Зазадоккху-бутт юккъебаьлчахьана Францерчу Тулузу а, Монблан а гIаланашкахь ворхI стаг вийнера Алжирера орамаш долчу Мера Мухьаммад. Цкъа хьалха цо вийнарг Францера кхо эскархо вара.
ЦултIаьхьа, боллу мохк а Iадош, Зазадоккху-беттан 19 дийнахь цо Тулузерачу жуьгтийн ишколана хьалха герз диттина кхо бер а, цхьа хьехархо а вийра.
Францера кхерамазаллин хьал уггаре а лакхарчу тIегIан тIе даьккхина болу меттигера Iедалхой эххар а талораш деш верг Мера Мухьаммад хиларна цуьнан интернет машанера жигаралла бахьана долуш тIаьхьа кхиинера.
ЦултIаьхьа, и волу меттиг билгаляьккхинчул тIаьхьа, террорхо шен хIусамехь чIагвеллера, Iедалхошца цкъа къамеле волуш, юха дIатуьйш.
Ткъа эххар а Iедалхоша иза чохь волчу хIусамана тIелатар дIадолийча, цо дуьхьал герз дитинера, ша дийна хилар а, дуьхьало ян кийча хилар а гойтуш. Тасабеллачу тIамехь зуламхо вийна, масех францхойн Iедалхочунна чевнаш ян а кхуьуш.
Цуьнан 23 шо хилла. Алжирхойн доьзалехь вина волу иза лулахоша а, бовза-безачара а гIиллакх а долуш, тIекаре а, тийна-таьIна а жима стаг санна вуьйцу.
Кхин цхьа хIума а ду шена тIе тидам бохуьйтуш. Дуьненчохь террорца къийсам латтош йолу лерина сервисаш уггаре а тоьллачех ларалуш ю Францехь. ХIетте а 22 сахьт даьккхира цара, Мухьаммад Мера чохь волчу хIусамна штурм ца еш, иза дийна караваре сатуьйсуш, цуьнца зIе а латтош.
Цу хьокхъехь дагайог1у кест-кеста Къилбаседа Кавказехь оьрсийн ницкъаллийн структураша дIахьуш йолу террорхошна дуьхьала операцеш.
Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а цхьа зуламхо, я Iедална дуьхьалонча чохь волу хIусам шайна билгаляьлча, герзаш а деттий, и хIусам а хIаллакйо, цу чохь мел верг а воь, бехк боцу лулахой, я уллехь ларамаза нисбелла маьрша бахархой а бойъуш. Зуламхо дийна схьалаца гIортар-м дийца а ца оьшу.