ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхоьца бала бац цхьанна а". Ставрополерчу зударийн набахтера тутмакхаш муха беха


Усть-Лабинскера зударийн набахте / Гайтаман сурт
Усть-Лабинскера зударийн набахте / Гайтаман сурт

Оьрсийн набахтешкахь, ФСИН-о дийцарехь, 430 000 адам ду латтош. Царах 35 000 зударий бу. Къилбаседа Кавказера дуьххьара кхел йина болу зударий хьажон меттиг йу Зеленокумскера набахте. Лайшка санна болх байтар, ницкъбар – Кавказ.Реалиин редакцино къамелдинчу тутмакхийн латкъаман цхьа дакъа бен дац иза. Шаьш чохь латторан хьелашна бинчу латкъамех йуха царна шайна бала хуьлу, дуьйцу бакъоларйархоша.

Фабрика

Набахтехь уггар халниг фабрика йу, къаьсттина Iай, дуьйцу 28 шо долчу Натальяс (кхузахь а, кхин дIа а – къамелахойн цIерш хийцина йу). Зеленокумскехь латтийна хилла йу иза: "Са ца тохалуш шийла йара – чоьнаш йохйеш йацара, шелоно куьйгаш дестадора, лоьлхуьйтура, дийна доллушехь дахкалора. Чоь дукха гIорийна хиларна арадовлура тхо дохдала. Цигара хIинцлера хьал суна ца девза, амма 2021 шарахь ишта дара. Оцу шелонехь 8-10 сахьтехь Iан дезара, меттах ца довлуш – хIумнаш тегаран план кхочушйан йезара".

Наркотикаш лелийна аьлла бехкбиллина хьажийнера Наталья оцу набахте. Цо бахарехь, Iуьйранна 8 сахьт далале балх арабохура уьш, сих-сиха шина сменехь болх бан безара – буьйсанна 11 сахь даллалц: "Тонка оза, йа чай мала хьо дехьайаьлча – массо хенахь резабацарш хуьлура, къаьсттина куьйгалхо шен белхан меттехь хилча. Кепекаш бен ца лора оцу балхах. Баттахь 200-300 сом кхочура тхуна – туькана вахана мерзалг эца бен пайда болу доцу ахча дац иза.

Чоьнаш йохйеш йацара, шелоно куьйгаш дестадора, лоьлхуьйтура, дийна доллушехь дахкалора

Оцу фабрикехь полисхойн барзакъ тоьгура, перинаталан центрана лерина берийн лоччарш а, меттан лоччарш, кхечу СИЗО-на лерина духар а, дийцина Кавказ.Реалиин редакцига оцу набахтехь латтийна йолчу Маринас. Экономикан артиклехула хан тоьхнера цунна, кху шарахь арайелира иза. Долара заказаш йара боху цо вуно дукха: божарийн чухула йуху бедарш, аьхкенан кучамаш, иштта кхин а Wildberries маркетплейсо йина заказаш а.

"Муьлхха а бедар тоьгура оха, амма тIаьхьо бедарна тIе кехат уллура, иза Москвахь, йа кхечу меттехь йина йу олий. "Касперш" тоьгура оха (лоьрашна лерина кхерамазаллин комбинезонаш йу уьш. – Билг.), тIаккха "стерильно" олий кехат тIелатадора, – дагадоуьйту къамелахочо. – ЦIена йу боху и "касперш" лаьтта охьакхуьйсура, тIаккха цигахь чан йу – фабрикехь вуно ирча, боьха хьаштангIа йу, оцу когашца тхо оцу лаьттахула хьийзара. Цхьа а "стерилизци" царна йеш йацара".

Дуьххьара хIумнаш тега хууш цхьа а йацара, амма сиха Iема иза, дуьйцу Маринас. Бригадхочо хьо тайп-тайпанчу машинкашна хьалха охьахааво, тутмакхашна сиха карайоьрзу уьш. Аьттехьа а гIуллакх хуьлуш дацахь, йа бIаьрса гIийла далахь, "ручница" болх ло хьоьга – кийча бедаршна тIера тайнаш дIадоху болх.

Мордоверчу ИК-14 набахтера бедарш тегаран фабрика
Мордоверчу ИК-14 набахтера бедарш тегаран фабрика

Сихалла а, дуккха а бедарш тегар а ду ладаме набахтехь, дуьйцу къамелахочо. 12 зудчух лаьтташ йолчу тобано цхьана дийнахь тега йезара, тIаккха тIоьрмигаш чуйерзо йезара божарийн эзар чухула йуху бедарш. Амма оцу кепара тIедиллар, цо бахарехь, чекхдаккха аьтто ца хуьлура.

"Ахь алсам болх мел бо хьуна алсам тIедилларш до. Ахь чекх ца даккхахь мусорхоша (тутмакхаша сийсазаллин кепехь полисхойх йоккху цIе йу иза. – Билг.) бригадхочунна тIеIаткъам бо, кхерамаш туьйсу. ТIаккха цо тхуна тIеIаткъам бора, тIаккха кхин а сов болх бан безара тхан", – дагадоуьйту цо.

Цу набахтехь латтийна йолчу кхоалгIа зудчо дийцарехь, хIинца фронтана лерина вуно дукха тоьгу цу колонехь – эскархошна лерина барзакъ а, украинхойн йийсархошна лерина кучамаш а. Болх дукха бу, алапа кIезга ду, тIетуху цо: "Йуккъерчу барамехь хIума тоьгучунна 1000-2000 сом кхочу баттахь. Инзаре дукха йу заказаш, лартIахь хьаштангIа ваха аьтто ца хуьлу – лайш санна лоьхкуш лелош бу тутмакхаш".

Официалехь и болх Iуьйранна 9 даьлча болалой, сарахь 6 даьлча боьрзуш бу, дуьйцу къамелахочо, амма баккъала долчу хьолехь, тутмакхаша тIех сов болх бо – шина сменехь къахьоьгу, шоьта дийнахь цхьаьна, де дIадирзича а балхахь соьцу – и дерриге до "лакхара" хIоттош йолу план чекхйаккхархьама.

"ТIаккха оха лартIахь наб ца йора, буьйсанна сахьт даьлча бен вижа йиш ца хуьлура, 6 даьлча хьалагIатта декхаре воллушехь, – дуьйцу Натальяс. – Делахь а, балхахь тоьгуш, цхьанге хIума ца олуш хиина Iийча – цигахь дийна висса ишта хала дац".

ЛартIахь хьаштангIа ваха аьтто ца хуьлура – лайш санна лоьхкуш лелабо цара

Маринас бахарехь, гIудан изоляторах кIелхьарайаьккхира ша цхьана йукъанна, хIунда аьлча, куьйгалхочо иза уггар хала йолчу машинки тIехь болх беш йу, цуьнан метта дIахIотто адам дац аларна.

"Хьо дика белхало йалахь – лаккхара мах хадабо, – дуьйцу цо. – Йерриг колонешкахь хьалхара меттигаш йохура оха: низам лардарца а, бедарш тегарца а. Куьйгалхо реза вара, тIаккха куьйгалхо реза валахь, тхуна цхьацца хIума кхочу. Масала, шина дийнахь тхуна хорбазаш йохьура – жIаьлина даьIахка санна".

ГIудан изолятор

Натальяна набахтехь уггар хала таIзар фабрика хетахь а, Маринас вуно чолхениг гIудан изолятор (ШИЗО) йу боху – тутмакхашна таIзар деш лелош йолу. Бетонах йоьттина жима чоь йу иза, чохь цIена хIаваъ доцуш – ца магон йиш мел йерг магош дац цу чохь, кхетадо цо.

"Цу чохь хьуна муьлхха а таIзар дан мега – муьлхха а ницкъ, амма и хиллера аьлла тоьшалла хир дац хьан цкъа а, – дуьйцу Маринас. – Хьо системина дуьхьал ваьллехь, бакъо къовса лууш валахь, хьо жимачу хIуманех бахьана дина цу чувуллур ву".

Маринас бахарехь, 10-15 де-буьйса ШИЗО чохь даккхар – иза кхин башха дукха дац, тутмакхаш боьлла оцу таIзарх. Наггахь сигаьрка озарна 20 де-буьйса туху, йовлакх нийса дIа ца дехкарна 30 де тоха а мега, боху цо.

"Хьо набахтин дозанехула дIайоьдуш хила тарло, цIаьххьана хьуна шмон (хьоьца ца магийна хIумма йуй хьажар. – Билг.) йолон мега. И дан бакъо йац церан, амма цара до иза. Хьуна рапорт йаздан тарло цара, хьо нийса лаьтташ йацара, йа накха тIера билгало нийса тIетегна йац аьлла, – кхетадо Маринас. – Буьйсанна тударгашца хьаштангIа ваха йиш йац, йа йовлакх доцуш. Чоьхьарчу низамашца догIуш хила деза хьан духар".

Цигахь хьуна муьлхха а таIзар дан мега – муьлхха а ницкъ, амма тоьшалла хир дац хьан цкъа а

Комиссино сацам барца кхочу ШИЗО чу, и деш дакъалоцу набахтин администрацино, шайлахь куьйгалхо волуш, дуьйцу экс-тутмакхо. Цара кхел йо, муьлха таIзар дийр ду хоржу: кехатахь йаздина, йа къамелаца дов дар, йа ШИЗО.

"Чуьйуьгу, ахь хьайн цIе йоккху, тIаккха ахь динарг толлу цара. Ахь къинтIера бовла олу, хьайн бехк тIелоцу. Айхьа хIумма ца динера баха ца деза, ахь баккъала ца динехь а, – дуьйцу къамелахочо. – Хьо зэчка (тутмакх. – Билг.) бен йац, тIаккха мухха делахь а, бехке йу хьо, цундела – бехк ца биллар доьху ахь, кхин ахь иза дийр дац олу, арайолу. Иштта атта ду".

Цхьайолчу комиссехь цхьа хилам нисбеллера, набахтин куьйгалхо тутмакхна тIекхеттера – мел кIезга а пхеа адамна гинера иза, боху Маринас: "Церан эхь-бехк дац аьллера цаьрга чуйигинчу йоIа. Дуьххьара куьйгалхочо неIарехь сацийнера иза, тIаккха буйнаш бетта волавеллера, и ший оцу неIарехула охьа а дужуш. Иза охьайоьжнера, цунна тIе а ваьлла, садукъо хIоьттира иза, вукхо мохь беттара. И гинарш дIасалаьхкира. И сурт хIинца а ду сан бIаьргашна хьалха".

Комиссехь цIаьххьана питанаш тийса тарло, йа хьо сийсазйан а, и дерриг камери тIе дIайазйеш ду цара, дуьйцу къамелахочо. Наггахь и видео телехьожийлехула йерриг набахтехула дIагойту.

"Набахтехь лоруш болу нах сийсазбан гIерта уьш, цундела биссинчу тутмакхийн ойла кхоллало телехьожийлехула иза гича: "Иза а цара кагйина хилча, тIаккха вай муьлш ду". Хьуна хьой кхин а ледара хета. Иштта Iаткъам бо цо", – тIетуху Маринас.

Цо бахарехь, йуьхьанца цхьанна а ца хаьа, хьо комиссех чекхйаларан видео гойтур йуйла. ХIоразза а массо саготта хуьлу, цхьаберш боьлху, цхьайолчунна вон хуьлу, дуьйцу цо.

"Коьртаниг садеттар ду, куьйгалхочун коьртехь хьо ца виссийта гIерташ болх бар а, – боху Маринас. Бакъонаш къийса йиш йац тхан. Ахь цхьа а тешор вац. Набахте йу иза. Дахарехь ишта а йац нийсо, тIаккха кхузахь хьо тIехула тIе тутмакх йу, амма системина дуьхьал йаха гIертахь – кхиам хилла меттиг йац. Йа тебна Iан йеза, йа хьуна йеттар йу. Цхьанна а бала бац тхоьца".

"Шу ледара караIамийна"

"Нагахь санна, хьо цомгаш хиллехь, хьан дагар 40 градусал лахара далахь – хьо балха йоьду, – дагадоуьйту Натальяс. – Хьан дагар 40 далахь парацетамол а молий, фабрике йоьду хьо. Парацетамолца бен ца до дарба, хIусамера хьуна кхин молханаш ца даийтинехь. Амма уьш хьоьга схьакхачо а дац атта. Хьоьга цIера йоуьйтург сецон йолийна".

Зударша бахарехь, хьо баккъала а цомгаш хиларх лоьраш тешо хала хуьлу. Набахтехь цомгаш цхьаъ йалахь фабрикехь тоьгучу бедарийн терахь лахара хуьлу, цундела цомгаш хила йиш йац. Хьо цомгаш хиларна ахь болх ца бан йиш йу аьлла сацам беш йолчу комиссина "тIекхача" хала ду, боху оцу зударша. Набахтехь лоьраша тидам ца барна масех тутмакх йелла меттиг бу, амма оцу хьоло биссинчаьрца дерг ца хийцина, боху Маринас.

"Тутмакхаш хьалха а лера, хIинца а леш бу: со цигахь йолуш, йоцуш. Тхоьца цхьанна а бала бац, – тIетуху цо. – Аьхка вуно йовха хуьлура, тIаккха оха йовлакхаш, бедарш йашайора. Кехатах йина хIусамаш санна охьаэгара йоIарий тIаьхьий-хьалхий. Iай чIогIа шийла хуьлу, мох хуьлу, амма батт дIакховлуш йовлакх дехка ца магадо".

Сих-сиха набахте таллам беш нах богIу, дуьйцу къамелдечара, амма хьолана латкъамаш дарх кIелхьара йер йац – кхин а телхар ду хьал. Кхачанна латкъамаш бича, таллам беш нах баьхкича лартIахь кхача белира, амма комисси дIайахча – тутмакхашна муьста бепиг делира, "боьху хьожа йогIу, хударх тера чорпа" а, нIаьний дина чIара а белира сарахь.

"Банерчу хьолана латкъам бича – тхуна сахьташ лахдира, - дуьйцу Маринас. – ТIаккха шина сахьтехь 1000 адам лийча дезаш дара. Цхьана хин чIинта кIел 12-15 адам дIахIуттура. Арахь, йа хьаштангIахь хьайна тIе хи дотта йиш йу аьхка, амма Iай хала хуьлу. Йа лийча, йа вакъавала йиш йоцуш".

ХIоразза а хьал галдолура, и леррина деш ду, латкъамаш ца дайта, дуьйцу Натальяс. ШИЗО чу хьажор ву бохуш гуттара а кхерамаш тийсар: наггахь уггар хийраниш белхабо, дагадоуьйту цо: "Куьйгалхо чуваьлла, цо де дика дича. Массара а цхьатерра цуьнга ала деза оха: "Здравствуйте". Цкъа реза вацара иза оха деллачу жоьпанна, тIаккха хаьттира цо: "Шу ледара караIамийна?"

Къамелдечо бахарехь, колонехь дерриг дац вон, масала, кхечу зударийн набахтекахьчул а атта УДО-ца арабовлуьйту (хенал хьалха набахтера аравалийтар. – Билг.). Тутмакхна йеха хан тоьхнехь, дуьйцу Маринас, цо дерриг лов цу чохь, хенал хьалха арайала аьтто хилийта.

"Хьан тхов балахь, йа хIора баттахь набахтин куьйгалхочунна хьан гергарчара ахча луш далахь, хIаъ, хьо тIаккха а ШИЗО хьажор йу, амма 30 денна меттана, масала, 7 денна хьажо мега, - боху Маринас. – Куьйгалхочо иштта тIе мохь беттар бу хьуна, амма йеттар йац, йа садукъора дац. Амма хьо буобер далахь, хьуна тIехIотта стаг вацахь, ишттачу мискачу наханна тIехь лелайо харцо".

Кавказ.Реалиин редакцица ГIалгIайчуьра Медов Зеламха зIене велира. Ца дийцира, Зеленокумскерчу зударийн набахтехь гуттара а хьоьшу тутмакхийн бакъонаш, царна йетта, талламаш дечу йукъанна шина сахьтехь сов са ца тохалуш болчу малха кIелахь латтабо уьш. Цхьаберш кхетамчуьра бовлу, дийцина цо.

Набахтин куьйгалхочо ша дакъа лоцуш йиттира Нохчийчуьрчу Шамаева Раисина, оцу меттигехь хан токхуш йолчу – шен бакъонаш ца хьешар дехна хиллера цо, дуьйцу къамелдечо.

"Сан зерашца, 2023 шеран марсхьокху-беттан 26-28 деношкахь Шамаева Раисина йеттарехь дакъа лоцура набахтин куьйгалхочо а, цуьнан кхаа гIовсо а, - боху Медовс. - Прокуратуре арз дина ас оцу хьокъехь, ур-атталла цаьргара жоп кхаьчна соьга".

Ставрополан махкарчу набахтешкахь бакъонаш ларйарехула волчу прокуроро даийтинчу кехатехь боху (редакцигахь йу оцу кехатан копи), Медовс чубелла латкъам и хиллачу меттиге хьажийна, аьлча а, ИК-7 набахте.

Медовс редакцига дийцина, шен латкъамна реакци йина Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула векалвинчу Солтаев Мансура: Ставрополан мехкан омбудсмене дахьийтина цо кехат, "Шамаевин тутмакхан конституцин бакъонаш ларйар" доьхуш.

Кавказ.Реалиин журналисто редакцин кехат дахьийтира Зеленокумскерчу ИК-7 куьйгалхочуьнга Биджиев Альберте а, Йукъараллин тидам латторан комиссин хьалханче Мухин Сергейга а. Амма карарчу хенахь цаьргара жоп кхаьчна дац.

"Набахтехь ницкъбар хуьлуш ду, – тIечIагIдо экс-тутмакхо Маринас. – Полисхочо йоIанна йиттина хиллера. Йиттина ларш йара цунна тIехь, балд иккхинера чоьхьара, цуьнан корта "решеткех" биттина хиллера цо. Камерашна тIехь дIайаздина ду иза, оха латкъамаш бира, амма администрацино тIе ца лоцура. И низамаш хедор ган лууш бац уьш".

Тутмакхийн бакъонаш ларйаран хаамийн "Гулаг-инфо" проекто дийцарехь, 2020 шарахь Зеленокумскерчу ИК-7 набахтехь тутмакх Щербакова Наталья йелла. ДегIан аьтту агIор лозу шен, дагар ду, дог керча бохуш латкъамаш дора цо, амма фельдшерна иза моттаргIнаш лелош йу аьлла хеттера. Промзоне балха хьажийра тутмакх, дуьйцу церан сайтехь. Цул тIаьхьа Щербаковин хьал телхира, дарбан цIийне йуьгучу хенахь иза йелира перитонитах (гай дестарх. – Билг.).

Колонин куьйгалхочун омраца, медико-санитаран декъерчу фельдшерийн бакъо йац тутмакхашна могушаллина тIехула мукъа денош дала, йаздо латкъаман авторо. Меттахь Iиллар лоьро шайна хьехнарш а балха арабовлура.

Тутмакхийн бакъонаш хьешарх лаьцна дуьйцу иштта Оьрсийчуьрчу набахтех йаздечу "Атлас Ф" форумехь. Зеленокумскерчу ИК-7 чохь тутмакхаш сийсазбо, ницкъбо царна тIехь, цомгаш хилла меттахь Iиллар доьхку, дуьйцу цигахь хиллачу наха. Лайш санна бацор а, "кIоршаме" хьал, "дедовшина" йу бохуш йаздо цара.

Зударшна йиттина хенаш

Зударийн-тутмакхийн гуттара а хьоьшуш йолу бакъонаш йу – церан балхаца йоьзнарш, дуьйцу Граф Сашас, набахтехь латточу зударийн проблемех дуьйцу "Женский срок" проектан авторо.

Наггахь белхаш ца тоьаш болчу божаршца дуьстича, зударий массо хенахь балхахь бу – бедарш тоьгуш, сурсаташ арахоьцуш, дуьйцу Графа. ФСИН-о вуно дукха ахча доккху уьш бацош, ма-дарра аьлча, Iедало лайш санна латтош бу уьш, тIетуху цо.

"Бинчу балхахь ахча дIа ца даларан масех кеп йу ФСИН-н. Арахеца йезачу хIуманийн терахьан план лакхара хIоттайо царна, иза чекхйаккха уьш ца кхиийта, тIаккха церан алапа чусецадо, – дуьйцу эксперта. – Пачхьалкхана лерина процент йу оцу ахчах. Дукха зударий бу берашна алименташ хьежош. Билгалдаккха деза, шаьш оцу набахтехь латторах ахча луш берш уьш шаьш бу".

Набахтийн администрацино ницкъбар божарийн колонешкахь даьржина ду, зударийн набахтешкахьчул а, амма цигахь, кхузахь иза лелаш ду, боху жигархочо.

