ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIаме хьийсийначарна лерина Нохчийчохь Кадыровн суьртийн гайтам хIоттийна


Соьлжа-ГIалара гайтам. Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан каналерчу видеона тIера скриншот
Соьлжа-ГIалара гайтам. Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан каналерчу видеона тIера скриншот

Соьлжа-ГIалахь меттигерчу суртдиллархочун Уциев Ширванин "Карарчу хенан турпалхой" цIе йолу суьртийн гайтам хIоттийна. Украинерчу тIамехь дакъалоцучу нохчийн эскархошна лерина хиллера барам, амма доккхачу декъанна гойтурш республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан ден Кадыров Ахьмадан суьрташ дара.

Суртдиллархочо бахараехь, цо иштта сацам бина, республикан хьалхара президент Кадыров Ахьмад а, таханалера куьйгалхо а "терроризмана а, националистийн идеологина а дуьхьало йарехь хьалхваьлла хиларна", бохуш йаздо пачхьалкхан "Чечен-Инфо" агенталло.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь эксперташа масийттаза дIахьедина ма-хиллара, Нохчийчохь йеххачу хеначохь КадыровгIеран доьзалан культ йу кхуллуш. Украинера тIом болабелчхьана республикехь "Север-Ахмат", "‎Восток-Ахмат", "‎Запад-Ахмат" и "Юг-Ахмат" батальонаш кхоьллира (хьалхарниг полкан бараме кхачалц шорйира). Цул сов, "Ахмат" – иза Оьрсийчуьра йерриг регионашкара лаамхой шайх олучийн эскаран тобах олу, царна буьйралла деш Алаудинов Апти ву. Масех бутт хьалха "ЛНР" шех олучун дозанехь кадыровхоша шайн дарбан цIа схьаделларх дийцира – цуьнан цIе "Ахмат" тиллира.

Нохчийчохь 346 урам бу КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIерш техкина, тIаккха церан цIерш хийца атта хилийта Iедало ур-атталла меттигера низамаш а хийцина, йаздо "Би-би-си-н оьрсийн сервисо". Масала, гIадужу-баттахь Курчлойхь бюджетан ахчанах йоьттина йолу филькультурин-спортан комплекс дIайиллира. Кадыров Элин цIе тиллира цунна – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан кIентан.

Хьалхо Кадыров Ахьмадан 71 шо кхачарна лерина хIитточу барамийн план тIечIагIйира Iедалхоша – цу юкъахь нисъелла 364 кеп-кепара акцеш, массара а дIахIиттийна ден ламазаш а, социологин хаттам а, чIерийлецархойн къовсам а.

  • Украинера тIом болабелчхьана Кавказ.Реалиино Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а кхалхар тIечIагIдинчу нехан тептар ду хIоттош. Карарчу хенахь йевза 1527 вийначун цIе, царах 140 – Нохчийчоьнан бахархой бу. Официалехь дийциначул а масехазза дукха ду иза: "Кавказский Узелан" хаамашца, гIадужу-беттан 14-хь болчу хаамашца, Iедало 29 стеган кхалхар бен тIе ца лаьцна.
  • Бакъоларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаре бо заьIап нах, хан тоьхнарш а. Нохчийчохь кегийрхой лечкъабо, харц бехктакхаман гIуллакхашца кхерамаш а туьйсуш, Украине баха декхаре бо, йа даккхийра ахчанаш доьху маьршаваккхарна дуьхьал, чIагIдо оппозицин 1ADAT боламехь.
  • Оьрсийчоьнан юьртарчу кегийрхойн юкъаралиина юкъайогIучу Нохчийн регионалан дакъо хIоттийна "Оьрсийн Пачхьалкхан хадеш болу Нохчийчоьнан КIентий" цIе йолу проект къобалйира Культуран инициативийн президентан фондо. Лахьан-беттан 1-хь йолайеллачу, 2023-чу шарахь йоьрзур йолчу этапана лерина 19,9 миллион сом хьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG