ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯнгулбаевгIеран доьзална тийсина кхерамаш талла реза ца хилла Нохчийчохь


Мусаева Зарема а, Янгулбаев Сайди а
Мусаева Зарема а, Янгулбаев Сайди а

Нохчийчоьнан Талламан комитетан Урхалла реза ца хилла бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална нохчийн лаккхарчу хьаькамаша тийсина кхерамашца боьзна "Iазапашна дуьхьало латточу комитета" хьажийначу орзанна тIехула талам бан.

"Iазапашна дуьхьало латточу комитетан" куьйгалхочо Бабинец Сергейс шега кхаьчна лакхара контролан-талламан декъан инсперторо Закаевс куьйг яздина кехат гIардаьккхина, "зуламан билгалонашна тIехьажийначу латтамех лаьцна информации шеца йоцу аьрзнашна, кхайкхамашна регистрации еш яц" аьлла балийна цу тIехь реза ца хиларан бух.

Бабинеца билгалдоккху, "Iазапашна дуьхьало латточу комитето" шен орзанна юккъехь ЯнгулбаевгIеран доьзална бойъур бу бохуш кхерамаш тийсина хилла пачхьалкхан думан депутатан Делимханов Адаман а, Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан а дIахьедарш далийнера.

"Ма-дарра аьлча, Закаев инпекторна а, цуьнан куьйгаллина тамашена хIумма а ца гина" оцу дешнашкахь, чакхдоккху Бабинеца.

Цо билгалдаьккхира, церан реза ца хиларна ша латкъам бийрг хилар.

  • "Iазапашна дуьхьало латточу комитето" кехат дахьийтале ши де хьалха лакхарчу инспекторо Закаевс жоп делира ЯнгулбаевгIарна кхерамаш тийсарца доьзначу кхечу орзанна, Янгулбаев Сайдин, Мусаева Зареман, церан доьзалхошкара аьрзнаш ца кхачарна таллам болон бух бац аьлла, ткъа цаьрга хатта аьтто бац "церан болу меттигах лаьцна хаамаш ца хиларна". Иштта делахь а, Мусаева Зарема Дечкен-беттан чекхенехь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латтош ю.
  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьлла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусам чу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларна, цуьнан зуда бен ца йигира Соьлжа-ГIала дIа.
  • Дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цултIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьала – дийцарехь, протокол хIотточу полисхочунна тIелетта, аьлла бехкейина.
  • Нохчийчуьрчу Iедалхошна Янгулбаев Сайдин, Мусаева Зареман а кIентий 1ADAT оппозицин телеграм-канал кхолларна а, лелорна а бехке хета.Чиллан-баттахь Янгулбаев ИбрахIим оцу каналехь арахецна материалаш бахьанехь гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхехула лаца кхайкхийра, цул тIаьхьа террористийн, экстремистийн реестре ваьккхира иза.
  • Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь Кадыровс шен телеграмерчу каналехь байъарца кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална. Дукха хан ялале цо юха а хазийра и кхерамаш видеокхайкхамехь.
  • Чиллан-бутт болалуш Делимхановс инстаграмехула эфире а ваьлла ЯнгулбаевгIеран доьзална а, иштта шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а кхерамаш тийсира, уьш бойъур бу бохуш. Кхерамаш тийса хIоьттира лаккхара нохчийн кхинболу нуьцкъахой а.
  • Чиллан-беттан 2-хь Соьлжа-ГIалахь ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьала гулам хIоттийра. Митингехь дагадора, хьоьшура, этIадора ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн суьрташ, иштта нисса дIа кхерамаш а туьйсура царна. Нохчийчоьнан Iедалхоша бахарехь, гулвелларг вара 400 эзар стаг. Ткъа боьзнабоцу тергамхойн хаамца, и нах ткъозза кIезга бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG