ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан маршо йийцира Ганноверерчу гайтамехь


Нохчийн байракх Ганноверерчу гайтамехь.
Нохчийн байракх Ганноверерчу гайтамехь.

„Цхьа де догIур ду, Нохчийчоь, хьо езарна мел эгна хьайн бераш ахь хIора а цIарца дагалоцуш"- иштта йоза ду немцойн Ганновер гIалин урхалла дечу Ратхаус олучу кхерчан учийн пена тIехь хьалаоьллинчу цхьана сурта тIехь яздина гуш. Цхьа кхечунна тIехь ду „Маршо“ аьлла яздина гуш, ткъа дехьа кхин цхьанна тIехь го „Нохчийчоь маьрша хир ю“ аьлла йоза.

„ОьгIазлонан а, гIайгIанан а йозанаш“ аьлла ю кху деношкахь Ганновер гIаларчу ратхаус олучу гIалин урхаллин кхерчахь дIахьош болчу тIемаш болчу мехкашкарчу я дешан маршо йихкинчу пачхьалкхашкарчу журналистех а, яздархой а дуьйцуш, церан кхолларалла гойтучу сартийн а, видеойн а гайтаман цIе.

Нохчийчуьра а, Шемара а, Китайра а, Тунисера а, Бангладешера а яздархой а, дешан маршонехь къийсархой а бу цу гайтамехь меттигерчу бахархошна бовзуьйтуш. Германехь политикан тховкIелонца я Iедалан исбаьхьалхошна белшашгIорторан программица тIеэцна, цу пачхьалкхан тайп-тайпанчу гIаланашкахь бехаш болчу исбаьхьалхойн сарташца а, тексташца а портреташ динарш бу Ганноверерчу университетан журналистикан факультетан студенташ.

Оршот сарахь вернисаже хьажа еана яра немцойн Лахара Саксони лаьттан Iилманан а, исбаьхьалли а министр Хайнен-Кляйич Габриэла. Шен къамелехь цо хьахийра, къаьстина вайн заманчохь, бакъдерг фейс-ньюсех къастон вуно халчу даьллачу хьолехь чIогIа мехала ду, шайн дахарна кхерам болшехь бакъдерг дуьйцучуьра ца совцуш болу кхечу мехкашкара яздархой а, журналисташ а немцойн юкъараллина бовзийтар, бохуш.

Хайнен-Кляйич Габриэла: „Карарчу хенахь Европехь аьтто-радикалечу а, националистечу а ницкъийн кхиамаш тидаме эцча кхин а мехалох хетало вай вешна юх-юха а карладаккхар, мел кхераме тIаьхьалонаш хуьлу дешан маршо, исбаьхьаллин маршо ехкаран. Таханлера гайтам санна йолчу проекташа гойту вайна, вай гуманитараллин гIароллехь латта декхарийлахь дуйла.

Демократин Германи шозлагIа Даймохк а хилла дIахIоьттина доллучу дуьнентIера тховкIело а, кхерамазалла а лоьхуш болчу яздархошна. Иза дика а ду. Уьш кхузахь бехаш а, болх беш а бу, амма уьш иштта шайн Даймохк маьрша хилийтарна болх беш а бу. Вай ирсе ду, вайгахь цу нахана кхерамазалла а, маршонехь белхаш бан аьттонаш а бан а йиш хиларна“.

Немцойн яздархойн ПЕН-центр олучу юкъараллица цхьаьна болх барехь кхоллаеллачу цу вернисажехь цхьа могIа цхьаьнакхетарш а, литературан ешарш а, подиуман дискуссеш а ю дIахьош.

Шинаридийнахь Ганноверерчу литературан кхерчахь дIадаьхьира вернисажан турпалхой болу яздархой а, журналисташ а декъа а болуш „Демократи а, дешан маршо а“ цIе йолу цхьаьнакхетар. Кхаари дийнахь дIахьур ю „Кхин дIа а яздан. ОьгIазлонан а, гIайгIанан а йозанаш“ цIе йолу литературан суьйре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG