ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан дозанашна чугIорта йолаелла Оьрсийчоь. Коьртаниг


Украинан малхбалерчу Донецк гIалахь йоьдуш ю танк, Чиллан-беттан 22-гIа, 2022 ш
Украинан малхбалерчу Донецк гIалахь йоьдуш ю танк, Чиллан-беттан 22-гIа, 2022 ш

Чиллан-беттан 24-чу буса тIеман шуьйрачу масштабехь Украинан дозана чугIоьртина Оьрсийчоь. Сепаратистийн Донбассерчу республикийн кIошташкахь украинхойн ницкъаша лаьцначу позицешна тIелетта артиллери, ракеташца а, хIаваан а тохарш дина тIеман инфраструктурана а, аэродромашна а, пачхьалкхан дуккхаъчу ПВО-н гIирсашна а, иштта Iаьржа хIордан йистехь а, Киевна гергахь а. "Леррина тIеман операци ю" аьлла хуьлучух президенто Путин Владимира.

Оьрсийн эскарш Донбассан сепартистийн республикашка чудалийна хиларх тоьшалла гучуделира Чиллан-беттан 24-чу. Оцу хенахь, Американ иччархойн урхаллан хаамашца, Оьрсийчоьно Украинан дозане оьзнера мел лахара а 150 эзар тIемало, цуьнан доккхаха долу дакъа тIом балун оьрсийн ницкъаш бу.

ТIаьхьо Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вистхилира телевизионехула къоме. Цо дIахьедира, ша "кхерамзаллехь ю аьлла ца хета Оьрсийчоьнна", "кхузаманарчу Украинан дозанашкара" гуттар а кхерам латтарна. Цуьнца доьзна цо сацам тIеэцнера "леррина тIеман операци дIаяхьарх". Цо дIахьедира, цуьнан Iалашо Украинан "демилитаризаци" а, "денацификаци" а ю аьлла.

Оьрсийчоьнан операцин юьхь

Чиллан-беттан 24-чохь сатоссуш ракеташца а, кеманца а тохарш дира йоллу Украинан дозанашкарчу объекташна – малхбалерчу Донецкан кIоштара малхбузера Ивано-Франковске кхаччалц. Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедо, "украинхойн авиацин йоллу инфраструктура хIаллакхъярх" а, ПВО эшорах а. Киево – оьрсийн дохийначу ялх кеманах а, цхьана беракеманах а. Бозуш боцчу хаамашкара оцу информацина тоьшалла каро аьтто хилла бац.

Украинхойн дозанхойн урхалло хаамбира, оьрсийн эскарш Украинан малхбалерчу Харьковскан а, Луганскан а кIошташкара а, Киеве воьдучу Черниговскан а кIоштара дозанаш хедош ду аьлла. Иштта хаамбо, аннекси йинчу ГIирман агIора тIегIертачу тIеман техникан коврах а.

"ЛНР" олучу республико дIахьедина, Украинан тергонехь йолу Счастье гIала а, Луганскан кIоштан агIорара Луганская станица а дIаяьккхина бохуш. Украинхойн эскарша и бакъ ца до. Кхинйолу яккхий нах беха пункташ дIалецарх цкъачунна бина хаам бац.

Украинан Iедалхоша дIахьедо, маьршачу бахархошлахь баларш ду аьлла. Эскархойн могIарех хиллачу эшамех а официалан информаци яц.

Дуьненан юкъараллина хетарг

Гурахь дуьйнна Вашингтоно дIахьедора, Москва чугIорта кийча хиларх. Малхбузен пачхьалкхаша тIедожийра Украинана а, Оьрсийчоьнна а охьа а ховший, барт бе, "шуна дагахь а доцчу кепара" санкцеш Москвана дуьхьал кечъеш хиларх, дIа а хоуьйтуш.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена дIахьедар дина оцу юккъехула, Оьрсийчоьно лелориг дуьнене а емал дойтур ду ша, иштта еариндийнахь ООН-н кхерамзаллин Кхеташонан цхьанакхетарехь а цхьаьна бохуш, дIа а кхайкхош.

Британин премьеро Джонсон Бориса дIахьедира, "Украинехь хуьлучу ирчачу хиламех цецваьлла" ша аьлла, цо дош делира Оьрсийчоьнна "хадаме жоп" дала. Евросоюзан дипломатин куьйгалхочо Борредь Жозепа дIахьедира, Москвана дуьхьал керла санкцеш яхарх. "ШолгIа Дуьненан тIом хилчхьана уггар вон заманаш ю Европехь" элира цо хуьлуш долчух. Еврокомиссин урхалхочо Урсула фон дер Ляйена чIагIо йира, тахханехь Москвана дуьхьал санкцеш кхайкхор ю аьлла. "Катоххий тIелетар сацаде" аьлла, кхайкхамбина Путине Макрон Эммануэла.

Харжамашкахь дуккха а фальсификацеш лелорна, дуккхаъчу пачхьалкхаша президент санна тIе ца оьцучу Белоруссин лидеро Лукашенко Александра дIахьедина, тIелата там бу аьлла, Украинан куьйгалле дIахаийтина дара, амма "гIулчаш ца йира" цара, ца хилийта аьлла. Китайн МИД-о дIахьедина, шина а агIоне "собаре хила", "хьал карара ца далийта хьовса" аьлла, кхайкхамбеш.

Биржийн реакци

Чиллан-беттан 24-чохь Iуьйранна, долларан мах 90 соьме, еврон мах 102 соьме хьалабаьлча, Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а биржаша сацийра духкучуьра.

Массо а оьрсийн компанеш яйъелира Чиллан-беттан 24-чу Iуьйранна. Дукханхьа дожар ши хьаьрк йолуш ду. Мосбиржан индекс охьайоьжна 11 процентна. Нагахь санна, Украинана чугIортахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал йохур ю аьлла, керла, шога санкцеш яхарна инвесторш кхоьруш бу. Москварчу хенаца итт сахьт даьллачу заманчохь Мосбиржехь юха а дохка долийра. 10 сахьт цхьа цхьа секунд яьллачу хенахь дукхахйолчу "сийначу фишкийн" мехаш 28 процентна охьадевлира. Лондонехь Оьрсийчоьнан акцеш 70 проценте охьаевлла. Дуьненан биржашкахь а котировкаш охьэгаш ю.

Украинана чуьра реакци

Оьрсийчоь чугIорта масех сахьт дисинчу хенахь Украинан президент Зеленский Владимир вистхилира Оьрсийчоьнан бахархошка аьлла. Цо бахарехь, телефонехула къамел дан гIоьртира иза президентаца Путинца Чиллан-беттан 23-чохь, амма вукхо жоп ца делира. "Шун хаамашкахь йолу Украина а, баккъал йолу Украина а тайп-тайпана ши пачхьалкх ю", - элира цо. "ТIелетачу хенахь шуна тхан яххьаш гур ю, тхан баккъаш гур дац", - дIахьедира Зеленскийс.

Шен къамелехь Украинан президенто дIахьедира, оьрсий а, украинхой а кеп-кепара бу, амма иза бахьана дац мостагIий хила. "Шуьга боху, тхо – нацисташ ду, нацизм эшорехь 8 миллион стеган дахар дIаделла къам хуьлийла дуй нацизмехьа", - дIахьедира Зеленскийс, шен деда- ШолгIачу Дуьненан тIеман ветеран дагалоцуш. "ХIара латта тхан ду, тхан истори ю, стенна тIом бийр бу аш, хьанца?", - элира цо.

Украинан МИД-н куьйгалхочо Кулеба Дмитрийс еариндийнахь кхечу пачхьалкхашка кхайкхамбина, Москвана дуьхьал санкцеш чIагIъяр а, Киевна тIеман а, гуманитаран а, ахчанца а гIо доьхуш.

Оьрсийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш йохорах дIахьедина Украино. Де хьалха эвакуаци йира оьрсийн дипвекалтийн персонална. Шайн белхан меттигашкахь ду шаьш аьлла, дIахьедина министраша а, парламентан куьйгалло а. ТIемаш болабеллачул тIаьхьа Зеленскийс тIеман хьолан раж кхайкхийра махкахь. Украинхойн президенто чIагIо йина, хIора сохьташкахь конфликтах лаьцна хаамаш бан, кхайкхамбина бахархошка, доха ма доха аьлла. "Путина Украинаца а, доллу демократин дуьненца а тIом болийна. Вайн пачхьалкх а, вай мел динарг дохо лууш ву иза", дIахьедина политико.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG