ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIера йеддачу Заурбекова Лиян дас дош делла ша йоI лоьхур йу аьлла


Соьлжа-ГIалара аэропорт, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалара аэропорт, гайтаман сурт

Доьзалехь ницкъбора шена аьлла йедда 19 шо долу Заурбекова Лия дозанал арахьа а лоьхур йолуш йу цуьнан цIийнах болчу баккхийчара. Цунах лаьцна дIахьедина йоьIан дас Заурбеков Беслана "Регнум" агенталлин белхахошца хиллачу къамелехь.

Заурбековн версица, Лия цIера йедда, кхечу къомах, динах волу стаг везаваларна – доьзало цуьнга йаха пурба лур ду, нагахь санна, оцу стага бусалба дин тIеэцахь. Шен йоI Iехийна, тилкхазйаьккхина жима стаг схьа а лехна, цунна таIзар дийр ду ша аьлла йеддачун дас.

"Лия оха цхьаммо а дIайахийтина йац. И дIа ца йахийта, дерриг а деш дара, амма хIетте а цуьнан аьтто хилла йада. Со шена мостагI волуш санна йедда, хIинца сох лечкъаш лелаш йу. Цкъачунна цуьнца зIе таса ницкъ ца кхаьчна тхан. Амма иза лоьхучуьра совцур дац тхо", - аьллачу Бесланан дешнаш далийна агенталло.

Цо иштта бакъ ца до йоIехь бала латтор – дена хетарехь, "бух боцуш бакъонашларйархоша кхоьллина хIума ду и, доьзал бехбеш".

Шозза видео дIайазйира хьалхо Заурбекова Лияс, цу тIехь цо билгалдаьккхира, цIера шен лаамехь, ша дечух кхета а кхеташ дIайахара ша аьлла. Ша ма леха, кхерамзаллехь йу ша аьлла дехар дира цо, дийцира йетташ, кхерамаш туьйсуш цIахь болчара ша хьийзорах а. ЙоIа бахарехь, гергарчу наха ша йерна кхоьруш хиллера иза.

Шинарин дийнахь бакъоларйаран "Марем" организацино керла видео йаржийра Заурбекова Лияс дIайазйина. Цу тIехь йоIа дуьйцу, доьзалехь шена бинчу ницкъах а, Москвара полицин декъехь шеца шен доттагI Артем а вара аьлла.

Заурбековас бахарехь, и шиъ цига далийна дукха хан йалале, цигара дIагIо аьллера цу шинга. "Ишта хир дуй хьайна хуушшехь, стенна цIера йеддера хьо", - баьхна хиллера цуьнга полицин белхахоша. И шиъ цу чуьра арадаьлча, царна тIелеттера гергарнаш – Лиях дас катоьхнера, масех стаг Артемана тIелеттера, цунна йиттинера, иза машен чу а текхош. И дерриг а гучу полисхоша "шина минотехь" терго ца йинера, цул тIаьхьа йукъагIоьртинера.

  • Шайн кхиазхо йолу йоI лахахьара аьлла да-нана полици даьллера, амма хьалха шайна схьакарийна хиллера царна йоI. Стигалкъекъа-беттан 16-чохь, ша лечкъаш хиллачу Москвара хIусамна хьалха шен нах гича, Заурбековас полици кхайкхинера. ЙоьIан наха го бинера полицин декъана, чувоьдийла а дIалаьцнера, йоI шайга схьало бохуш. Бакъонашларйархой кхоьрура, нагахь санна, Заурбекова цуьнан дега-нене дIалахь, иза бертаза Нохчийчу дIайуьгар йу, цигахь йен тарло иза бохуш.
  • Цу дийнахь суьйранна адвокатан ка йаьллера Заурбекова полицин декъера арайаьккхина, кхерамзалла йолчу меттиге дIайига а, Оьрсийчуьра дIайоьдуш цунна гIо дан а.
  • ХIусамехь латточу гIелонех уьдучу Къилбаседа Кавказера зудаберашна дукха хьолахь церан гергара нах тIаьхьабуьйлу. Бакъоларйаран органийн белхахоша лоьцу уьш – бахьана хуьлу, уьш цхьацца зуламашна харцонца бехкебар, цул тIаьхьа церан наха йухабуьгу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG