ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн бакъонаш жигара ларъян дагахь бу Австрера зударий


Вена -- Зударий боламан жигархо Шолль Сюзанне.
Вена -- Зударий боламан жигархо Шолль Сюзанне.

Зудчунна я берана ницкъ бар – иза пачхьалкхан юстицино туьканахь цхьа йораха бехчалг лачкъорал пайдабоцуш лору, и зулам динчарна тухуш долу гIуда а къола динчунна тухучул дуккхаъ кIезгох ду. И хьал кхиинчу пачхьалкхашкахь кхианза йоцучу пачхьалкхашкахь санна ледара ду. Цунна дуьхьал аз айдинера кху деношкахь Австрерачу бевзачу яздархоша.

„ТIаьхьара сан собар кхачийнарг – иза, вайна массарна а хууш ма-хиллара, Грацерачу кхело цигахь цхьа кхиазхо хьийзина волу зуламхо, когах буржал а тоьхна, ур-аттала цхьа де набахтехь а ца доккхуьйтуш, маьрша ваккхар дара“, - элира Венерачу Шаушпиельхаус театрехь цхьанакхетаралла дIадолийна хиллачу евзаш йолчу австрихойн журналисто а, яздархочуо а Шолль Сюзаннес.

И цуо дуьйцуш долу зулам кху тIаьхьарчу беттанашкахь шуьйра дийцаре деш ду Австрехь. Цхьана гIеметта хIоьттинчу стаго сийсаз йина хилла шайн лулара 13 шо долу йоI. ТIаккхха эххара а кхеле озийна волу и стаг, кхело еккъа цхьа иза мича воьду, цуо хIун леладо, иза мичахь ву мичча а хенахь полисхошна къасто аьтто луш йолу электро-буржалш когах а йихкина, цIавахийтина, набахтехь а йоцуш, арахь яккха ах шо хан а тоьхна.

Цул тIаьхьа цуо аппелляци йича, и ах шо а шина баттана кIезгадина. Ткъа шена ницкъ бина волу и стаг хIора дийнахь лулахь гуш шега ца лало, ша цунах кхоьру, бохуш, латкъамаш бечу цуьнан закъалтан аппеляци кхело терго а ца еш, йитина.

И тайпа зудаберан а, зудчуьн а, берийн а дегIана беш болу ницкъ пачхьалкхана низаман терзанна тIехь сел борах лоруш хилар,- ткъа и тайпа хIума кхиинчу пачхьалкхашкахь хуьлуш хилча-м муххале а, - инзара валлал хIума ду.

Шен къамелехь Шолль Сюзаннес тидаме диллира, нагахь санна 12-15 евро доьхуш йолу цхьа тIелхиг цхьаммо туьканара лачкъаяхь, цунна 100 евро гIуда туху, ткъа шозлагIа цуо иза дахь, иза масех баттана набахте вуллу, аьлла. Амма нагахь санна берашна я зударшна маьттаза ницкъ бина стаг гучувалахь, цуо иза массийтаза динехь а, цхьа де а набахтехь даккха а ца тухуш, арахь яккха хан тухий, шен цIа вохуьйтуш нисло.

И хьал зударий а, бераш а боьршачу нехан оллалехь долчу къечу пачхьалкхашкахь хилла ца Iа, бохуш, дийцира гулбеллачара. Иза Европехь а ду, Цхьанатоьхначу Штаташкахь а ду, Оьрсийчохь а ду.

Дуккхаъ шерашкахь Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а белхаш бина а, Нохчийчуьрчу тIамех лаьцна масех киншка язйина а ю Сюзанне Шолль. Цуо Маршо радионе дийцира, ша карарчу хенахь нохчийн зударийн хьолах лаьцна керла киншка язъеш ю, бохуш.

Цу шен балхана талламаш беш хийлаза тIеIоттаелла ша, бохуш дуьйцу цуо, Iедалехь болчу я ах-бандиталлечу тIеман структурашкахь болчу наха тIаьхьарчу хенахь зударшна ницкъ беш хиларна а, зудчуьн дахар я сий цара аттачу даьккхина хиларна а.

Шолль Сюзанне: „ТIаьхьарчу шерашкахь хийлаза гIарадаьлла ма- хиллара, Нохчийчохь зудчунна маьттаза ницкъ бар -иза цхьаболчу ницкъаша ша-тайпа гIуда санна даржош ду. Керла ду цу хиламехь и ша-тайпа гIуда, масала, хIусамдай карош боцу я хIусамдай а, вежарий а тIаме баханчу зударшна и деш хилар.

Иза юкъараллийна тIехь боккха Iаткъам беш хIума ду. Зударий цхьанна долара, чохь садоцу хIуманаш санна, аттачу бохуш хIума ду иза, шена луург царна дан йиш а йолуш. Боллучу махкана а, юкхараллийна а, адаташна а, вайна массарна а йоккха катастрофа ю иштта долу хIума“.

Венерчу театрехь дIадаьхьанчу цхьанакхетараллехь дакъалоцуш бара дийна цхьа могIа цIеяххана, мехалчу литературан совгIаташца кхелина болу зударий -яздархой. Ткъа и исбаьхьа тоба вовшахтоьхнарг а, и цхьанакхетаралла цу кепара дIадахьа дагадеанарг а ю Орсийчуьра орамаш долу австрихойн евзаш йолу яздархо Рабинович Юлия.

Иза дуккха а шерашкахь Австре бевдда оьхучу нохчийн мухIажаршца талмаж санна белхаш бина ю. Ницкъ биначу нахана, уьш мичча къомах белахь а, муьлха а дин лелош белахь а, гIо дарна цхьа некъ бен бац, элира цуо Маршо радионе- цаьрца къинхетаме хилар, царна синошна дарба дечу лоьрийн гIоьнца терапи яр бен, аьлла.

Рабинович Юлия: “Соьга хаьттича, коьртаниг – цу нахах къехка а ца къехкаш, цаьрга раз а ца хьоьжуш, цаьрца къинхетаме хилар ду, цу зуламан закъалт хиллачу адамна „Хьан бехк бац хьуна, хьуна дуьхьал зулам дарна. Иза хьан бехк болуш хилла дац хьуна“, - боху сигнал ялар ду вуно мехала.

Рабинович Юлия
Рабинович Юлия
​ХIунда аьлча, юкъараллехь шаьш емал дар кхоьруш, дукхахберш баххане я полицин тIе а ца боьлху, я шайна хилларг хьахон а цабоьхьу, шаьш бехке ларар кхоьруш.

Иштта хазанесанна мехала ду, уьш тIебаха, царна шайца хилларг дийца меттигаш кхоллар, Диакония хуьлда иза я Каритас я кхиерш, мехаза психотерапия царна ян аьтто берш. И санна долу гIо царна ца дахь, уьш шаьш ларор бац шайна хиллачух чекхбовла“.

Дуьне а цецдаьлла ду тIаьхьарчу беттанашкахь Индера кхочучу костанехь. ХIора денна аьлча санна тобанашкахь боьршачу наха маьттаза ницкъ бина зудчунна, боху хаамаш кхочу цигара. И санна цхьа зулам дина волу боьрша стаг лаьцна, набахте ша воьллича, иза кхеттане а кхеташ а ца хиллера, ша лаца стенна лаьцна, шегара даьлла хIуммаъ ма дац, бохуш. „Вай, хьизийнарг ша ма ю бехке, - аьллера цуо, доггах цец а ваьлла.

„Со жима волуш дуьйна хийла хезна суна цхьаъ я важа хьийзинера, аьлла, амма цкъа а суна хезна дац, иза оьзда, сийдолуш, ларам бан богIуш зуда хилла, бохург. Нагахь санна хьийзинехь, иза и дан хьакъ хилла олуш хезнера суна“, - аьллера шен адвокате цу жимачу стага.

Юкъараллехь закъалтах бехкенарг веш хилча, ткъа кхело зуламхочуьнца закъалтаца чул а алсам озабезам лоцуш хилча, и тайпа зуламаш кхин дIа а я цхьа пайдабоцу хIума сан тIеоьцуш хир ду юкъараллехь, Австрехь а, Индехь а санна. Я мелхо а, цхьаццайолчу бусулба пачхьалкхашкахь санна, закъалтин бехк болуш санна, ше мискаллийний, гIелаллийний цунна ницкъа бинехь, цунна эхь долуш санна, зуламхочунна а доцуш, тIеоьцуш хир ду, аьлла яра гулбеллачийн юкъара ойла.
XS
SM
MD
LG