Цаьрца шатайпа юкъаметтигаш хилар доьзна ду гIайгIанечу хиламашца – нохчийн къам дохадарца а, мацалла хIоьттинчу муьрехь, бIеннаш украинцаш тIе а лаьцна, нохчаша ерг ца кхоош, комаьршша йоькъуш, Iожаллех хьалхабахарца а.
«Хенарчу украинцашна дика дагадогIу нохчаша шайна дина гIо,-боху 20 шаре а ваьлла, Киевехь вехачу Мустапаевс. -Бутт хьалха цигга майданехь цхьанца къамел нисделлера сан. Со нохчо вуй хиъча, белшера охьа суна тIе куьг хьоькхура цо, баркалла, сан нана лечуьра кIелхьара ма яьккхина аш бохуш. МоттаргIанаш а йоцуш даггара дара цуьнан къамел а, бIаьрхиш а. ГIеххьа нах а тIегулбелира.
Цо цаьрга а бохура , кхара , нохчаша, вайх дукха нах лечуьра баьхна шуна ткъе уьтталгIачу шерашкахь. И дицдан йиш йолуш хIума дац шуна. Сан пхьаьрс дIа ца хоьцуш, дикка латтийра цо со. Суна эхь хетара. БIаьргаш мустдаларна а кхерара. Оццул доггаха дара цуьнан лелар».
И гIайгIане дагалецамаш бахьнехь хила а тарло, тахана Украинехь лаьтта чолхе хьал чIогIа тидамехь латтадо нохчаша. Цара холча а хIуьттуш, тIаьхь-тIаьхьа карзах а буьйлуш, Оьрсийчоьно лелориг харцо а лоруш, дуьйцу ахгIайре тIерачу ГIирмехь долчух.Украина хецца, шен мА тов яха йита езар аьлла теш ву 80 шо долу Теркйистера къано Гизуев.
«Ас и Украина хецца юьтур яр-кх шена ма тов яха»
Цигахь болу оьрсийн боху Гизуевс, цига уьш баха лууш бацахь дозанал сехьа а бевлла шайн Новгороде схьабахка беза-кх.
«Дозанал сехьа а баьхна, дIахеца беза-кх тохара Казахстанехь нохчий мА хеццара. ЦIа хьовса безар-кх оьрсий цигахь уьш Iа туьгуш бацахь. Украинцийн латта стенна къуьйсу цара? Тарбала ца лаахь схьа цIа балабе, шайн Новгороде».
Вуно чолхе, кегаделла, Нохчийчохь хиллачу хьолах тера детталуш. ТIом эккха а кхераме хьал лору Украинехь дерг 60 шо долчу соьлжагIалахочо Зубайраев Салахьас.
«Суна сайн махкахь гинарг ду-кх Украинехь дерг. Хьалха тIом болучу хенахь шина декъе екъаелла яра Нохчийчоь. Изза ду хIинца цигахь а. Церан вовшийн барт ца хилахь кхузахь санна цIий Iано тарлуш кхерам бу царна тIебазбелларг. Вовшашна Iиттарш а ца еш, барт бара бан безарг.
Цхьайолчу пачхьалкхийн куьйгалхоша со тоьлур вуй, хьо тоьлур вуй бохуш,шайна синкъерамна кIамбеш хета суна украинцаш. Дала диканиг дойла вон хьал ду цигахь хIинца хIоьттинарг».
Дустарш а, масалш а далош дуьйцу ГIирмерчу хьолах 65 шо долчу Соьлжа-гIалара вахархочо Абзотов ШаIрана.
«Цигахь зулам даларна кхоьруш ву-кх со. ХIара Оьрсийчоь IадIахьара, шайн чуьра гIуллакх цара шаьш луьстур ма ду. Кхера хIу бала бу? ДIа бахийтахь уьш. Нохчийчохь шиъ тIом хилла-кх юкъагIерташ цхьа арара пачхьалкх йоцуш. Цигахь низам а,къепе а хIоттош бу уьш бохуш Iийна дерриг дуьне а.
ТIаккха хIорш стенна гIерта царна юкъа? Шайна чIогIа къехетахь, цаьргахь яллориг гIело елахь, хIусмаш а нисьяй, баха меттиг билгал а яй, схьабалабехьа шайн оьрсий. Кхечу пачхьалкхан бала ма кхачахь. И ма ца до?»
Дерзош ала догIу Украиенара къепедацарш, денна ирделла догIу хьал бахьнехь . цигарчу хиламийн даггара бала кхочурш а хилла. само ян бевлла дуккха а вайнах. КIезиг масалш дац шен чохь тилвазар йоцург, я вон гойтуш и елахь, Украинехь хIун ду хьаьжжа вогIу со бохуш, лулахошка хьодуш а.
Шайна цхьа дика болх хуьлуш санна, бахархоша сатуьйсург цхьаъ ду - цIий ца Iанош, Украинех коржамаш а ца йохуш, цигара чолхе хьал маслаIат а хилла аттачу далар.