбарх лаьцна, лакхара даржаш а, цӀераш а, совгӀаташ а, ахча а эцархьама", - охьадаградира бакъонашларъйархочо.

Цо аьллачунца реза ву бакъонашларъйаран "Мемориал" центран кхеташонан декъашхо Черкасов Александр а. Цо билгалдоккху, республикехь баккъалла а радикалан тобанаш йац бохийла дац, амма вукху агӀор аьлча, ФСБ-но кест-кеста зорбане боху хаамаш "тӀемалойн" тоба хIаллакйина шаьш бохуш. Цундела цу тайпа хаамаша шеконаш кхуллу.

"Вуно хала ду "результат" йан гIортар билггал оперативан-талламан балхах дIакъастон. ХӀора керлачу хаамо хеттарш кхуллу: кхин хӀумма а эр дуй-те байъинчех лаьцна? Билггал тӀемалой бара уьш, йа бехк боцуш хIаллакбина нах бара-те?", - бохуш, дерзадо Черкасовс шен къамел.

• Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъйархоша а билгалдоккху, ницкъхоша тӀемалой бу аьлла лецна наха, кест-кеста дӀахьедо кхелехь, таллам дIахьочу хенахь шайна тIехь Iазапаш хьегна, бертаза тоьшаллаш дайтина шайга олий. Кавказ.Реалии сайто йаздора 2024-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь полисхошна тӀелетарш дарх лаьцна.

• 2024-чу шарахь чиллин-баттахь Дербентерчу кхело полицин белхахочунна тӀелатар дарна шеконца лецира Дагестанера Табасаран кӀоштан куьйгалхо хиллачун кӀант Шахмагомедов Мохьмад (Сандро). Хьалхо тӀемалошна гӀо дарна бехк биллира цунна: оцу хенахь уггаре а кӀеда таӀзар дира цунна. ХIинца, хIара шолгӀа бехктакхаман гӀуллакх ду тӀаьхьарчу беттанашкахь Дагестанерчу хьаькамийн гергарчаьрца доьзна.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG