ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIекхайхка хан йолчу Дагестанерчу лакхарчу доьшийлашкара студенташлахь рейдаш йолийна


Аннекси йинчу Симфорополера тIеман комендантана хьалха лоьрийн комиссех чекхбохуш бу кегийрхой. Гайтаман сурт
Аннекси йинчу Симфорополера тIеман комендантана хьалха лоьрийн комиссех чекхбохуш бу кегийрхой. Гайтаман сурт

Дагестанерчу лакхарчу доьшийлашкара студенташлахь рейдаш йолийна военкоматан векалша. Кавказ.Реалиин хьасташа дийцарехь, масех лакхарчу дошийлашкара кегийнах чоьте эца дIабигинера.

Дагестанан пачхьалкхан университетан цхъахволчу студенто къайлах дийцина редакцига, физкультурин факультетера 20-30 кIант дIавигира "цхьана комиссина" аьлла. Цо бахарехь, массо а цIа ваийтина, церан паспорта тIера хаамаш а, телефонан номерш а схьа а эцна. Талламаш бар тIечIагIдира Дагестанан пачхьалкхан университетан хьехархочо а.

"ХIаъ, бераш дIадуьгу, амма тхуна дош делла, мобилизаци йац иза, вайн пачхьалкхана тIелатахь а аьлла, кегийрхой чоьте оьцуш ду", - элира цо.

ЦIераш, паспорта тIера хаамаш схьаэцна ца Iаш, кегийрхошка хиттина, тIеман леррина операци муха хета, даймахке дог-ойла а муха ю бохуш, дийцина хьехархочо.

Дагестанера хьехархойн (ДГПУ) а, техникан а (ДГТУ) университеташкахь а, иштта Юьртбахаман академихь а жоп делира Кавказ.Реалиин корреспондентана, шаьш долчахь цхьа а рейдаш, талламаш хилла бац аьлла. Информаци толлур ю шаьш элира ДГУ-хь, амма хаам зорбане боккхучу заманчохь жоп цаьргара кхаьчна дац.

ТIаьхьо военкоматера лакхарчу доьшийлашка бахна хиларх дийцира Дагестанерчу дешаран министралло а. Рейдаш дIайаьхьна бохург бакъ ца до цара – урхаллин хаамашца, "тIеман гIуллакхна студенташ юкъарабохуш луш долу кехаташ мел бух болуш ду хьовсуш" бина таллам бара.

"ТIекхайкха хан йолу бахархой билгалбаха Iалашонца цхьа а рейдаш министралло дIахьош йац", - дIахьедира хьаькамаша.

  • Украинан Херсонан кIоштара оккупаци йина дозанаш Iалашдан хьажийра Волгоградера тIекхайкхина студент. Цуьнан гергарнаш гIоьртира мобилизаци къовса, амма Осипов Евгений маса тIамтIе дIавигира.
  • Хьалхо бакъоларйаран "Агора" организацин юристо Чиков Павела дIахьедира, Оьрсийчохь тIекхайкхинчарна го бинера аьлла. Доккхачу декъанна, къаьсттина жигара йолчу регионашлахь цо билгалйаьккхира Волгоград, Москва, Владивосток.
  • Пачхьалкхана ямартхилла аьлла, лахьан-беттан 7-чохь Москвахь шеконашца лаьцначу Астраханера пачхьалкхан архитектурин а, гIишлошйаран а университетан студентана Веодиян Глебана дуьхьал гIуллакх даьккхина "зуламдан кечвалар" аьллачу Iедалан къепехула. "Пачхьалкхан къайле йолу хаамаш арахьарчу къайлахчу сервисашка дIакхачон воллуш хилла" аьлла Веодиян.
  • Къилбаседа ХIирийчуьра Алагирера номер 5 йолчу школин дешархоша декъалвинера 18 шо кхачарца уггар къона Украинерчу тIеман декъашхо Остаев Рустам. Хьалхо Остаевс бохура, шен 18 шо кхаьчначул тIаьхьа вахана ша тIемаш боьлхучу меттиге, ткъа Iедалхоша комментарий ца йира оцу хаттарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG