ХIора шеран чаккхенгахь тIеман къахьо Iаьвшинчу дукха нохчийн, ма-хетта самукъа ца долу. Кхечарах дIатарбала мел гIертарх, уьш цхьана хенахь шайн ойланийн йийсаре боьлху. Дагалецамашкахь карлабуьйлу тIемашкахь белларш а, лазийнарш а, лайна баланаш а. Цхьаберш беллачеран синошна хьалха юьхьIаьржа а хуьлу, беллачарахдийна берш хьоьгу зама хир ю баьхнехь а.
23 шо кхечи Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь Соьлжа-ГIалахь оьрсийн эскаршца уггаре а коьрта тIеман тасадалар хилла. Оцу деноша дуккха а хIума къастийра. Гайтира оьрсийн эскар мел говза ду а, царна дуьхьал тасабеллачу нохчийн гIора а, доьналла а.
ХIоранна шен-шен дагалецамаш бу оцу денойх лаьцна. Оьрсийчохь веха Дараев Ислам а хилла оцу тIама юкъахь. Баккхийчара бинчу кхайкхамна ара ца девлча ца довлура шаьш, элира цо: «Дуьххьара тIом болабелча тхан юьрта юкъахь нах вовшахкхеттера. Иза дара хьуна гIуран беттан 14 де. Мохьмад цIе йолчу цхьамма, стаг верг гIазотехь аравала веза элира. Тхо 30-40 валахь а гулвелира. ГIалахь суна дагадогIу хьийзаш хIаваъ кеманаш дара.
Девкар-Эвлара схьаетташяьккхий тоьпаш яра. ДОСААФ олучу меттехь лаьтташ йоккха топ яра вайчеран. Цара а яра дIаетташ иза. ТIам тIе даха вовшахкхетта тхо ду, герз долуш а, доцуш а, цхьаьннан чета доьллина жIоммагI ду. Ас ойла йира тIаккха,дуьне а кхералучу эскарна дуьхьало ялур юй теша тхоьга аьлла».
Чекхдолучу шеран тIаьххьара денош чекхдовллалц а, нохчийн сатийсам бара кхин генабер бац иза, кхечу пачхьалкхаша Оьрсийчоьнна Iаткъам а бина, иза сацабойтур бу аьлла. Цундела ша верриге а, жима а, воккха а радиошна тIе лерг диллина Iара.
Кхано тIаьхьо бен ца кхеттера нохчий, шаьш оцу инзаре къизачу ницкъана дуьхьала цхьалха дуйла. Iамарко а, кхечу пачхьалкхаша а Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду иза аьлла мах хадийнера.
Нохчий шаьш амалца фаталисташ балахь а, оцу лайначу а, ловчу а баланийн бахьанех кхета.
Жима къам доккхачу къомо даима шена кIела хьаша гIерташ хьийзадо. Иза исторехь хуьлуш хIума ду, аьлла иштта мах хадийраюкъаралхочо Кокананаев Руслана: «И тIом болабарах со ца кхеташ а, со дуьхе ца кхуьуш хIума дацара. ХIара халкъ охьа а таIийна, кхечу мехкашна дIа а гойтуш, и тIом бан кечделла дара оцу хенахь хилла Iедал.
Имперехьдаима хуьлуш ду:толаман жимчу тIамо, яккхий Iалашонаш кхочушйо. Таттаделла эскар чу а деана, тIом а бина, чуьра ара а делира. Оцу тIамехь дакъалаьцна могIарера кегий нах а, церан баьччаш а къонахий санна, Далла дуьхьала дIа а бахара. Халкъ бехке дацара оцу хIуманна».
Хиллачу тIемийн бахьанех нахалахь дийцахь а, шуьйра уьш толлуш а, царах жамIаш деш дац Нохчийчохь. Дижийна ду и гIуллакх.
Цуьнах шена хетарг элира историк-яздархочо Ибрагимов Ризвана: «Вайна тIехь лаьттачу Москохара Iедало дихкина дуоцу тIамах лаьцна дийцар. И шайн бехк къайлабахьар а, адамашна цахаийтар – церан программа ю. Нохчийн Историн Юкъараллехь а дихкина ду и хIума дийца. ХIунда ду хьуна аьлча: оцу тIамо вай шина декъе декъна. Вай иза кегийча, вайн барт хир бац».
И хиламаш бийца а ца буьйцуш, бицбан гIертар дика дуй тIаккха? Кхана-лама юха а оцу берда йисте хIуьттур-м дац вай, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира Ибрагимовс: «Ахь нийса боху иза. ХIетахь вайн хилла гIалаташ тахана юха а довлийта кхерам бу. Ма-дарра дийцича, кхачамболуш бан безаш болх бу иза.
ХIинца-м хьалха санна вайн къам Iехалур ду аьлла ца хета суна. Вай ма-хуьллу, тIама юккъе кхийсарх лардала дезаш ду-кх вай».
Нохчаша къаьсттина доьху Деле машар а, шаьш юьхьIаьржонах лардар а. Иштта ю нохчийн коьртачу мехаллех цхьаерш.