Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 16 йезачу машенашца совгIаташ дина Украинерчу тIамехь "баккхий кхиамаш бахарна" ницкъаллин дакъойн командирашна. Нохчийчоьнан урхалхочун Соьлжа-ГIаларчу резиденцихь совгIаташ доькъуш дакъалецира "Ахмат-1" ОМОНан командиро Шавхалов Алихана. "Президенто хIиттийна Iалашонаш" кхочушйан кIира хьалха вахийтинера иза тIамтIе.
"Со кхета, шун машенаш йу, амма уьш карлайаьхча дика ду шуна. Аша кIезиг хан йойу цIахь хилийта, даим йа цигахь, йа дIогахь хила деза шун. Оцу безачу тIамехь дакъалоцучарна сайн са дIадала со суа а ву кийча", - аьлла Нохчийчоьнан урхалхочо.
Соьлжа-ГIалара Кадыровн резиденци хьалха керлачу "премиум-классан" арахьарчу пачхьалкхийн машенийн урхалла деш гуш ву Шавхалов, ишта "Ахмат-Грозный" ОМОНан командир Бисаев Анзор а. ГIадужу-беттан 26-чохь Кадыровс шен телеграм-каналехь дIахьедира, "шайн командиро Шавхалов Алихана куьйгалла а деш" Украине тIамтIе бахна "Ахмат-1" ОМОНан декъан эскархой. Нохчийчоьнан куьйгалхочо йаздира, оьшу инструктаж цуо ша дIахьо тIемащ боьлхучу меттигехь, шаьш дола дечу дозанаш тIе уьш боьлхучу заманчохь. Оцу декъо тIамехь цхьана а тайпа кхиамаш бахарх хIетахь дуьйна бина хаам бац.
ТIаме эскархой хьовсочу хенахь Нохчийчоьнан урхалхочо дийцира, Шавхаловн "элитан" декъана "мел оьшург долуш ду", цуьнан куьйгакIел болчийн "кху заманан герз а, гIирс а бу", иштта "экипировка а, молханаш а, йуург а, техника а" йу аьлла. Оцу йукъанна марсхьокху-баттахь Нохчийчуьра эскархоша латкъамаш бира Кадыров Рамзане тIамехь хьал шайн гIад дайна хиларх.
- Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолхаь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а. Нохчийчохь кхоьллина йолчу "Ахмат" тобанан "лаамхочо" дийцира, Украинехь кадыровхоша дуккха а тIеман зуламаш лелийна хиларх. Цунах дуьйцура оккупацехь лаьттинчу украинхоша а.
- Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Медведника тIечIагIдира, Бахмутана гергахь тIемаш беш "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат" дакъош хилар.
- Нохчийчохь куп тоьхна Росгвардин дакъош формалехь федералан урхаллина чудогIуш ду, амма ма-дарра аьлча, уьш Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду.