ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мальсагова: Нохчийн тутмакх вийна Красноярскан кIоштарчу колонехь


Оьрсийчоь -- Красноярскан кIоштарчу колонехь, 18ГIад2010.
Оьрсийчоь -- Красноярскан кIоштарчу колонехь, 18ГIад2010.

Кху деношкахь цхьацца гIирсашкахула дIасабаьржина, Красноярск кIоштахь нохчийн тутмакх Магомадов Ислам вийна аьлла хаам. Иза 22 шарна чувоьллина вара 2006-чу шарахь Кондопога-гIалахь хиллачу девнехь дакъалаьцна аьлла.

Хан кхайкхийнчул тIаьхьа, набахтеш хийца а хуьйцуш, валлийна иза, ма-хуьллу тIехь ницкъ а беш. ХIинца, ша шена хорам а бина, ирахъоллавелла бохуш дуьйцуш ду официалан версица. Цуьнах ца теша Исламан да Магомадов Сайд-Эмин.

Магомадов Сайд-Эмин: «Хьалаоллавелла бохуш дуьйцуш ду. Я оцу хьола тIе иза ваьккхинехь а. 7 минот бен камери тIехь дерг гойтуш а дац. Важа хIунда ца гойту ца хаьа. Цара иза Норильске дIавигнера Iаткъам беш.

Суна и гIуллакх кхуза кхаьччий бен хиъна а дац. ЖIаьла тIехоьцуш, камери чувуллуш, цу чу газ хоьцуш, ламаз ца дойтуш хIума лелийна. Цкъа элира цо соьга, кхара хIун леладо ца хаьа шена, ша дарбанан хIусаме охьавилла гIерташ бу. Ша могаш а ву. Я цхьа синIаткъам бо маха тоьхнехь суна-м ца хаьа».

Магомадов Ислам, рогIера нохчийн жима стаг, набахтехь вер дукха нахана халонга даьлла. Тутмакхийн гIуллакх лелочу бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета иштта элира оцу гIуллакхах.

Мальсагова: «Дала декъалвойла Ислам. Соьга дукха наха телефонаш йиттина цуьнах дика дешнаш олуш. Иза шайга «каг ца велча» вийна цара. Дала мукъ лахь, ас царна дуьтур дац иза. Со тIаьхьараер яц царна.

Цуьнан гергара нах-м хIетте а бевр хир бац. ХIора шарахь набахтера Нохчийчу 2 дакъа ца дохьуш хуьлуш дац. Наггахь 4-5 а хуьлу. Шайн чекхдолу дела леладо цара иза. ХIинцачул тIаьхьа, Дала мукъ лахь дер дац».

Масех де хьалха юкъаралхочо Шевченко Максима Оьрсийчоьнан президентаца Путинца хиллачу цхьаьнакхетарехь айдинера набахтешкахь бахкочу бусулбанийн хаттар. Церан хьал чолхе хилар а, царна хьакхин жижиг даош а, ламазаш дойтуш цахилар а довзийтира цо. Путина ла а доьгIна, оцу харцонашна дуьхьало ян еза аьллера.

И цхьаьнакхетар хилале, Нохчийчуьра Iедал а меттахдаьллера набахтешкахь Iазап ловчу нохчийн масалш гулдеш ду аьлла. Ватсап чохь кхайкхам а бира цхьана даржахочо, ма-хуьллу сихха уьш гул а дина, республикин куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хьалха охьайилла езаш ю и справка аьлла.

Цхьажимма а Оьрсийчуьрчу набахтешкахь долу хьолан бала кхаьчначарна дукха дика хаьа, цигахь уггаре а бала хьоьгурш кавказхой буйла, хьалхарчу меттехь нохчий а болуш. ХIинца и хьал хийцалур хиларх теша боху бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета. Жимма вас хилла-м ю иза Шевченкос Путине и гIуллакх даккхалц, шаьш мел кхайкхадарх, цхьаьннан а бала цахиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG