ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан а, Евро Бертан а керла дов


Туркойчоь -- Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Тайип, Истанбул, Зазадоккху-бутт 5-гIа, 2017-гIа шо.
Туркойчоь -- Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Тайип, Истанбул, Зазадоккху-бутт 5-гIа, 2017-гIа шо.

Туркойчоьно Евро Бартана критик йина дипломатан девнехь Голландин агIо лацарна. Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министералло шинарин дийнахь динчу дIахьедарца, Евро Бертан Туркойчоьнах йолу позици “кхане чоьте ца оьцуш а, цхьа а мехала йоцуш а ю”. Евро Барто Туркойчоьне тIех сов кIоршаме дIахьедарш ма де аьлла динчу дIааларо “тидаме ца оьцу Голландино дипломатан конвенцеш а, низам а талхор”, аьлла дIахьедина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министералло.

Голландина а, Туркойчоьнна а юкъахь дов иккхира масех де хьалха Голландино 2 Туркойчоьнан министер шен пачхьалкха чу ца витча. Уьш бара Оханан-беттан 16-чу дийнахь Туркойчоьнан президентан ЭрдогIан Тайипан бакъонаш шоръян референдумехь меттигерчу туркошка дакъалаца ала кампани дIаяхьа лерина.

Оршотан дийнахь Туркойчоьно политикан санкцеш юкъаехира Голландина дуьхьал, шина пачхьалкхан дIахьош хилла политикан дийцаредарш а совцийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG