ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман аренашкахь битинчу эскархойн Къилбера а, Къилбседа Кавказера а доьзалша кхелехь къуьйсу уьш баларх тоьшалла дар


Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара кхелаша теллина Украинан тIамехь байина эскархойн гергарчеран а, тIеман дакъойн куьйгалло а дина массийта дехар, тIамехь уьш байина хилар тIечIагIдар доьху цара. "Шторман" йолахойн а, контарктхойн а декъий тӀеман аренашкахь тесна дитинера, и бахьана долуш, цундела уьш баларх тоьшалла дан дезара церан декъий гина а доцуш. Доьзалшна догIуш долу социалан пособеш эцархьама, валаран тешаллла оьшуш хуьлу.

Ставрополан кIоштан Невинномысскан йахархочо Рудешко Еленас кхеле дехнера шен майра велла аьлла дӀакхайкхор. Наркотикаш лелорна номер 11 йолчу колонехь ялх шо хан йаьккхина цо. 2023-чу шеран стигалкъега -баттахь тӀеман министраллица контракт а йина, 96-чу штурман "Шторм Z" роте дӀайазвелира иза. Украинерчу Донецкан кӀоштарчу Бахмутан гергарчу Спорное юьртана гергахь тӀом боьдуш тӀепаза вайна хилла Рудешкон майра, цуьнан дакъа ца карийна. Ах шо даьлча а, веллачух лаьцна цхьа а информаци гучу ца йаьлла, цундела кхело къобалдира и дехар. Рудешко Еленина и сацам оьшуш бара, тIера хIусамда дIаваьлча шен берашна пособи хIоттадайта.

Адыгейра вахархо Шевцов Владимир Майкоп гIалин кхеле велира, шен кӀант, контратктхо Шевцов Дмитрий велла ву аьлла, дIакхайкхор доьхуш. Хууш ду, иза номер 42091 йочу тӀеман талламан декъан штурман ротехь пулеметчик хилар. Украинин тӀеман ницкъаша артиллерин тохарш дечу хенахь, тӀепаза вайна иза. Гергарчара цуьнан биоматериал йелира, ДНК-ла тӀамехь байинчу салташна йукъахь иза лохуш, амма цо а жамIаш ца делира. И бахьана долуш тIапаза вайначу контрактхочун дас дина дехар кхочушдира кхело.

Нальчикера Гордиенко Екатеринас гӀалин кхеле гIуллакх кховдийра Украинерчу Херсонан кӀоштахь тӀемаш боьлхучу хенахь шен кӀант тӀепаза вайна аьлла дӀакхайкхор доьхуш. Хууш ду, иза 2023-чу шеран мангал -баттахь дуьйна номер 12267 йолчу тӀеман декъан талламхо хилла хилар. Марсхьокху-бутт чекхболуш Херсонан кӀоштарчу Малый олучу гӀайренна тӀе Iин-каналах дехьаволуш "тӀепаза вайна" хилар. Цуьнан дакъа схьаэца аьтто ца баьллераа "мостагӀаша тIетаьIIина тIейетташ хиларна", аьлла ду тӀеман документаш тIехь. И бахьана долуш Нальчикан кхело Украинерчу тӀамехь вийна контрактхо аьлла дӀакхайкхийра.

Дагестанера Шамилан кӀоштан кхелехула эскархо Гасанов Шамил Украинехь вийна аьлла сацам байтира кхеле номер 06414 йолчу тӀеман декъан буьйранчин декхарш кхочушдеш волчо. Иза гIуллакх деш вара Балтикан флотехь къаьстинчу 11-чу эскаран корпусаехь. Эскаран накъосташа дийцарехь, Першетравново эвлана гергарчу хьуьнан доьхкахь, Украинин тӀеман ницкъийн позицешна штурм йеш, герз кхетта, "лазийна, охьавоьжна, кхи меттах ца велира" Гасанов Шамил аьлла. Цул тӀаьхьа оцу меттигна кассетийн герзаш диттира, цундела ницкъ ца кхечира цунна эвакуаци йан. Кхело тӀечӀагӀдина иза велла хилар.

  • Кавказ.Реалии сайто ларарш деш ду Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара Украинехь бечу тIамехь беллачу эскархойн. Хаамаш гулбо бу социалан машанашкара а, меттигерчу администрацин дӀахьедаршкара а, хаамийн гӀирсашкара а. Таханлерчу дийнахь хууш ду исс эзар гергга стаг валар.
  • Къилбаседа Кавказерчу контрактхойн гергарнаш декхаре хуьлу кхелашкахь шайн Украинерчу тIамехь нах белла хилар тIечIагIдайта. Церан декъий тӀеман аренгахь дисина хиларна, официалехь белла лоруш бац уьш. Доьзалшна социалан пособеш эцархьама оьшу ду кхелашкара уьш баларх тоьшаллаш.
  • Хьалхо ГӀебарта-Балкхаройчоьнан Баксанан кӀоштан кхело къобалйира Гергов Исламан иск, Украинерчу тIамехь цуьнан ваша тIамехь тӀепаза вар бакъдина. Цу сацамехь йаздина ду, цуьнан ваша "ДНР" олучу кIоштахь тӀеман декхарш кхочушдечу заманчохь тӀепаза вайна аьлла. Иза тӀечӀагӀдина тӀеман декъан буьйранчо а. И бахьана долуш Баксанан кIоштан кхело Украинехь тӀом боьдуш велла аьлла дӀакхайкхийра республикера вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG