ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харц хаамех чIогIа теша нохчий


„Швецера Мальмо гIала бусалбачу мухIажарийн банданаша карайирзина. Эзарнаш мухIажаршна шайн дола яьккхина и гIала. Вовшашца а тIаьхьа тIемаш бечу бусалбачийн банданаш дIалаьцна цу гIалахь урхалла. Хила деззарг хилла толерантечу шведхошна“.

„Испанехь оьрсийн 13 шо долу йоI шен дегI дохка декхаре йина хилла Iарбойн мигранташа. Цуьнга пайдабоцучу мехах яцош хилла иза луларчу туькан долахоша. Вайн оьрсийн йоI кIелхьараяккха еза вай!“.

„Литвахь НАТО тIеман альянсан могIаршлахь Вилнюсе кхаьчначу немцойн бундесверан салташа 10 шо долу бер хьийзина“. Иштта ду деккъа кху тIаьхьарчу цхьана кIирнахь интернет-сайташна тIехь а, социалан машанашкахь а оьрсийн маттахь яржийначу фейк-ньюсийн а, я нохчийн маттахь аьлча харц-керлачийн боца чулацамаш.

„Аьшпаш ирчох мел хуьлу а, царах нах аттох теша“ боху мацахлерчу КхозлагIчу Рейхан пропагандин министран Геббелсан девиз юхьаралаьцча санна долу и харц-керланаш доккхачу декъехь Европерчу мухIажарш тIеэцаран политика сийсазйеш а, Малхбузехь оьрсашна, къаьстина оьрсийн берашна гIелонаш еш хилар даржон гIерташ а, ткъа иштта Европин кхерамазалла хьаша а, и кхерамазалла Iалашйеш болу ницкъаш, бундесвер, масала, зуламхойн банда санна гайтархьама баржош а хилар гуш ду тIе ма хьаьжнехь.

Делахь а, эзарнашкахь а, бIеннаш эзарнашкахь а цу аьшпех теша а тешаш, уьш кхин дIа а баржабо интернет лелорхоша. Шайна юккъехь, ала дашна, мел тамашийна иза хеталахь а, оьрсийн пропагандин харцонаш совтIех евзаш болу нохчийн а болуш.

Иштта, масала, Швецерчу Малмё гIалахь бусалбачу мигрантийн банданаша Iедал дIа а лаьцна, вогIург а, воьдург а хьийзош, бахархошна рэкет а еш, зударшца эвхьаза а буьйлуш, урамашкахь гаррехь герзаш дIаса а детташ, лелаш ю боху харц-хаам тIаьхьарчу масех дийнахь нохчаша вуно жигара вовшашка дIасакхоьхьуьйтуш бу ватсапехула.

И хаам цара тIера схьаэцна йолу сайт а ю схьагуш – „Царь Град“ цIе йолу оьрсийн шовинистийн сайт, ша шех „духьарлера бакъйолу оьрсийн сайт“ олуш йолу.

Кхин дIа мел берш ца хьехийча а, нохчаша и „Царь Град“ а, иза санна а йолчу сайташ ешар а, цара цу тIехь зорбане йохучу фейк-ньюсех вайнах тешар а, тIехула тIе вайнаха и церан аьшпаш кхин дIа баржош царна гIодар а стенца доьзна ду теша?

Сел маргинале, ур-атталла шаьшна оьрсашна юккъехь а жимма интелектуалечу нахана дош ца хеташ, я еша хьакъ ца хетачу сайташкара информаци эца а вайнахана муха дагадогIу-те? И хаттарш жоп доцуш дуьсуш ду.

Цу юкъана, оьрсийн къайлахчу сервисаша а, интернет лелочу юзерша а яржочу фейк-хаамех хуьлуш долу зенийн барамах кхетта эххар а Европера урхаллаш а, Iедалан векалш а. Цул совнаха, хIинцалца схьа шайн юзерша харц хаамаш баржор доккхачу декъехь тергал а ца деш дуьтуш хиларца вочу агIор гIарйаьлла хиллачу Фейбука а эххар а ша фейк-ньюсашца къийсам болон дагахь хилар дIахьедина.

Мел кIезга, немцойн махкахь дуьненчохь уггаре а шуьйра яьржина йолчу социал маша лелорхойн аьтто хир бу, кесталгIа шаьшна шеконе хетачу хаамашна Фейсбукан белхахошка хаам бан. Цул тIаьхьа леринчу цхьана тобано и хаам харц-бакъ хиларна теллинчул тIаьхьа Фейсбуко шеконе чулацам болуш буйла гойтучу хьаьркаца массарна а гуш билгалбоккхур бу и хаам.

Цул совнаха, Германин урхалло кечдеш ду керла низам, шайн агIонашна тIера фейк-ньюсаш дIа ца даьхначу сайташна ахчанийн гIуданаш тохар юккъедоккхуш долу.

XS
SM
MD
LG