ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана туркой бу референдумехь кхаж тосуш


Туркойчонан президент ЭрдохIан Тайипа кхаж тесна араволуш ву кхаж тосучу меттера Стамбулехь, Оханан-беттан 16, 2017.
Туркойчонан президент ЭрдохIан Тайипа кхаж тесна араволуш ву кхаж тосучу меттера Стамбулехь, Оханан-беттан 16, 2017.

Тахана туркой бу референдумехь кхаж тосуш. Референдумо къастор ду Туркойчоьнан президентан ЭрдохIан Тайипан бакъонаш шоръян еза я ца еза бохург.

Цкъачунна нехан дог-ойла толлуш хаттамаш гайтарехь, цу хаттарна ‘ХIаъ’ боху жоьпехьа жимма дукхах нах бу. Референдум цу жамIца ерзахь, парламентан демократи лору Туркойчоьнах хир ю президентан республика, ткъа ЭрдохIан уггар лаххара а 2020 тIекхаччалц президентан даржехь вуьсур ву.

ЖамIо цул сов билгалйоккхур ю Туркойчоьнан Европца хир йолу юкъаметтиг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG