Мусаева Заремаc – бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нанас, Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан хиллачу суьдхочун Янгулбаев Сайдин зудчо – дуьххьара кехат яздина шен кIанте Соьлжа-ГIалара СИЗО чуьра. Цо шен телеграмерчу каналехь гайтина иза.
Мусаевас дуьйцу, шега дуьненан маьIIашкара кехаташ кхачарх лаьцна, довха дешнаш олуш, берриг доьзалах баккхийбер а хоуьйтуш. Ша кхин кхаа зудчуьнца камерехь латтош ю, шега уьш дика хьожу шен лазар бахьанехь, бохуш яздо цо. Иштта цо билгалдоккху, СИЗО-н белхалой тергаме а бу, шеца дика юкъаметтиг а лелайо.
Янгулбаев Абубакара дийцина Кавказ.Реалиига, иза шен ненера кхаьчна дуьххьара кехат хилар.
Ишта делахь а, кхинболчу доьзалца Оьрсийчуьра дIавахначу бакъоларъярхочо дуьйцу, санцкеш бахьанехь хIоьттинчу кхачамбацарех лаьцна – дозанал арахьа волуш аьтто бац "ФСИН-письмо" официалан системехула кехат хьажорна мах дIабала, хIунда аьлча, арахьара картанаш тIе ца оьцу Оьрсийчохь.
"Адвокатера суна хаьа, иза сахаран диабет бахьанехь вочу хьолехь юьссуш юйла. Кхин а Украинерчу хьоло а халчу хIоттайо иза, цигахь хуьлчунна саготта ю иза. Цул сов, 2014-чу шарахь Оьрсийчоьнах полицин пачхьалкх хиллехь а, тахана иза тIеман пачхьалкх ю, шена чохь бакъонна биссина меттиг а боцуш. Дуьненаюкъара органийн муьлхха а хьехарш тIелоцуш яц Оьрсийчоь, цундела сан нанна дуьхьала даьккхина харц гIуллакх мича хьоле доьрзур ду ала ца хIутту со", - аьлла Янгулбаев Абубакара.
- Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородерчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да-нана дехачу петаре чулилхинера Нохчийчуьрчу МВД-н белхахой, цара бертаза Соьлжа-ГIала дIайигира цуьнан нана Мусаева Зарема, теше санна хеттарш дан юьгу аьлла. Дуьххьара чохь даккха I5 дей-буьйсий туьйхира цунна, полисхо сийсазвина аьлла, тIаьхьо бехктакхаман гIуллакх диллира – протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.
- Мусаева Зарема лачкъийна ши кIира даьллачул тIаьхьа бен адвокат тIе ца витира цунна.
- ДIасаялар доьхкуш, кхело сацам бечу юкъанна кхетамчохь ца хиллера Мусаева.