Божарий-тутмакхашна церан арахь болчу зударша гIо до: наноша, йижарша, кхечу зударша, амма зударийн-тутмакхийн хьал вуьшта ду – церан уллорнаш сих-сиха дIахеда царах. Адвокатех дала ахча дац церан, системина дуьхьал беккъа шаьш буьссу уьш. Кхерамаш туьйсу, ницкъбо царна сих-сиха, билгалдоккху Графа.

Латкъамаш диначул тIаьхьа набахтийн куьйгалхой, йа белхахой жоьпалле ийзийна меттигаш кIезга йу

Эксперта бахарехь, тутмакхашна Iаткъам баран кепаш масийтта йу: ВИЧ лазар долчу наханна а тIехь молханаш ца даларна тIера цIаналла лелон оьшург схьайаккхарна тIекхачалц – иза зударшна вуно ладаме хIума ду.

"Куьйгаллера шортта рапорташ кхачарх кхоьру уьш, дика болх бан гIерта уьш, шайх новкъарлонаш ца йеш, хIунда аьлча, хенал хьалха цигара арабовла лаьа, шайн бераш ган лаьа царна. Дукхачу хьолехь иза церан коьрта бахьана ду – дикачу харатеристикица ара а бевлла, берана Iуналла даран бакъонаш меттахIиттор", – дуьйцу эксперто.

Сашо бахарехь, латкъамаш диначул тIаьхьа набахтийн куьйгалхой, йа белхахой жоьпалле ийзийна меттигаш кIезга йу. ГIарйевлла истореш арахь йаккха хан тухуш йерза тарло. Баккъала а жамIаш хилийта хала ду – низам лардархой а, ФСИН а вовшашца зIенашца йихкина йу, тIаккха ФСИН-ра, йа ОНК-ра шайна бевзаш болу, йа гергара нах жоьпалле ийза ца леаьа низамхошна, тIетуху цо.

"Тутмакхашана дика кхета, и костюмаш йоьхна таллам бан бо шаьш бохуш гучубуьйлу нах муьлш бу – уьш кепанна лелаш буйла, – тешна йу жигархо. – Масала, баккъала а цара шайн хьолех лаьцна латкъам бахь, тIаккха вукхара набахтин администрацига дIадуьйцур ду иза, тIаккха цара – тутмакхна саццанза рапорташца, гIудан изоляторшца таIзар дийр ду".

Иза йоккха йаьржина проблема йу, дуьйцу Графа. Бакъоларйархоша гIо деш, хьал нахала даьлча, тутмакхийн хьал цхьана ханна нислуш меттигаш йу, амма и дIатийча хьалха ма-хиллара дIахIутта иза.

  • Хьалхо СИЗО-1 чохь валлийна волчу шина тутмакхан аьрзнаш теллира 2023 шеран марсхьокху-баттахь Краснодаран Ленинан а, Октябрьскан а кхелаша. Камераш йоьттна хиларх, боьхаллех, хIаваэ ца бовлийтарх латкъамаш бира цара, 950 эзар а, 300 эзар сом компенсаци доьхуш. Тутмакхийн бакъонаш хьешна йац элира кхело.
  • 2021-чу шарахь девнаш цахилийтаран, анализан Центро "Къилбаседа Кавказера бусулбанаш Оьрсийчоьнан набахтешкахь" цIе йолу тептар кечдира. Бакъоларйархойн хаамашца, ислам дин лелориш набахтешкахь уггаре чIогIа хьийзош бу. Царна таIзараш до, царна йетта йетта, кхечу тутмакхашка гIелонаш йойту.
  • Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а бусулба дин лелочу пхеаммо дIахьедина, Ульяновскера набахтин белхахоша шайна тIехь гIело латторах, динца доьзна шаьш сийсаздарх. Чохь бахкочара дийцарехь, нуьцкъаша мажош йаьшна церан, динан литература дIайоккху, ламаз ден кузаш а ца дуьту, шаьш бохург ца дахь, йетта шайна аьлла. Оцу кепара бусулбанашца лелар даьржина хIума ду Оьрсийчоьнан пенитенциаран хьукматашкахь, билгалдоккху бакъоларйархоша. Ткъа делах тешачийн дог-ойла аьшнашйарх лаьттачу артиклах пайдаоьцу жигархой лоьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG