Коронавирусна дуьхьал прививкаш йина шаьш аьлла, мах белла харц сертификаташ эцначу итт сов стагана нуьцкъаша вакцинаци йина Нохчийчохь, хаам бина Baza телеграм-канало.
КIира хьалха Соьлжа-ГIалахь каравеара 63 шо долу Тучаев Джамалайла. Бакъоларъяран органийн версица, бух боцуш харц кехаташ деш хилла цо, вакцинаци йарх тоьшалла деш.
Камерана хьалха дIахIоьттинчу цо дIахьедира "ша нийса цахиларх". Цуьнца цхьаьна полицин декъе валийнера цунна гIо дина ву аьллачу шеконшаца Дудаев Алихан а. Тучаевна стенна оьшу а ца хууш, латтийра ша цунна бланкаш аьлла, дийцинера цо.
Масех де даьллачул тIаьхьа полисхошна къаьстира, вакцинаци ца йойтуш, Тучаевгара сертификаташ эцначу Нохчийчуьрчу бахархойн цIераш. ХIораннан цIа а оьхуш, кхерамаш тийсира царна тIаьхьа хиндолчун, "шайн лаамехь" прививкаш цара яйта езаш хилар тIе а дожош. Реза хила декхаре бира уьш.
- Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.
- Вакцинаци ярх карах тоьшалла доцуш, ярташка а ца дуьту шаьш, бохуш денна хаамаш бо Нохчийчуьрчу бахархоша. Шайн латкъамаш баржабо цара суьрташца а, видеошца а. Машенлелорхошка сертификаташ хоьтту бохург бакъ ца до республикеру некъан полицин урхалло.