ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СБУ-н инарлина кхел йина пачхьалкхана йамартваларна а, Осмаев Адамна кIело кечйарна а


UKRAINE - Valeriy Shaytanov
UKRAINE - Valeriy Shaytanov

Киевера Шевченковскан кIоштан кхело набахтехь даккха 12 шо хан тоьхна Украинан кхерамзаллин Урхаллин леррина операцеш дIахьочу "А" Центран хиллачу куьйгалхочун хьалхарчу гIовсана, инарла-майорна Шайтанов Валерийна, цуьнан бахам схьа а боккхуш. Иза бехкевина пачхьалкхана йамарт валарна а, теракт йан кечам барна а, иштта бакъо йоцуш герз лелорна а.

Талламан версица, Шайтанов агентурин зIенехь хилла "Бобыль" цIарца Оьрсийчоьнан ФСБ-н полковникца Егоров Игорьца, йаздо "Настоящее Время" телеканало.

Украинан Коьртачу прокуратуро бахарехь, "Эльбрус" цIарца лелла Егоров 2014-чу шарахь оккупаци йинчех а, Донбассехь терроран гIуллакхаш даржийначех а ву.

Иштта къаьстина, "АТО/ООС кIоштахь дIахьочу къайлахчу операцех а, цу йукъахь дакъалоцучу белхахойх а, оперативникех а, СБУ-н контрталламхойх а" Шайтановс информаци гулйеш, Оьрсийчоьнан агIоне дIалуш хилар.

Цул совнах, кхел йинчо, прокуратурин хаамашца, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн тIедахкаршца, СБУ-н хиллачу белхалойшлахь теракт йан нах лоьхуш а хилла. Цуьнан Iалашо хилла, коьртачу прокуроран офисо дийцарехь, Нохчийн Ичкерия республикин ВС-н майор Осмаев Адам вен. 2015-чу шеран чиллин-баттера схьа дуьйна Украинан малхбалехь Дуьненайукъара машарбаран Дудаев Джохаран цIарах батальонан куьйгаллехь ву иза. "Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш иза вен дагахь хиларх дIахаийтира бакъоларйаран белхахоша", - элира урхаллехь.

2020-чу шеран оханан-баттахь лецира Шайтанов СБУ-н контрталламхойн масех муьрехь леррина операци дIайаьхьча.

  • Осмаев Адамна кIелойира 2017-чу шеран марсхьокху-баттахь Киевехь. Киллеро лазийра Осмаев, ткъа нохчийн тIемалочун хIусамнанас, Окуева Аминас, дуьхьал герз тоьхна чов йира киллерна.
  • Оццу шеран гIадужу-беттахь Осмаевна а, Окуевана а йуха а тIелатар дира: цIерпоштан некъа уллохь Киевна гергарчу Глеваха эвлахь муьлш бу цахуучу наха церан машенна тIе ерзаш диттинера, и шиъ цIа догIучу хенахь. Коьртана йинчу чевнех Окуева кхелхира.
  • 2020-чу шеран дечкен-баттахь Украинехь лецира киллерийн тоба, царлахь, хIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Аваков Арсена чIагIдарца, Окуева йийнарг ву аьлла, шеконаш йерг а вара. ТIаьхьо Къоман полицин хьаькамо Игорь Клименкос а, Киевн кIоштара полицин куьйгалхочо Небытов Андрейс а дийцира, Окуева Амина йийнарг ву аьлла, лаьцнарг – дукха хенахь дуьйна Украинан вахархо вара, Дагестанера схьаваьлла.
  • Осмаев Адам бехкево оьрсийн Iедалхоша Путин Владимирна тIелатар кечдеш хилла аьлла. 2013-чу шарахь Оьрсийчу дIаваланза велира и, цунна новкъарло йира Страсбургера кхело, ткъа 2014-чу шарахь украинхойн Революци йирзича Украинан малхбалехь Киевехьа тIемаш бечу нохчийн батальонан куьйгалле хIоттийра Осмаев Адам, цул тIаьхьа "Киев" полицин батальонан эскархо хилира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG